Салараш
Салараш (ций. 撒拉族, : Sǎlá Zú; шен цӀе — саларлар, салыр[1]) — Цийчура туьркийн къам, туркменийн салир тайпана тӀаьхье; беха Цинхай провинцин Сюньхуа-Саларийн автономин уездехь а, Ганьсу провинцин Цзишишань-Баоань-Дунсян-Саларийн автономин уездехь, а цул сов Цинхай, Ганьсу, Синьцзян провинцийн кхечу кӀошташкахь. цийчохь дукхалла — 260000 стаг (2013 ш). Саларийн меттана цийн а, тибетийн а меттанаш чӀогӀа Ӏаткъам бина; хӀинца лелош ду йоза — латиница. Дин — бусулбанаш-сунниташ.
Салараш | |
---|---|
Шен цӀе | салыр, саларлар, салырлар, صاَلغُر |
Дукхалла | 260000 стаг (2013) |
ДIасакхалхар | Цийчоь: Ганьсу, СУАР, Цинхай |
Мотт | саларийн, цийн |
Дин | ислам суннизм, буддизм, тенгрианалла |
Йукъабоьду | Туьркийн къаьмнаш |
Гергара къаьмнаш | хань (къам) салир телеуташ |
Викиларми чохь медиафайлаш |