Рапп Адольфан цӀарах совгӀат
Рапп Адольфан цӀарах совгӀат (инг. Adolph F. Rupp Trophy) — NCAA I дивизионан уггаре дика баскетболхочунна ло хӀора шеран совгӀат. Иза лорура студентийн баскетболера уггаре сийлахьчех цхьа совгӀат. Толамхо хоржу спортан журналистех, спортан функционерех а, тренерех а лаьттачу йозуш йоцучу экспертийн тобано. СовгӀат йукъадаьккхина, дуьххьара делира Лос-Анджелесера Калифорнин университетера Уолтон Биллан 1971/72 шарахь, ткъа дӀалора и совгӀат NCAA хьалхара дивизионан йеаннан финал йолчу меттигехь.
Рапп Адольфан цӀарах совгӀат | |
---|---|
инг. Adolph Rupp Trophy | |
Мохк | АЦШ |
Тайпа | СовгӀат |
Хьанна ло |
АЦШ студенташна йукъара баскетболан турниран уггаре дика ловзархочунна (NCAA 1-ра дивизион) |
Хьан ло | Commonwealth Athletic Club of Kentucky |
Статус | ло |
Статистика | |
Кхолларан терахь | 1972 |
Сайт | ruppawards.com |
Оцу совгӀатан урхалла дора Commonwealth Athletic Club of Kentucky — коммерцин боцучу кхолламо, цуьнан Ӏалашо йу Кентуккин университетан Рапп Адольфан тренеран тӀаьхье ларар.
2007 шарахь и совгӀат делла Дюрант Кевин, хилира дуьххьарлера дуьххьал ловзуш волу ловзархо и совгӀа деллачарах. Уолл Джонн 2010 шарахь, Дэвис Энтони 2012 шарахь и кхиам кхин а бира[1]. Верриг ши ловзархо, Уолтон Биллан а, Сэмпсон Ральфан а, йелира и хӀонс кхуз-кхузза, ткъа Редик Джей Джейн делира совгӀат шозза. Оцу номинацехь кхечарал алсама толамхо хилира Дьюкан университет (6-зза), Лос-Анджелесера Калифорнин университет (4-зза), Виргинин университет, Чапел-Хиллера Къилбаседа-Каролинин университет а, Блумингтонера Индианин университет а (3-зза). И совгӀат тӀаьххьара даьккхинарг ву Мадисонера Висконсинан университетера Камински Фрэнк.
Легенда
бӀаьра нисйанЛовзархо (X) | Титулийн барам |
Толамхой
бӀаьра нисйанХьажоргаш
бӀаьра нисйан- Rupp Trophy Winners (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 4 январь.
- Официальный сайт приза имени Адольфа Раппа (инг.). ruppawards.com. Commonwealth Athletic Club of Kentucky. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 4 январь.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Commonwealth Athletic Club of Kentucky (2007-03-27). Durant Named Player Of The Year. Пресс-релиз. Теллина 2007-03-28.