Регбех ловзаран Гуьржийчоьнан гулйина команда

Регбех ловзаран Гуьржийчоьнан гулйина командо мохк гойту дуьненайукъара матчашкахь а, турнирашкахь а регби-15 ловзуш. Командин тиллина харц цӀе «Лело» схьайолу регбех тера долчу гуьржийн ламастан ловзарх — лело бурти. Гуьржийн маттахь «лело» дешан маьӀна ду, нохчийн маттахь санна, чуяккха гӀертар. Гуьржийн регби езархойн уггаре даьржина мохь беттар ду — «Лело, лело, Сакартвело» («гӀорта, гӀорта, Гуьржийчоь»).

Гуьржийчоь
Логотип
Харц цӀе лело
Федераци Гуьржийн регбин союз
Коьрта тренер Леван Маисашвили д. кх.
Капитан Мамука Горгодзе
Уггаре дукха
ловзар
Давид Качарава (121)
Бомбардир (очкош) Мераб Квирикашвили (833)
Бомбардир (гӀортар) Мамука Горгодзе (26)
ЦӀера стадион Пайчадзе Борисан цӀарах Динамо-Арена
Форма
ГӀалат: тӀамарш нийса билгалйина йац турсийн, аьтту пхьуьйша, футболкаш.
ЦӀера
форма
Форма
ГӀалат: тӀамарш нийса билгалйина йац турсийн, аьтту пхьуьйша, футболкаш.
Резерван
форма
Хьалхара ловзар
Зимбабвен байракх Зимбабве 3 – 16 Гуьржийн ССР байракх Гуьржийчоь
(1989 шеран 12 сентябрехь)
Уггаре боккха толам
Гуьржийчоьнан байракх Гуьржийчоь 98 – 3 Чехин байракх Чехи
(2007 шеран 8 апрелехь)
Уггаре боккха иэшам
Ингалсан байракх Ингалс 84 – 6 Гуьржийчоьнан байракх Гуьржийчоь
(2003 шеран 12 октябрехь)
Дакъалацар 4 (хьалхара 2003)
Кхиамаш шиъ толам (2015)

Гуьржийчоьнан гулйина команда лору шолгӀачу тӀегӀанехь а, «Хай-перфоманс» категорехь а. Юкъатуху уггаре сиха кхуьучу дуьненан къоман командашна. Гуьржий дакъалоцуш бу Европин къаьмнийн кедан лакхарчу дивизионехь, толамхой хилла 2001, 2007/08, 2009, 2011 шерийн турнирашкахь. Гулйина командин дукхаха болу спортхой ловзуш бу Топ 14 а, лахара лигийн а французийн клубашкахь. Иштта практика юкъаяьккхира гулйина командин тренеро французо Сорель Клода. ТӀаьхьа Сорела болх бира российн командица — гуьржийн принципан къовсархочунца.

Регби уггаре а хьоме спортан тайпан юкъайоьду махкахь. IRB дуьненан кедехь левзина Регби-7 ловзаран Гуьржийчоьнан оцу дисциплинера гулйина команда, хилира оццул лакхара тӀегӀане яьлла мехкан дуьххьарлера регбин команда. Гулйина командо дакъалецира ДЧ-2003, цигахь левзира Францин а, Ирландин командашца. 2006 шарахь гуьржаша ловза бакъо яьккхира 2007 шеран дуьненан хьалхеяккхарехь. Дуьненан чемпионаташкахь дуьххьарлера толам баьккхира Намибица хиллачу матчехь, иза чекхъелира 30:0 чоьтаца гуьржий тоьлуш. 2015 шарахь дуьненан чемпионатехь гуьржаша дуьххьара иэшийра лакхарчу тӀегӀанера команда — Тонгин гулйина команда — 17:10 чоьтаца.

2019 шеран 9 сентябрехь гулйина команда яра IRB дуьненан рейтингехь шийтталгӀачу позицехь. Къоман союзо иштта гӀо лоцу шолгӀачу гулйина «А» командин гӀуллакхна.

Хьалхара матч шен исторехь Гуьржийчоьнан гулйина командо дӀаяьхьира 1989 шеран 12 сентябрехь Зимбабвен командин дуьхьала, туьйлира 16:3 чоьтаца. Ерриг очкош гулйина командехь ехира Дзагнидзе Нугзара массо а таро йолчу хьесапашца (минимум чутоха гӀертарехь, гӀуданехь, дроп-голехь).

