Соьлжа-ГӀала

Нохчийчура коьрта гӀала.
(Соьлжа-Г1ала тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 1 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2024, 3 сентябрь).

Соьлжа-ГӀала (оьрс. Гро́зный — цӀе тиллина Соьлжа эрках (нох. Соьлжа) + гӀала) — Российн къилбехьара Къилбаседа Кавказан гӀала, Нохчийн Республикин коьрта шахьар. Республикин маьӀна долу гӀала, кӀоштан чу ца йогӀу, кхуллу гӀалин гуо Соьлжа-ГӀала. Российн тӀемлойн сийн гӀала (2015 шеран 6 апрелехь дуьйна).

ГӀала
Соьлжа-ГӀала
оьрс. Грозный
Сурт
Байракх[d] ХӀост
Байракх[d] ХӀост
43°19′ къ. ш. 45°42′ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Регион Нохчийчоь
ГӀалин гуо Соьлжа-ГӀала
Йукъара йекъайалар 4 кӀошт, 1 поселок, 1 йурт
ГӀалин корта
ГӀалин мэр
Ибрагим Салманович Закриев, Хизриев, Заур Хайдарович, Кадыров, Хас-Магомед Шахмомедович[1][2][…]
Истори а, географи а
Йиллина 1818
Хьалхара цӀерш 1818-1869 — Грозная,
1869-1997 — Грозный,
1997-2000 — Джохар
Майда 324,16[3] км²
Центран локхалла 130 м
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 305 911[4] стаг (2020)
Луьсталла 943,7 стаг/км²
Къаьмнийн хӀоттам нохчий (93,7%),
оьрсий (3,30%),
гӀумкий (0,51%),
гӀалгӀай (0,37%),
жӀай (0,26%) (2010)[5]
Динан хӀоттам бусалбанаш-суннийш,
православин керстанаш
Бахархойн цӀерш Соьлжа-ГӀалахой, Соьлжа-ГӀалахо
Официалан мотт нохчийн
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 8712
Поштан индексаш 364000-364099
ОКАТО 96 401
Кхин
СовгӀаташ ЦӀен Байракхан орден, ТӀемлойн сийн гӀала
grozmer.ru
Картин тӀехь
Соьлжа-ГӀала картан тӀехь
Соьлжа-ГӀала
Соьлжа-ГӀала картан тӀехь
Соьлжа-ГӀала
Соьлжа-ГӀала картан тӀехь
Соьлжа-ГӀала

Лаьтта Соьлжа эркан шинне а берд тӀехь. Къилбаседа Кавказан уггаре йаккхийчехь цхьа гӀала: шолгӀа меттиг майданца а, кхоалгӀа — бахархошца (305 911[4] стаг 2020 шарахь, иза хуьлу республикин бахархойх 20,69 %).

Этимологи

бӀаьра нисйан
 
Маьждиг «Нохчийчоьнан Дог».

ГӀалин оьрсийн меттара цӀе:

  • 1818 — 1869 шеран 30 декабрь (керлачу рузманца — 1870 шеран 11 январь) — гӀап Грозная[6]
  • 1869 шеран 30 декабрь — гӀала Грозный
  • Нохчийн маттахь: «Соьлжа-ГӀала» (Соьлжа эрк + гӀала)[7]
  • 1998—1999 шерашкахь къобал йанза йолу Нохчийн Республика Ичкерин гӀалин терго латтош йолу администрацис, хийцира Соьлжа-ГӀалин цӀе Джохар-ГӀала Нохчийн Республика Ичкерин Президентан Дудаев Джохаран сийнна.

2000 шарахь къамелаш долийра тӀамо кӀезиг йохийна Гуьмсе коьрта шахьар дӀайахьа йеза аьлла, Нохчийчоьнан коьрто Кадыров Ахьмада дӀахьедира, Нохчийчоьнан коьрта шахьар Соьлжа-ГӀала йуьсур йу аьлла. Цуо дийцарехь, «Нохчийчоьнан йерриг истори уьйр йолуш йу Соьлжа-ГӀалица, цундела иза дехьайаккха мегар дац». 2005 шарахь нохчийн парламенто кховдийра Соьлжа-ГӀалин цӀе кхелхинчу президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах Ахьмад-ГӀала аьлла хийца. Иза тӀе ца ийцира Кадыров Рамзана[8][9][10].

