СадеӀар (латинан маттахь respiratio) — дийнатийн а, ораматийн а, дукхачу микроорганизмийн а диссимиляцин коьрта кеп йу. СадеӀар — чохь са долу организмийн метаболизм (хӀумаллийн а, энергин а хийцам) нийса дӀаэхар латтош йолу физиологин процесс йу. Иштта садеӀаро латтайо гомеостаз. СадоьӀучу хенахь организман хьоле химин энерги йолу хӀуманаш къен энерги йолу тӀаьххьарчу сурсатийн (кӀорненан (углеродан) диоксидан а, хина а) кепе телха.

Адаман диафрагмалан (чоьнан) садеӀаран тайпа

Арахьара садеӀар — организман а, Ӏаламан а йукъахь болу газхийцам бу. Газхийцам- муьсталг дӀахьулдаран а, кӀорамусталлин (углекислотин) газ а дӀакъастаран а процесс йу. Иштта цунна йукъадогӀу са доьӀу турбанаш (йекъа къамкъаргаца садоьӀуш йолчу сагалматийн) йа цӀий леларан система чухула и газаш лелар.

Клеткин садеӀаран йукъайогӀуш йу клеткийн мембранаш чухула белокаш лелош йолу биохимин процессаш; иштта кхачан химин ницкъ (энерги) хуьйцуш митохондрийн талхар (окислени) а ду цунна йукъадогӀуш.

СадеӀаран параметраш толлу прибораш

бӀаьра нисйан
  • Капнограф
  • Пневмограф
  • Спирограф
  • Спирометр — пехийн дахаран чухоам толлу прибор