Европин къаьмнийн кад

бӀаьра нисйан

ЖамӀаш (2000—2015)

бӀаьра нисйан
Мохк Чемпион Ловзарш Толамаш Цхьан а ца тоьлла Иэшамаш Толамийн процент
  Гуьржийчоь 9 80 64 4 12 80 %
  Румыни 4 80 58 2 20 72.5 %
  Португали 1 80 35 3 42 43.75 %
  Росси 0 74 42 3 29 56.76 %
  Испани 0 70 21 3 46 30 %

ЕКъК толамхой (2000—2018)

бӀаьра нисйан
Мохк Толамхо ШолгӀа меттиг КхоалгӀа меттиг
  Гуьржийчоь 10 5 1
  Румыни 5 8 2
  Португали 1 0 3
  Росси 0 2 5
  Испани 0 1 1
  Марокко 0 0 1

Йукъара жамӀаш

бӀаьра нисйан

Гулйина командин тестан ловзарш 2015 шеран 1 февралан хьолехь[1][2]

Къовсархо Ловзарш Толамаш Иэшамаш Цхьан а ца тоьлла Очкош + Очкош - Башхалла Толамийн процент
  Аргентина 3 0 3 0 28 87 -59 0.00 %
  Аргентина-2 3 2 1 0 54 61 -7 66,67 %
  4 1 3 0 75 109 -34 25.00 %
«Барберианс» 1 0 1 0 19 28 -9 0.00 %
  Бельги 2 2 0 0 52 13 +39 100 %
  Болгари 1 1 0 0 70 8 +62 100 %
  Германи 4 4 0 0 193 19 +174 100 %
  Дани 1 1 0 0 19 8 +11 100 %
  Зимбабве 3 2 1 0 58 35 +23 66.67 %
  Ингалс 2 0 2 0 16 125 -109 0.00 %
  Ирланди 4 0 4 0 31 196 -165 0.00 %
  Ирланди-2 2 0 2 0 20 60 -40 0.00 %
  Испани 16 12 3 1 509 253 +256 75.00 %
  Итали 2 0 2 0 29 82 -53 0.00 %
  Итали-2 6 3 3 0 105 93 +12 50.00 %
  Канада 4 2 2 0 63 103 -40 50.00 %
  Кхазакхстан 1 1 0 0 17 5 +12 100 %
  КъАР 1 0 1 0 19 46 -27 0.00 %
  КъАР-2 5 0 5 0 60 118 -58 0.00 %
  Къилбаседа Македони 1 1 0 0 47 5 +42 100 %
  Латви 1 1 0 0 28 3 +25 100 %
  Люксембург 1 0 0 1 10 10 0 0.00 %
  Марокко 1 1 0 0 20 10 +10 100 %
  Намиби 4 3 1 0 95 57 +38 75.00 %
  Нидерландаш 4 3 1 0 164 64 +100 75.00 %
  Польша 2 0 2 0 29 52 -23 0.00 %
  Португали 19 13 4 2 440 265 +175 68.42 %
  Росси 19 17 1 1 476 224 +252 89.47 %
  Румыни 19 10 8 1 347 339 +8 52.63 %
  Самоа 2 1 1 0 25 61 -36 50.00 %
  Тонга 3 1 2 0 43 87 -44 33.33 %
  Украина 9 9 0 0 281 63 +218 100 %
  Уругвай 4 2 2 0 66 62 +4 50.00 %
  Фиджи 1 0 1 0 19 24 -5 0.00 %
  Франци 1 0 1 0 7 64 -57 0.00 %
  Франци-2 1 1 0 0 24 20 +4 100 %
  Хорвати 1 1 0 0 29 15 +14 100 %
  Чехи 8 8 0 0 310 58 +252 100 %
  Чили 2 1 1 0 53 36 +17 50.00 %
  Швейцари 1 1 0 0 22 21 +1 100 %
  Шотланди 1 0 1 0 6 15 -9 0.00 %
  Шотланди-2 2 1 1 0 25 90 -65 50.00 %
  Япон 3 1 2 0 64 81 -17 33.33 %
Всего: 175 107 62 6 4067 3175 +892 61.14 %

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан