Сайдумова Зулай
Сайдумова Зулай (йина 1952 шеран 6 февраль, Чиили станци, Кзыл-Ордан область, Кхазакхийн ССР) — Российн а, нохчийн а культурин гӀуллакххо.
Сайдумова Зулай | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | культурин гӀуллакххо |
Вина терахь | 1952 шеран 6 февраль (72 шо) |
Вина меттиг | Чиили станци Кзыл-Ордан область, Кхазакхийн ССР |
Да | Магомадов Мада |
Нана | Магомадова Зугаша |
Бераш | кӀентий: Сайдумов Джамбулат, Сайдумов Марат[1] |
СовгӀаташ |
Директор Республикин берийн библиотекин, Российн сийлахь культурин белхахо[2][3][4], Нохчийчоьнан сийлахь культурин белхахо[5][4], Российн берийн фондан урхаллин декъашхо[6][5][4]. „Культурехь болчу кхиамашна“ мидалца Зулайн совгӀат дина[7]. Советийн центран а, федералан а библиотекийн арахецаршна йукъайаханчу Ӏилманан-методикан публикацийн автор: „Библиотекарь“, „Информацин бюллетень РБА“.
Биографи
бӀаьра нисйанКъоналла
бӀаьра нисйанЙина 1952 шеран 6 февралехь, Кхазакхийн ССР-н Кзыл-Ордан областехь, Чиили станцехь махкахбаьхначу дукха бераш долчу доьзалехь. Доьзалехь йиъ йиша а, цхьа ваша дара. Сайдумова Зулайн дайн юрт ламанан ГӀуш-корт лаьтта Нохчийчоьнан Шуьтан кӀоштахь лаьтта[6]. 1957 шарахь доьзал цӀабирзира Нохч-ГӀалгӀайн АССРе. Дас-нанас оьзда кхиира шайн доьзал, царна массаьрга дешийта а гӀерташ[6]. 1959 шарахь Сайдумова Зулай хьалхарчу классе йахара Соьлжа-ГӀалин № 2 йолчу интернат-школехь. 1968 шарахь Соьлжа-ГӀалин № 38 йолчу школехь чекхйаьккхира йуккъера школа[6]. 1969 шарахь дуьйна „Комсомольское племя“ цӀе йолчу газетан редакцица белхан зӀе латтийна (Нохч-ГӀалгӀайн ВЛКСМ-н обкоман зорбанан орган), журналистикин курсаш чекхйехира газетан редакцехь дӀайиллинчу къоначу корреспондентийн школехь[6]. 1971 шарахь чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалин культурни-серлонан училище (библиотечни отделени)[6]. 1979 шарахь дешна СССР-н ДОСААФехь йолчу Соьлжа-ГӀалин радиотехнически школехь (Ленинан йерригсоюзан орденан, ЦӀечу Байракхан орденан армин, авиацин, флотан гӀо лацаран шен лааме йукъаралла,) тӀехдика кхиамца дешар чекх а даьккхира[6]. 1993 шарахь чекхйаьккхира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологически факультет[6]. 2001 шарахь Российн Федерацин къоман библиотекаш бохучу Российн пачхьалкхан библиотекин базехь йолчу „Библиотековедени“ леринчу программица йолу квалификаци лакхайаккхаран курсаш а, стажировка а чекхйаьккхира Сайдумова Зулайс[1].
