Российн Ӏилманан де

Российн Ӏилманан де8 февраль. Юкъадаьккхина Российн президентан Б. Н. Ельцинан омарца 1999 шеран 7 июнехь[1].

8 февраль — Российн Ӏилманан де

Ӏида дуьххьара даздан долийна Российн Ӏилманийн академин 275 шо кхачар даздечу хенахь.

ИсториНисйе

И Ӏида Российн Ӏилманийн академи а, Академин университет (хӀинца — Петарбухан пачхьалкхан университет) а кхолларан терхьан лерина ду, уьш кхоьллина император Пётр I-рачун лаамца, урхалла дечу Сенатан омарца 1724 шеран 28 январехь (8 февралехь керлачу рузманца).

ССРСхь Ӏилманан де даздора апрелан кхоалгӀачу кӀиран дийнахь, хӀунда аьлчи 1918 шарахь 18 - 25 апрелехь В. И. Ленина «Набросок плана научно-технических работ» цӀе йолу болх язбина дера. Тахана а дуккха Ӏилманан коллективаш Ӏилманан де даздо «ширачу рузманца», аьлча а апрелан кхоалгӀачу кӀирандийнахь (2018 шарахь Ӏида нисделира 15 апрелехь).

Хьажа кхин аНисйе

БилгалдахаршНисйе