Къилбаседа Кавказера гӀазакхийн сурхойн урхаллийн баьччан сацамца, 1818 шарахь «Крепость Грозная»[11] аьлла йиллина хилла йолу гӀопах Нохчийчоьнан коьрта гӀала хилира. ГӀаскхийн а, кхечу меттанашкахь «Грозный» олуш йара Нохчийн коьрта гӀала, амма нохчийн маттахь «Соьлжа-ГӀала» олура, Соьлжа хин тӀехь йиллина хилар бахьна долуш. ГӀап йогӀар бахьан, Нохчийчоь гӀода йукъера лоцуш, лаьмнех аренаш хада йеш, Нохчий кхера бан дара. Грозный гӀап йуьгӀира, хӀаллак йина Кули-Йурт, Алхан-Чу, Жима-Чечана, Соьлже лаьттинчохь. Боккха Кавказан тӀом чаьккха баьлча 1870 шарахь цунна йелла гӀалийн статус. Хьалхар тӀом чеккха баьллачулла тӀаьхьа Ичкерин паччахь Яндарбиев Зелимханс, Ичкерин хьалхар паччахьан безаман «Жовхар-гӀала» (оьрс. город Джохар) аьлла, цӀе хийцира. 2005 шарахь Нохчийчохь гӀаскхаш хоттийна[12] долу Ӏедалан парламенто дийцаре диллира гӀалийна цӀе Ахьмад-гӀaла тилла ният хилар, амма Кадыров Ахьмат-Хьаьжин кӀант Рамзанс иза тӀе ца лецира.[13]

ГӀап йиллина 1818 шеран июнь бетта 22 чохь, хӀаллак йина Кули-Йурт, Алхан-Чу, Жима-Чечан, Соьлже лаьттинчохь.[14] ГӀопан хаьржина меттиг йара ХьангӀала Ӏинан уллехь. ГӀап йогӀар бахьна дара, нохчий ХьангӀала Ӏинехула аренга долу ков къовлар. 5 эзар. гӀаскхийн сурхочо 4 баттахь йуьгӀира гӀап. И меттиг йара, Къилбаседа Кавказехь уггаре чолхе хьал лаьтташ, цуьндела тиллина йу гӀопан цӀе «Грозная» — буьрса. Ткъа г1алан статус йелча, г1алан ц1е "Грозный" аьлла тиллира. ГӀопан куц: нийса йалхкӀов, гондхьа 20 гӀулч шуьйра харш. йалхкӀовн хӀора маьӀаг чӀагӀо йара, шайна таьхьа лаьтташ йаккхий тоьпаш йолуш.

  • 1825 шарахь гӀап чохь сурхойн декхарш кхочуш деш вара Тенгинскийн дошлойн тобан лахар эпсар Михаил Лермонтов.
  • 1850 шеран октябрь баттахь гӀопе веар 32 шо долу Российн Империн гӀента дайн тӀаьхьeнах волу Александр Николаевич. Иза варан сийна гӀопехь дуьгӀийра «ЦӀе кеш».

ГӀаскхийн Ӏедало 2002 шарахь нахбагар барехь биначу белхашца биргалла даьккхина:

Къам Терахь, стаг %
нохчий 201 562 95,7
оьрсий 5 295 2,5
гӀалгӀай 2 129 1,0
гӀажарий 270 0,1
эрмалой 189 0,1
гӀумкий 158 0,1
суьйлий 110 0,1
украинаш 92 0,1
ногӀий 4 0,1
Берриге 210 720 100
Бахархойн дукхалла
1897[15]1913[16]1923[16]1926[15]1931[17]1939[18]1956[19]
16 00035 80049 20097 000148 915172 448226 000
1959[20]1962[16]1967[16]1970[21]1973[16]1975[22]1976[23]
242 068280 000331 000341 259363 000368 000368 000
1979[24]1982[25]1985[26]1986[23]1987[27]1989[28]1990[29]
375 326384 000390 000392 000404 000399 688399 000
1991[23]1992[23]1993[23]1996[26]2002[30]2003[16]2004[31]
401 000388 000364 000186 000210 720210 700213 700
2005[32]2006[33]2007[34]2008[35]2009[36]2010[37]2011[38]
215 700218 200222 000226 100231 215271 573271 600
2012[39]2013[40]2014[41]2015[42]2016[43]2017[44]2018[45]
275 627277 414280 263283 659287 410291 687297 137
2019[46]2020[4]
301 253305 911
Соьлжа-ГӀалин климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек. Шо
Юьззина максимум, °C 14,1 22,3 29,7 33,7 38,1 39,1 40,7 41,4 36,8 32,5 23,7 18,0 41,4
Юккъера максимум, °C 0,6 2,5 8,7 17,9 23,7 27,9 30,5 29,7 24,7 16,6 9,3 3,2 16,3
Юккъера температура, °C −3,2 −2,1 2,9 10,5 16,7 21,2 23,9 23,0 17,7 10,4 4,3 −0,8 10,4
Юккъера минимум, °C −6,2 −4,9 −0,5 5,4 11,0 15,4 18,2 17,2 12,7 6,1 1,8 −3 6,1
Юьззина минимум, °C −31,5 −30,8 −19,1 −7,6 −3,1 5,6 9,2 5,0 −2,7 −9,6 −23,5 −26,6 −31,5
Йочанан норма, мм 19 21 23 33 57 72 57 44 33 30 26 24 439
Хьост: «Гидрометцентр», «Thermo Karelia.Ru»

