Салафият
ХӀара исламан адамех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |
Салафият (Ӏаьр. سلفية) — суннатхойн исламехь болу некъ бу, коьрта кхайкхам бу бакъ хилл болу салафах (Ӏаьр. السلف الصالحون — ас-саляф ас-салихун) масалла эцар.
Салафият дешнан маь|на ду «Пайхмар ﷺ а,цуьна асхьабаш а ма кхеттар,динах кхетар», Шари|ато ма бохху Къуран а,суннат а лела дар
Салафийн йукъар лору, къаьстина, аш-Шафии, Ибн Ханбал, Ибн Таймия, «Бусалба вежарий» ц|е йолу Мисрера тоба а, Мухаммад ибн Абд аль-Ваххаб а.
Салафийн коьрта |алашо
бӀаьра нисйанСалафийн коьрта бакъо йу - цхьа а шеко йоцуш Аллах| дела,шеца цхьа а накъост воцуш цхаъ хиларх тешар (Таухид). Ткъа салафаш шайн коьрта декхар лору Ислам-дин шех хийра долу х|уманах ц|ан дар. Цара т|е ца лоцу ,шайн хетарехь,наха динан керла йукъ даьхна х|умнаш (Бид|ат).
Салафиташ ца магдо эвлаяъ кошан т|е зиярт дан эхар, царна |ибадат дар санна лору иза. Ца магдо цара Мухьаммад ﷺ пайхмар деха а ,йа кхечу пайхмарг деха а.
Салафийн |елам-нах
бӀаьра нисйан|абдурахьман бин Насир ас-Са|ади - Са|уди паччхьалкахь г|араваьлла волу Къуран тидархо а, бакъо йовзархо а ву.
|абдул-|азиз ибн Баз - 1993 дуьнна 1999 шо кхаччалца Са|уди паччхьалкан лекхара муфти.
Насируддин Албани - Албани паччхьалкара г|арваьлла хьадис довзархо.
Мухьммад ибн Салихь аль |усаймин - Са|уди паччхьалкара г|арваьлла бакъо йовзархо.
Салихь аль-Фавзан - Са|уди паччхьалкара ислам динан |илманхо,|илм долу бакъо йовзархо.
Раби аль-Мадхали - вайн хенан,Са|уди паччхьалкара, г|арваьлла салафийн |илманхо.
Салихь аль аш-Шейх - Са|уди паччхьалкара динан |илманхо, Дин-г|улкхийн а,дин кхайкхаман а хьехаран а министр.