Пугачёва, Алла Борисовна


Пугачёва А́лла Бори́совна (дуьххьара марехь йолуш — Орбакене; йина 1949 15 апрелехь, Москохахь, РСФСР, ССРС) — советийн а, российн а эстрадан йишлакхархо, композитор-эшархо, эстрадан режиссёр, продюсер, киноактриса, телехьалхелелорг. ССРС халкъан артист (1991). Российн Федерацин Пачхьалкхан совгӀатан лауреат (1995). II, III, IV тӀегӀанера «Даймехкан гӀуллакхдарна» орденан кавалер.

Пугачёва, Алла Борисовна
Алла Борисовна Пугачёва
RIAN archive 378862 Alla Pugacheva (cropped).jpg
Коьрта хаам
Бакъ цӀе оьрс. Алла Борисовна Пугачёва
Юьззина цӀе Пугачёва Алла Борисовна
Йина терахь 1949 шеран 15 апрель({{padleft:1949|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:15|2|0}})[1][2] (71 шо)
Йина меттиг Москох, РСФСР, СССР
Жигараллин шераш 1965 — хӀинца а
Пачхьалкх ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС
РоссиFlag of Russia.svg Росси
КипрFlag of Cyprus.svg Кипр[3]
Говзаллаш йишлакхархо, композитор-эшархо, пианист, эстрадан режиссёр-хӀотторхо, актриса, музыкан продюсер, хьуьнарча, юккъерачу ишколан хьехархо, хьехархо
Эшаран аз меццо-сопрано[d]
Пондарш фортепиано
Жанраш поп, диско, синтипоп, поп-рок, софт-рок, фанк-рок
Псевдонимаш Борис Горбонос
Коллективаш радиостанци «Къоналлин» агитбригада (1967—1968);
ПЦЭГД (1969);
ВГӀА «Керла электрон» (1969—1970);
Москохан областан филармони (1970—1971);
ВИА «Москвичи» (1971);
Лундстрем Олеган урхаллера джаз-оркестр (1972—1973);
Москохан областан филармони (1973);
ВГӀА «Москохахо» (1973—1974);
ВГӀА «Самукъане бераш» (1974—1976);
Пачхьалкхан эстрадан Эрмалойчоьнан Орбелян Константинан урхаллера оркестр (1976).
Лейблаш Мелоди, Amiga, Balkanton, Victor, Opus, Kansan, Supraphon, Track Music, World Record Music, Ритонис, Оьрсийн диск, студи «Союз», General Records, Sintez Records, Extraphone, Alla Pugacheva production, арт-студи «Алла», Астра, Гранд Рекордс
СовгӀаташ
Orden for Service II.png Orden for Service III.png «Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 4 тӀегӀанера орден
AZ Dostlug Order ribbon-2.png By-order friendship of nations rib.png Сийлахь Месроп Маштоцан орден  — 2009
ССРС Халкъан артист— 1991 РСФСР Халкъан артист — 1985 РСФСР Хьакъдолу артист — 1980 РФ Пачхьалкхан совгӀат — 1995
Автограф
Автограф
http://www.allaradio.ru
Commons-logo.svg Аудио, фото, видео Викилармехь

Цуьнан репертуар юкъахь ю 500 сов эшар оьрсийн, ингалс, немцойн, французийн, иврит, финийн, украинийн меттанашкахь, ткъа цуьнан дискографехь ду 20 сов солон пластинка, CD. Росси а, ССРС хилла мехкашкахь а доцург йишлакхархочун альбомаш арахецна Японехь[4], Корейхь[5], Швецехь[6], Финляндехь[7], Германехь[8], Польшехь[9], Чехословакехь[10], Болгарехь[11]. Дискийн юкъара тираж совъяьлла 250 млн экземплярал[12].

