Нохчийн маттахь Сай (оьрс. Олень) — олу. Къилбаседехьара акха сай Тундран, тайган асанца Европехь, Азехь, Ӏамерикехь хуьлуш бу. Къилбехьа йолчу меттигашкахь Ӏаламан хьелашка а, шеран заманашка а хьаьжжина хуьлу иза.
- ХХ-гӀа бӀе шо долалуш акха сеш долу меттигаш Европин Новгороде кхаччалц долчу декъехь а, Волга хин лакхенашкахь Казанехь а, Кама хин лахенашкахь а, цигара дӀа малхбалехьа Свердловскера Новосибирске кхаччалц яра. Ткъа, хӀинца къилбаседехьа хьала даьржина уьш. Алтайхь а, Генарчу Малхбалехь а сеш даьржина генна къилбехьа йолчу меттигашкахь.
- Къилбаседехьарчу сайн цхьацца тайпа башхонаш ю. Кхечу меттигашкахь церан батош, тӀехь чо боцуш, Ӏаьржа ю. Ткъа къилбаседехь долчеран батош тӀехь луьстта чо бу. Иза ца хилчи Ӏай, лай кӀелхьара буц юуш бажа йиш хир йацара цуьнан. Йоккхчу шелоно а, гӀоргӀачу лайно а йохор яра батош. Цхьа шатайпа ю цуьнан бергаш а. Шуьйра дӀа-схьа яхна ю шина агӀор сат-бергаш. Ӏаьнан заманчохь шина берга юккхе морса чо болу цунна. Ӏай тӀа детташ ло дӀа а хьокхуш бежа сай.
- Къилбаседерчу стечу сайн маӀаш хуьлу. Кхечанхьа долчийн уьш хуьлуш йац. ХӀора шарахь кур бужу цуьнан а.
- Сен докъар аьхка а, гурахь а - буц, жӀалин нускалаш а ду, Ӏай - дечиган корсамаш, синтарш, диттийн чӀенигаш йоу цо.
- Акха сеш кхаа декъе декъало: тундрехь, хьаннашкахь, лаьмнашкахь. Тундрехь дукхах ду уьш. Цхьана метарал тӀех ло кӀорга диллича сай бажа ницкъ боцуш буьсу. Цундела цхьана меттехь дац церан дахар. Ӏаламан хьелашка хьаьжжина хуьйцу цара меттигаш. И меттигаш хийцар, шетан замане хьаьжжина, Къилбаседехьара Къилбехьа а, Къилбехьара Къилбаседехьа а ю. Къилбаседехь ло бергаца дӀа ца хьакхалуш чӀагӀделчи Къилбехьа кхелха уьш.
- Хьаннашна юккъехь ло кӀорга диллахь а семса хуьлу шерачу арахьчул. Цундела Ӏай хьаннашкахь хуьлу церан дажар.
- Аьхка йовхо хӀоьттича тундре хьала доьлху сеш. ХӀунда аьлчи чуьркаший, кхин йолчу садолчу хӀумнаший цӀий молу церан. Царах къаьхкий шийлачу метте кхелха уьш. Шабинчу океанан берда йистошка кхаччалц. Сеш дика дежа хин тӀогӀешкахь. Цигахь дежийлаш дика хуьлу ховха буц а, диттийн кондарш а.
- Хьаннашкара сеш бӀаьста яьлчи хин берда йистошкахь, хин тогӀешкахь дежа, юха а цигахь механ хӀо алсам хиларна. Гурахь уьш хьуьнчу доьрзу жӀаьлин-нускалаш лоьхуш. Ӏай цара цигахь корсамаш а, гӀовда а, диттийн чӀенигаш а йоу.
- Сешан уггаре а дика хьелаш кхоллало хьун йоцчу ламанан даккъашкахь. Цигара ло мохо дӀадоккху, малх хьаьжчи деша.
- Сешна уггаре а кхераме берзалой ю. Царна тӀаьхьа йовлий толлуш лела уьш, цхьана а хенахь синтем хила меттиг ца буьтуш. Цу тӀоьхула тӀе адамаш а ду царех пайдаэца тӀаьхьадевлла. Берзалойх, адамех кхерам массо а хенахь лаьтта царна. Ткъа, йовхачу хенахь чуьркаша, горнаша кхин йолчу садолчу хӀуманаша хьийзадо уьш. Церан дебар кӀезиг хиларе хьаьжчи дика дисна уьш хӀу кхача ца луш. Шарахь цхьа эса до стечу сайно. Шиъ эса дар наггахь бен хуьлуш дац.
- Къилбаседера сай адамашна караӀема. Цигарчу адамаша цӀахь кхобуш леладо сеш. Уьш дӀа а дужу цаьргара шура а йокху. Аьттачул хьена ю цуьнан шура. Ӏ8 процент хьоналла ю цуьнан шурица. Ткъа, аьттан шурица 4 процент бен йац. Церан цӀокарчех боккха пайдаоьцу адамаша. Гоьнан меттина кӀела а юьлла, юргӀин меттана тӀе а тосу, цунах тӀеюху кетарш а йо, кога юху мачаш а йо.