Доьзал
бӀаьра нисйанНохчийн Республикин кхолламечу процессашкахь З. М. СайдумовгӀеран доьзало гуттар жигара дакъа лоцу. Кхиийна ши кӀант: Сайдумов Хьамидан Джамбулат — юридически Ӏилманан доктор, Нохчийн Республикин сийлахь Ӏилманан гӀуллакххо, РИНЦ-н системана йукъайалийнчу, Нохчийн Республикин пачхьалкхан-бакъонийн кхиорна леринчу 150 сов Ӏилманан публикацин автор[1]. Сайдумов Хьамидан Марат — Российн Ӏилманийн академин Х. И. Ибрагимовн цӀарахчу Комплексни Ӏилманан-талламан институтан Ӏилманан белхахо, Нохчийн Республикин коьртачу шахьарана — Соьлжа-ГӀалина 200 шо кхачарна леринчу „Город Грозный — символ чеченского народа“ цӀе йолчу книгин автор (Грозный, 2018). Соьлжа-ГӀалина 200 шо кхачаран даздаршна леринчу Ӏилманан-талламан конкурсан толамхо. Коьртачу шахьаран цхьа меттиг а къастийна, шайггара масал гойтуш, мехала дакъа лаьцна Соьлжа-ГӀала кечйарехь[1].
Къинхьегаме гӀуллакхаш
бӀаьра нисйанШен къинхьегаме некъ болийна 1972 шарахь А. П. Гайдаран цӀарахчу Республикински берийн библиотекехь (НГӀАССР)[6]. Шен белхан корматалла ца хуьйцуш, 46 шарахь сов болх бина библиотечни системехь. Ма-дарра аьлча, Нохчийн Республикин коьртачу шина библиотекин исторех цхьаъ йозуш йу З. М. Сайдумован цӀарца[6]. Шен белхан некъан бохаллехь методистана тӀера Нохчийн Республикин коьртачу берийн библиотекин директоран дарже кхиъна иза. Шеггарчу корматаллин дакъалацарна а, Сайдумова къинхьегамна тӀера хиларна а берашца болхбаран методически центр хила дӀахӀоьттира библиотека (ХХ бӀешеран 90 шш. уггаре халачу а, чолхечу а шерашкахь.). Сайдумован корматаллин а, къинхьегаме а гӀуллакх хьажийна дара книгица а, йешарца а дуьненайукъара йукъаметтиг а, Российн къаьмнашна йукъара зӀенаш а чӀагӀйарна. 1994 шерийн хиламаш хиллачул тӀаьхьа Сайдумовас шен балхаца а, доггах къахьегарца а Нохчийн Республикин берийн библиотека йухаметтахӀотто аьтто бира, книгийн фонд гулйаран а, Ӏалашйаран а болх дӀанисбира. Соьлжа-ГӀаларчу куьйган стадионехь цо тарйинчу хӀусамехь, цуьнан белхан бахьанина 1995 шеран апрелехь йохийнчу Соьлжа-ГӀалахь йуха а болх бан йолайелира берийн библиотека[6]. Берийн библиотека шолгӀа йухаметтахӀоттор З. М. Сайдумовас кхочушдира 2000 шеран мартехь. Цуьнан куьйгаллехь йолу Республикин берийн библиотека республика дуьххьарлера культурин учреждени йара, чолхе хенаш дӀаевллинчул тӀаьхьа йухаметтахӀоттийна[6].
Сайдумова Зулайс кхиамца йукъайалийра йухаметтахӀоттийна Нохчийчоьнан Республикин берийн библиотека библиотечни шортенашка Российн Федераци, эвсараллица кхочушдо Российн берийн а, иштта кхийолчу библиотекашца декъахалла[6]. Цуьнан шеггара вовшахтохараллин похӀмалло, ша хаьржинчу корматалле болу цӀена даггарчу безамо а, тешамо а С. Михалковн цӀарахчу Республикински берийн библиотеках йира республикин кегийчу йешархойн йукъаметтигаллин синан-серлонан центр[6]. ТӀом сецначул тӀаьхьа дӀайаьхьанчу Нохчийн Республикехь библиотекийн йешархойн йукъахь „Мы мечтой о мире живем“ цӀе йолчу конкурсан вовшахтохархо йу Сайдумова. ТӀом сецначул тӀаьхьа библиотекийн йешархойн йукъахь дӀайаьхьана „Мы мечтой о мире живем“ цӀе йолу конкурс»[6]. З. М. Сайдумовас боккха тидам тӀебохуьйту заьӀап-берийн библиотечни гӀуллакхе хьажарехь. 2000 чу шарера 2005 чу шаре кхаччалц кечйинчу а, йукъайалийнчу а «Дорогу осилит идущий» цӀе йолчу программин автор йу и[6]. З. М. Сайдумован кхиаме зеделларг гайтина ду № 33 йолчу «Бюллетень РБА» цӀе йолчу 2005 шеран библиотечни арахецарехь[6]. Йухакхолларан чолхечу муьрехь Республикин библиотечни йукъараллин консолидаци ярна хьажийнчу «Библиотекарь года — 2005 г.» цӀе йолчу дуьххьарлерчу Нохчийн Республика республикински конкурсан инициатор а, кечйийриг а, вовшахтохархо а хилира[6].