Библиотекаш

бӀаьра нисйан

Эшаран учрежденеш

бӀаьра нисйан

Транспорт

бӀаьра нисйан

Керла Соьлжа-ГӀалин аэропорт хьайиллира 2006 шарахь. Цуьнан код GRV йу. Хьалхара кема (Москва — Грозный) деара 2007 шаран 5 октябрехь. ХӀинца кеманаш Нохчийчу хӀор дийнахь лелаш ду (Грозный-Авиа компани).

ГӀарабевлла бахархой

бӀаьра нисйан

Соьлжа-ГӀалахь бинарш

бӀаьра нисйан

Соьлжа-ГӀалахь белларш

бӀаьра нисйан
Соьлжа-ГӀалин сурташ
 
 
 
Соьлжа-ГӀалин аэропорт (GRV) Соьлжа-ГӀала ТӀом. 1995 шо

СоьлжагӀалин чуьра кӀоштанаш

бӀаьра нисйан
 

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. https://grozgorduma.ru/глава/
  2. http://grozmer.ru/vlast/myer-goroda.html
  3. Генеральный план города Грозного. Положения о территориальном планировании. т.2. 10. Основные технико-экономические показатели генерального плана города Грозного. с.39.
  4. 1 2 3 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
  5. Том 4 книга 1 "Национальный состав и владение языками, гражданство"; таблица 1 "Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным районам, городским населённым пунктам, сельским населённым пунктам с численностью населения 3000 человек и более". ТӀекхочу дата: 2019 шеран 16 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 29 сентябрехь Архивйина 2015-09-29 — Wayback Machine
  6. Фотография крепости
  7. История г. Грозный (Соьлжа-Гӏала). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 5 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 12 сентябрехь
  8. Город Грозный. Справка. РИА Новости (20051214T1829+0300Z). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 16 ноябрь.
  9. Путин считает закрытой тему переименования города Грозного. РИА Новости (20051216T2145+0300Z). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 16 ноябрь.
  10. Парламент Чечни просит Путина переименовать Грозный в Ахмадкалу. NEWSru.com (2005 шеран 14 декабрь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 16 ноябрь.
  11. Грозный ГӀопан сурт
  12. Совместное постановление высших органов власти ЧРИ(ТӀе цакхочу хьажорг)
  13. Парламент Чечни просит Путина переименовать Грозный в Ахмадкалу
  14. Я. З. Ахмадов, Э. Х. Хасмагомадов «История Чечни в XIX—XX веках»
  15. 1 2 Кеп:Население/1897C
  16. 1 2 3 4 5 6 Кеп:Население/1897BK
  17. Административно-территориальное деление Союза ССР : [Районы и города СССР на 1931 год]. — Москва: Власть советов, 1931. — XXX, 311 с.
  18. Кеп:Население/1939AH
  19. Кеп:Население/1956A
  20. Кеп:Население/1959C
  21. Кеп:Население/1970E
  22. Российский статистический ежегодник, 1998 год
  23. 1 2 3 4 5 Кеп:Население/1994B
  24. Кеп:Население/1979D
  25. Народное хозяйство СССР 1922-1982 (Юбилейный статистический ежегодник)
  26. 1 2 Кеп:Население/2001G
  27. Народное хозяйство СССР за 70 лет. Юбилейный статистический ежегодник. Финансы и статистика, Москва, 1987 год. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 25 июль. Архивйина 2016 шеран 28 июнехь
  28. Кеп:Население/1989C
  29. Кеп:Население/2002AB
  30. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
  31. Кеп:Население/2004H
  32. Кеп:Население/2005M
  33. Кеп:Население/2006Q
  34. Кеп:Население/2007AC
  35. Российский статистический ежегодник, 2008 год. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 12 май. Архивйина 2016 шеран 12 майхь
  36. Численность постоянного населения Российской Федерации по городам, поселкам городского типа и районам на 1 января 2009 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 январь. Архивйина 2014 шеран 2 январехь
  37. Кеп:Население/2010W
  38. Города с численностью населения 100 тысяч человек и более на 1 января 2011 года. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 8 май. Архивйина 2016 шеран 8 майхь
  39. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
  40. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
  41. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
  42. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
  43. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  44. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
  45. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 25 июль. Архивйина 2018 шеран 26 июлехь
  46. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 июль.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан