Самбиев, Элим-Султан Халадович
Элим-Султан Халадович Самбиев — нохчийн лор а, Ӏилманча а, Российн Федерацин Сийлахь лор, Российн медико-технически академин член-корреспондент, СССРн могшулла Ӏалашйаран тӀехдикахо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР могшулла Ӏалашйаран министран когаметтаниг.
Элим-Султан Халадович Самбиев | |
---|---|
Вина терахь | 1936 шеран 12 декабрь |
Вина меттиг | Жима АтагӀа |
Кхелхина терахь | 2015 шеран 15 июнь (78 шо) |
Кхелхина меттиг | Соьлжа-ГӀала |
Корматалла | лор, Ӏилманча |
Гражданалла | ССРС → Росси |
Бераш | Лайла, Аза, Руслан, Муслим |
СовгӀаташ |
Биографи
бӀаьра нисйан1955 шарахь цо чекхйаьккхина Бурнехь (Жуалынан кӀошт, Жамбилан область) йолу школа. 1956 шарахь иза Кхазакхстанехь иза институте схьа ца ийцира. 1957 шарахь, Нохч-ГӀалгӀай АССР меттехӀоттийнчултӀехь, иза цӀавеара. 1964 шарахь цо чекхйаьккхира Къилбаседа-ХӀирийн пачхьалкхан лоьраллин институт.
1964 шарахь Элим-Солта волавелира Шелан кӀоштан больницехь болхбан. 1965 шо дуьйна 2001 шо кхаччалц цо болхбира республикин могшулла ларйаран министерствехь. Министерствехь болхбешшехь, цо лоьран болх ца буьйтура: цо болхбира № 1 а, № 2 а йолу Соьлжа-ГӀалин больницешкахь а, № 1 йолу Соьлжа-ГӀалин поликлиникехь а.
Цуьнан деа берах кхоъ лоьран болх беш ду.
Литература
бӀаьра нисйан- Ахмадов Т. З. Первые чеченские врачи2000 экз. — ISBN 978-5-900231-54-9. . — Грозный: ФГУП "Издательско-полиграфический комплекс "Грозненский рабочий"", 2009. — С. 193-195. — 304 с. —