Конкурсех лаьцна дийцира республикински прессехь а, № 37 йолчу Информационный бюллетень РБА бохучу 2006 шеран федеральни библиотечни журналехь а[6]. Сайдумова Зулайс кеч а йира, кхочуш а йира Республикински берийн библиотекийн балхахь «Детские уроки толерантности» цӀе йолу проект, цуьнан чулацам цо кхиамца гайтира Геленджик гӀалахь 2007 шеран июнехь Российн берийн библиотекийн 13-чу кхоллараллин лабораторехь[6] 2000 шерийн йуьххьехь Нохчийн Республика йухаметтахӀотторан чолхечу хьелашкахь къона тӀаьхье кхетош-кхиорехь З. М. Сайдумован хьуьнарийн пусар а, лерам а карийра Нохчийн Республикехь а, Российн Федерацехь а. 2001 шарера 2009 шаре кхаччалц болчу муьрера З. М. Сайдумован корматаллин гӀуллакхалла шадерриге хьажийна дара библиотекехь машаран кхерч дӀахӀотторна. Цуьнан гӀарайаьллачу корматаллин девизех йу «Массо тоьлларг берашна кхачо хьовса тхо», "Хьан сийлалла-Книга! Баркалла хьуна, адам хила гӀо дарна, ткъа уггаре коьртаниг сайн корматаллин харжам къастий. Книгица ду сан дахар, со — библиотекарь йу. Со йоккхайо цунах![6]. 2012 шарахь З. М. Сайдумовас куьйгалла ден библиотека «Российн культурин тоьлла учрежденеш» цӀе йолчу къоман реестр йукъайахара. Республикин тайп-тайпанчу дешаран учрежденийн дешархойн культурни-эстетически кхиорехь цхьана системехь дӀахьуш ду йукъаметтиг лелор. И гӀуллакх Российн Федерацин чоьхьарчу гӀуллакхийн Министерствоно Баркаллин кехатца къастийра письмом Соьлжа-ГӀаларчу Суворовн училищин[6]. Цо Нохчийн Республикин библиотечни система йухаметтахӀотторан а, дӀахӀотторан а муьрехь гайтинчу кхиамечу зеделлачух а, лакхарчу корматаллех а лаьцна 2015 шарахь Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин «Вестникехь» (№ 3 (28) 2015 арайелира комплексни статья[6]. Библиотекин культурни-серлонан гӀуллакхехь уггаре коьртачу хиламех бу З. М. Сайдумовас кечйина а, кхиаме зийна культурни-серлонан ловзаран телевизионный проект «Гаьнгали» (оьрс. м. «Качели»). З. М. Сайдумован авторский проектана инновационни хиларх терра 2015 шарахь Российн Федерацин Президентан грант йелира[6]. З. М. Сайдумован кхиамечу зеделлачух кест-кеста пайдаоьцу Российн Федерацин субъектийн кхийолчу библиотекин коллегаша. Цуьнан цӀе йевзаш йу пачхьалкхан библиотечни гонашкахь, Российн Федерацин коллегийн цуьнга лерам а, пусар а ду, шуьйрачу хаамийн зорбанийн гӀирсашкахь цуьнан амалех хьахориг йу хьекъал, гӀиллакх, бакъхьара адам хилар а[6]. З. М. Сайдумован къинхьегаме гӀуллакхалла, керла зеделларг а, корматалла