Пугачёва Аллин карьера лору ерригсоюзан санна, иштта дуьненаюкъара аьтту хилла музыкан сценин тӀехь малхбален а, къилбаседан а Европан мехкашкахь. ХӀинца цунах олу «примадонна», «эстрадан паччахь-аьзни», «Российн коьрта йишлакхархо». 1976 шарахь дуьйна 1990-гӀа шераш дуьйладаллалц ерригсоюзан музыкан хит-парадийн хеттарийн жамӀашца хийца а ца луш лорура уггаре дика йишлакхархо.

2010 шарахь сацийра гастролийн гӀуллакх, амма ца елира жигара кхоллараллин гӀуллакхна гена: сих-сиха дакъалоцу дуккха а гулйинчу концерташкахь а, телепередачашкахь а, ткъа кхин а цхьаьнаэшшара арахоьцу керла эшарш. Марехь ю Галкин Максимехь. Ши йоӀ а, кӀант а, кхоъ берийн бер а.

БиографиНисъе

Да-нана: Одегова Зинаида Архиповна (1922—1986) а, Пугачёв Борис Михайлович (1918—1982) а девзира 1946 шарахь, ший а фронтовикаш бара, оццу шарахь оцу шимма мах бира, ткъа 1947 шарахь церан дуьххьара бер хилира – Геннадий, амма бер цомгаш дара, делира масех бутт болуш. 1949 шеран 15 апрелехь церан хилира шолгӀа бер — йоӀ, цунна цӀе тиллира МИАТан актрисийн Тарасова Аллин сийнна. 1950 шеран 7 апрелехь дира кхоалгӀа бер — кӀант Евгений (1950—2011).

1949—1964: БераллаНисъе

  Арахьара суьрташ
  Одегова Зинаида Архиповна къоналлехь
  Алла вешица Евгеница а, ненаца Зинаида Архиповница
  Алла вешица Евгеница бераллехь
  Алла вешица Евгеница бераллехь
  Алла бераллехь
  Алла вешица Евгеница бераллехь
  Алла ишколехь

Пугачёва Алла йина 1949 шеран 15 апрелехь Москохахь. Бералла ерриг чекхъелира Москохахь Крестьянски заставехь Зонточни урамалгехь.

1954 шарахь, 5 шо долуш, дас-нанас йоӀ дӀаелира музыкан М. М. Ипполитов-Ивановн цӀарах доьшийлера музыкан № 31 йолу ишколе. Оццу шарахь Алла дуьххьара сцени елира. Цуо дакъалецира Союзийн цӀен колоннан залехь гулйинчу йоккха концертехь.

Пхи шо кхаьчначу хенахь дуьйна, Алла аьхка даче йохуьйтура Новоалександрово эвла, иза лаьттара Клязьман хилоттийлан бердаца, цигга дӀахьора хӀонсан пианино «Циммерман», тӀаккха нанас цуьнга дийнахь 3 сахьт сов Ӏамабойтура иза лакха[13]

1956 шарахь Москохан Тагански кӀоштара Лавров урамалгера № 496 йолчу юккъерачу ишколан хьалхара классе яхара. Шен интервьюшкахь масийттаза а ша ишколехь тӀехдика доьшуш яра баьхнехь а, аттестат тӀехь дара деаннаш а, кхааннаш а (географи, химин, кхечу мехканийн меттан, черченин, физикан кхиоран)[14].

Кхиина тӀемал тӀаьхьарчу кертарчу хьолехь. Цхьаболчу биографаш билгала ма-даккхара, иза дирзира цуьнан амале. Классехь болчара дагалоьцу, ишколехь йолуш иза чӀогӀа хьарцахьара яра. Шен амал бахьнехь а, кертахь а, ишколехь а ша ларъян доьналла хиларна а цунна цӀе тиллинера Фельдфебель. 14 шо долуш цигаьрка оза йолаелира.

1964 шарахь чекхъяьккхира фортепиано классера музыкан ишкол а, юккъерачу ишколан 8 класс а, цул тӀаьхьа деша хӀоьттира музыкан Ипполитов-Ивановн цӀарах доьшийле (хӀинца Пачхьалкхан музыкан-хьехархойн М. М. Ипполитов-Ивановн цӀарах институт), цуьнца цхьаьна курсехь доьшуш вара Шуфутинский Михаил[15]. Музыкан ишколехь цунах дика пианистка хир ю баьхнехь а, цуо хаьржира дирижёрийн-хоран дакъа.

