Само́йлова Ю́лия Оле́говна (йина 1989 шеран 7 апрелехь, Ухтехь, Коми АССР, ССРС) — российн йишлакхархо. Эшаран Евровизион-2017 къовсамера Российн векал[1] и Евровидение-2018[2][3].

Самойлова Юлия
Юлия Олеговна Самойлова
Коьрта хаам
Йуьззина цӀе Самойлова Юлия Олеговна
Йина терахь 1989 шеран 7 апрель({{padleft:1989|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) (34 шо)
Йина меттиг
Пачхьалкх
Говзаллаш йишлакхархо, композитор, поэт
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи нисйе бӀаьра

Йина 1989 шеран 7 апрелехь Ухта гӀалахь. 13 шо долуш йисира 1-ра тобан заьӀапхо «букъан чӀеран атрофи» диагнозца.

Лела заьӀапхойн ворданахь[4][5].

Юлия — российн рэперан Джиганан зудчуьна Самойлова Оксанин шича йу ден агӀора[6].

2010 шарахь Самойловас дитира ХӀокху заманан гуманитарин академин психологин факультетера дешар.

Кхолларалла нисйе бӀаьра

Жима йолуш дуьйна Самойловас дакъа лоцура тайп-тайпана къовсамашкахь. 12 шо долуш дуьйна Пионерийн цӀа чохь вокалан хьехархочуьнца Ӏамо йолайелира. Дейтта шо долуш хилира музыкин фестивалан «Сатийсаман тӀемаш тӀехь» лауреат[7].

2005 шарахь дакъалецира Екатеринбургехь «Шлягер» къовсамехь, цигахь 2 гӀа меттиг йаьккхира.

Йеза альтернативан музыкин жанран кхолларалла Ӏамош йара. 2008 шарахь кхоьллира «TerraNova» тоба, иза лаьттира 2010 шо кхаччалц.

2012 шеран августехь Самойловас заявка йелира вокалан похӀманчийн шоу «Аз» къовсамехь дакъалацархьама, иза болабеллера «Хьалхарчу каналехь», амма цунна жоп ца делира[8].

2012 шеран ноябрехь «Росси-1» телеканал декъахойн харжам беш дара кхоалгӀачу шеран музыкин похӀманчийн шоун «А факторан», Пугачёва Аллин проектан. Самойлова кеманахь йеира Москоха, хьалхарчу харжамах чекхйаьлира. 2013 шеран февралера 21 апрель кхаччалц гойтуш хиллачу шоухь, финале йелира, цигахь дакъалецира «Соло 25 шо кхачанза берш» категорехь. Хьовсархоша кхаж тасаран жамӀашца шолгӀа меттиг йаьккхира. Пугачёвас ша билгалйаьккхира иза «Аллин Дешин седа» совгӀатца[9].

2014 шеран 7 февралехь Сочехь Ӏаьнан Паралимпийн ловзарш дӀаделларан церемонехь лекхира эшар «Цхьаьна»[10][11].

2014 шарахь дӀайазйира ши композици — «Лайт» (дешнаш а, музыка а Самойлова Юлийн), «Керла де» (дешнаш: Арсенев Константинан, музыка: Яковлев Александран). Иштта дӀайазйира Куценко Гошица дуэт — «Комета» (дешнаш а, музыка а: Куценко Гоша). И дуэт йукъайахара Куценко Гошин шолгӀачу альбоман йукъа[12].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Исполнительница миссии // Коммерсантъ
  2. Дарья Ганиева. Юлия Самойлова выступит на "Евровидении-2018". Вести.Ru (18 апрелехь 2017). ТӀекхочу дата: 2 майхь 2017.
  3. Илья Питалев. Самойлова намерена хорошо подготовиться к Евровидению-2018. РИА Новости (7 июнехь 2017). ТӀекхочу дата: 2 июлехь 2017.
  4. Финалистка проекта «Фактор А» Юлия Самойлова выступит на открытии Паралимпиады. Общественное телевидение России (6 мартехь 2014).
  5. Юлия Самойлова. Биография
  6. Юлия Самойлова оказалась сестрой жены Джигана Оксаны. Звёзды.ру
  7. Кто такая Юлия Самойлова, которая представит Россию на «Евровидении» Архивйина 2018-11-04 — Wayback Machine
  8. Юлия Самойлова: Родители никогда не говорили мне «Ты — инвалид, сиди дома» 12 августа 2014 Собеседник.ru
  9. Юлия Самойлова: кто такая.(ТӀе цакхочу хьажорг)
  10. Определилась представитель России на «Евровидении». Интерфакс.
  11. Анна Голубева. Минута славы на «Евровидении» «Colta», 14.03.2017
  12. Юлия Самойлова записала клип с Гошей Куценко

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

Интервью нисйе бӀаьра

Хьалха хилларг:
Лазарев Сергей
эшарца You Are the Only One
 
Росси «Евровизионехь»

2018
Когаметтаниг:
Лазарев Сергей
эшарца Scream