а гайтина республикински а, региональни а зорбанан, электронни арахецаршкахь йазйинчу дуккха а публикацешкахь а, интернет-ресурсийн телевизионни каналашкахь а[6]. Коьртачу центральни советскийн а, федеральни библиотечни а арахецаршкахь цхьамоггӀа Ӏилманан-методически публикацийн автор йу Сайдумова Зулай: «Библиотекарь» № 9 (1990 г.), № 10 (1991 г.), Информационный бюллетень РБА № 33 (2005), № 51 (2009)[6]. 1972 шарера дуьйна таханлерчу дийне кхаччалц масийта шеран З. М. Сайдумован къинхьегаман гӀуллакх хьажийна йу библиотекарийн корматаллин сий шордарна а, кегийчу гражданашца жоьпаллин йукъаметтиг лелорна. Цо кест-кеста дӀахьо кегийрхой кхетош-кхиорна хьажийна культурина а, ламасташна а, къоман Ӏадаташна лерина мероприятеш[6].
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- 2001 шарахь «Книги строят мосты» цӀе йолчу регионашна йукъара берийн фестивалехь жигара дакъа лацарна Ростовн областан культурин министерствон а, Ростовн областан берийн библиотекин сийлаллин диплом делира[1].
- 2003 шарахь Нохчийн Республикин сийлахь культурин белхахо лакхара цӀе йелира[1].
• 2003 ш. Нохчийн Республикин Конституци тӀеэцаран республикински референдум дӀайахьарехь мехала дакъа лацарна РФ Президента В. В. Путинас Баркаллин кехат делира[1].
- 2004 ш. дуккха а шерашкахь корматаллин гӀуллакх дӀадахьарна совгӀат дира «Российн профсоюзийн 100 шо» юбилейн мидалца. (Российн профсоюзийн цхьаннах йозуш йоцу Федераци)[1].
- 2005 ш. къоман культура ларйарехь, кхиорехь, пропаганда ярехь мехала гӀуллакх дарна а, иштта Москвахь Нохчийн Республикин культурин Де дӀадахьарна Нохчийн Республикин Президентан Баркаллин кехат[1].
- 2006 ш. къона тӀаьхье кхетош-кхиорехь мехала гӀуллакх дарна Нохчийн Республикин Парламентан Республикин Кхеташонан Сийлаллин грамотица совгӀат дира.
2008 ш. Нохчийн Республикин культура а, искусство а кхиорехь мехала гӀуллакх дарна Нохчийн Республикин Парламентан Халкъан Гуламан Сийлаллин грамотица совгӀат дина[1].
- 200 8 ш. Российн Президента Российн йелира лакхара сийлаллин цӀе Российн Федерацин сийлахь культурин белхахо[1].
- В 2011 ш. Интеллектуальни къинхьегаман кхоченан сонешкахь ша ца кхоош гӀуллакх дарна «Нохчийн Республикин интеллектуальни центр» цӀе йолчу Региональни йукъараллин организацино «Ша ца кхоорна» (За подвижничество) цӀе йолчу номинацехь преми йелира.
- 2012 ш. Нохчийн Республикин культурин министерствоно Зулай Сайдумован совгӀат дира «Лакхарчу кхиамашна» бохучу мидалца[1][8][9].
