Саканделидзе, Зураб Александрович
Саканделидзе Зураб Александрович (гуьрж. ზურაბ ალექსანდრეს ძე საკანდელიძე; 1945 шеран 9 августехь, Кутаисехь — 2004 шеран 25 январехь, Тиблисехь) — советийн гуьржийн баскетболхо. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1967). Локхалла — 186 см. ТӀелета турсло.
Саканделидзе Зураб Александрович | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
гуьрж. ზურაბ ალექსანდრეს ძე საკანდელიძე | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | ТӀелета турсло | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 186 см[1][2] | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Возалла | 81 кг | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла |
ССРС Гуьржийчоь |
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1945 шеран 9 август | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Кутаиси, Гуьржийн ССР | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь: | 2004 шеран 25 январь (58 шо) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина меттиг | Тиблиси, Гуьржийчоь | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
Олимпийн чемпион (1972). Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо (1968).
Чекхйаьккхина Гуьржийн политехникин институтан химин факультет (1975), инженер-технолог. ССКП декъахо 1972 шарахь дуьйна.
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1945 шеран 9 августехь Кутаисехь.
Баскетболех ловза волавелира ССРС хьакъ долу тренеран Тортладзе Суликон спортишколехь, цига Зураб валийра цуьнан воккхаха волу вашас Анзора[3]. 15 шо долуш Зураб кхелхира Тиблиси. Ишкол чекхйаьккхича деша хӀоьттира Гуьржийн политехникин институтан химин-технологин факультете, цуьнца цхьаьна левзира БК «Динамо» (Тиблиси) йукъахь, оцу хенахь тренер вара Отар Коркия.
1964 шарахь къона тӀелета турсло кхайкхира ССРС жимахойн гулйина команде, цунна йукъахь, йуккъера барам ловзарехь 7,2 очко йоккхуш, цуо йаьккхира шен дуьххьарлера дешин мидал Европин жимахойн чемпионатехь Неаполехь (Итали). 1965 шарахь ловзуш вара ССРС къоман гулйина командехь Европин чемпионатехь, цу тӀе стартан пхеанна йукъахь. Турниран жамӀашца Европин чемпион хилира.
Оццу 1965 шарахь тиблисин «Динамоца» цхьаьна Саканделидзех ССРС чемпионатан борзанан совгӀатхо хилира, ткъа ССРС гулйина командехь — Дерригдуьненан Универсиадин детин совгӀатхо. Оцу шеран жамӀашца Саканделидзе йукъатуьйхира ССРС 25 уггаре дика баскетболхойн испискин, иза кхоалгӀа вара — С. Белов а, А. Травин а дӀаваьлча.
1967 шарахь хилира дуьненан чемпион, чемпионатан уггаре дика турсло лерира. Шеран жамӀаца лерира Гуьржийн ССР уггаре дика спортхо.
1968 шарахь ССРС чемпион хилира, Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо хилира. 1969 шарахь ССРС гулйина командехь кхузлагӀа Европин чемпион хилира, тиблисин «Динамоца» туьйлира ССРС Кедехь, ССРС чемпионатан детин совгӀатхо хилира, кхин а ФИБА Кедийн Кедан финалан декъахо хилира.
1972 шарахь хилира олимпийн чемпион.
Ловзархочун карьера чекхйаьккхира 1973 шарахь, болх бира шен говзаллица кхачанан промышленностехь.
1979—1983 шерашкахь — Тиблисин божарийн «Динамо» командин лакхара тренер, амма бакхий кхиамаш ца бира.
Сихха йухавеира шен говзаллийца болчу балха. 1995 шарахь куьйгалла деш вара Тиблисера чайн фабрикехь, цуьнан долахо иза ша вара.
Зуда йалийна вара, зуда Мацаца, йоӀ Кэто, кӀант.
ЦӀеххьана кӀант велча сецира кхуьу доӀхан цамгарна дарба лелочуьра. Велла 2004 шеран 25 январехь Абашидзен урамера тиблисера шен цӀа чохь.
ДӀавоьллина Тиблисин Верийн кешнашкахь кӀантана йуххехь[4].
Цуьнан уггаре дика доттагӀ а, цхьаьна командехь левзина волу Михаил Коркия 13 де бен сов ца вехира шен накъостал.
2006 шарахь дуьйна Гуьржийчохь хӀора шарахь дӀахьо Саканделидзе Зурабан — Коркия Михаилан мемориал.
Кхиамаш
бӀаьра нисйан- Олимпийн чемпион 1972
- ОЛ-68 борзанан совгӀатхо
- 1967 шеран дуьненан чемпион, ДЧ-70 борзанан совгӀатхо
- Европин чемпион 1965, 1967, 1969, 1971
- ЕЧ-73 борзанан совгӀатхо
- 1968 шеран ССРС чемпион. Детин (1969) а, ССРС чемпионатийн борзанан совгӀатхо (1965)
- ССРС Кад баьккхинарг 1969
- 1965 а, 1973 а шерашкара Универсиадийн детин совгӀатхо
- «Сийлаллин билгало» орденца (ССРС) а, «Горгасал Вахтанган» II тӀегӀанан орденца а, «Сийн» орденца[5] совгӀат дина.
Кинохь денвар
бӀаьра нисйан«Хьала эхар» фильмехь (2017, реж. А. Мегердичев), ССРС командин 1972 шеран Мюнхенера Олимпийн ловзаршкахь баьккхина толаман лерина, Саканделидзе Зураба роль ловзийра Микава Ираклис.
Литература
бӀаьра нисйан- 100 лет российского баскетбола: история, события, люди: справочник / Автор-составитель В. Б. Квасков. — М.: Советский спорт. — 274 с.: илл. ISBN 5-9718-0175-9
- Саканделидзе Зураб Александрович // Олимпийская энциклопедия / Павлов С. П.. — М.: Советская энциклопедия, 1980. — 415 с.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Гомельский В. А. Легендарный финал 1972 года. СССР и США. — М.: Эксмо, 2017. — ISBN 978-5-699-91854-6.
- ↑ Баскетбол. XX Олимпийн ловзарш. Финал. Газета «Спорт-Экспресс» (1997 шеран 10 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 7 январь.
- ↑ Зураб Александрович Саканделидзе
- ↑ Он был творцом «дешиго фола»-72. На похороны Олимпийского чемпиона Мюнхена баскетболиста Зураба Саканделидзе пришли тысячи людей
- ↑ Саканделидзе Зураб Александрович (1945—2004)