2014 ш. гражданаш патриотически кхиорехь жигара болх барна а, къоначу тӀахьенехь хьомечу Даймахкана патриотизм кхиорехь гайтинчу лакхарчу кхиамашна а, корматаллина а Российн Федерацин Правительствохь йолчу Российн пачхьалкхан тӀеман историкин-культурин центро Сайдумова Зулайна йелира сийлаллин знак «Российн Федерацин гражданаш патриотически кхиорехь жигара дакъа лацарна» аьлла[1].
- 2014 ш. Российн Федерацин культурин министра «200 лет со дня рождения М. Ю. Лермонтова» иэсаллин мидал йелира[1].
- 2015 ш. «Российн 100 тоьлла библиотека» цӀе йолчу конкурсехь (РФ Пачхьалкхан Думин ФС вовшахтоьхначу) совгӀат дира «Директор года» аьлла диплом а, знак а йаларца.
- 2016 ш. «Российн Символ» цӀе йолу региональни муьран Йерригроссийн олимпиада вовшахтохарна баркалла кхайкхийра Российн пачхьалкхан берийн библиотеко[1].
2016 ш. къоначу тӀахьенехь гӀиллакх-оьздангаллин а, синан мехаллин кепаш дӀахӀотторехь дӀахьучу жигара болх бахьанехь Российн Федерацин культурин министра баркалла элира[1]. 2017 ш. Нохчийн Республикин библиотечни гӀуллакх кхиорехь мехала гӀуллакх дарна, тешаме а, даггара къахьегарна Нохчийн Республикин культурин министра сийлаллин грамотица совгӀат дира[1].
- 2017 «Российн символаш. Ӏаламан хазна» цӀе йолу региональни муьран Йерригроссийн литературни-географин проект вовшахтохарна къастийна йу Баркаллин кехатца[1].
2018 ш. культура кхиорна доккха мехала гӀуллакх дарна «Культурин белхахойн российн профсоюзан 60 ш» юбилейн мидал йелира[1]. 2018 ш. 25 октябрехь Нохчийн Республикин культурин министерствон коллегин кхеташонехь, дуккха а шерашкахь кхиаме а, даггара къахьегарна, цхьана бартаца кхаж тасарца Российн Федерацин Къинхьегаман Турпалхо цӀе йала къастийра.
- 2019 ш. дуккха а шерашкахь доггаха къахьегарна а, серлонан гӀуллакхаллина а, контртеррористически операцин чолхечу хьелашкахь Нохчийн Республикин республикински берийн библиотека йухаметтахӀотторна а Афганистанан а, локальни тӀемийн а, Нохчийн Республикин тӀеман конфликтийн а ветеранийн Союзо совгӀат дира «БӀахаллин хьуьнаршна» мидалца[10].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 Сайдумова Зулай Мадаевна
- ↑ Российн Федерацин пачхьалкхан совгӀаташца совгӀат даран РОССИЙН ФЕДЕРАЦИН ПРЕЗИДЕНТАН У К А З искусствехь а, дуккха шерашкахь кхоллараллин а, йукъараллин а гӀуллакхдарехь а кхочушдинчу даккхийчу гӀуллакхашна совгӀат де
- ↑ В добрый путь, «Гаьнгали»! 2012
- ↑ 1 2 3 Сайдумова Зулай: « Со тешна ю: книга цкъа а лийр йац аьлла 2016
- ↑ 1 2 С. Михалковн цӀарахчу Республикански берийн библиотека 2015 шерийн Российн библиотекех тоьллачу иттана йукъа йахана (ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 Сайдумова Мадин Зулай Социалистийн Къинхьегаман Турпалхочун Сергей Владимирович Михалковн цӀарахчу Республикански берийн библиотекин директор
- ↑ „Суна дукхаеза сайн корматалла“
- ↑ Сайдумова Зулайн — 60 шо
- ↑ С. В. Михалковн цӀарахчу Республикански берийн библиотекин — 70 шо 20016 ш.
- ↑ «Афганистан — вайн синъиэс» боху къонахаллин урок дӀайаьхьира Республикански берийн библиотекехь 12.02.2019