1965—1976: «Роботан» тӀиера «Арлекино» тӀекхаччалц: Кхоллараллин некъан юьхьигНисъе

1965—1968: Музыкан доьшийлера дешар. Хьалхара яздарш а, гайтарш аНисъе

1965 шеран ноябрехь доьшийлан шолгӀа курсехь йолчу хенахь яхара шен хьалхарчу гастролашка Мосэстрадица вовшахтоьхначу А. Лившицан а, А. Левенбукан а эстрадан программица «Пиф-Паф, я тӀе ца кхетначун Сатирица тохар». Гайтамаш хилира Кировн, Перман, Свердловскан, Тюменан, Омскан областашкахула. 1965 шеран декабрехь цӀайирзинчул тӀаьхьа, Ерригсоюзан радион «Дикачу Ӏуьйренца!» программан дӀаязйира шен хьалхара эшар «Робот».

1966 шо долалуш йишлакхархо йолчу веира кӀезиг вевзаш волу композитор Шаинский Владимир. Цуо кховдийра цунна шен масех эшар дӀаязъяр: «Как бы мне влюбиться», «Не спорь со мной», «Дрозды». Дукха хан ялале эшарш «Как бы мне влюбиться» а, «Не спорь со мной» а туьйлира Ерригсоюзан радион «Беттан эшар» къовсамехь.

1967 шеран 9 майхь дуьххьара телевизионехь гайтира ша. Ӏидан арахецна берийн «Будильник» телепередачан дуьхьала эфирехь эшар лекхира «Иду из кино» (муз. Б. Савельевн, деш. И. Кашежевой)

1967 шеран августехь «Юность» радиостанцин агитбригадан декъа яхара, цаьрца гастролашка яхара Тюменан областехула хинкеман тӀехь Иртыш а, Обь а эркашна чухула. Агитбригадан юкъахь эшарш лийкхира геологашна-мехкдаьттадаккхархошна, геофизикашна, бурутохархошна, гӀишлошъярхошна, Йисттера Къилбаседан сенашлелорхошна, локхура 3 эшар: «Король, цветочница и шут» (Шаинский Владимиран), «Просто очень люблю» (Филиппова Каринин), «Единственный вальс» (ша яьккхина йолу).

Еха гастролаш, ткъа уьш бахьнехь, доьшийлехь кӀезиг хиларо дешаран процессан вуон Ӏаткъам бира. Иза бахьнехь 1968 шеран майхь цуьнга арахецаран пачхьалкхан экзаменаш ца ялийтира, цунна диплом ца делира. Куьйгаллин сацамца Алла хьажийра музыкан а, йишлакхаран а хьехархочун стажировке москохан юккъерачу № 621 йолчу ишколе. Хьехархо болх бира эха шарахь: 1968 шеран сентябрера 1969 шеран январь кхаччалц. ТӀаьххьара, 1969 шеран майхь цуо дӀаелира пачхьалкхан экзаменаш, чекхдаьккхира музыкан доьшийлин дирижёрийн-хоран дакъа, говзалла «Хоран дирижировани» а йолуш, «Хоран дирижёр» а, «Юкъарадешаран ишколан эшарлакхаран хьехархо», «Берийн музыкан ишколан сольфеджио хьехархо» квалификаци а луш.

Масех баттахь болх бира Ташкентан урамера москохан № 621 йолу ишколехь музыкин хьехархо даржехь.

1969—1974: Говзанчин карьерин юьхьигНисъе

1969 шеран апрелехь Циркан а, эстрадин а говзаллин пачхьалкхан доьшийлин (ЦЭГПД) солистка а, концертмейстер а балха хӀоьттира. Цигахь вевзира циркан артист-жухарг Орбакас Миколас, хин волу майра. 1969 шеран аьхка ЦЭГПД студенташца, царна юкъахь Орбакас а волуш, яхара гастролашка Российн юккъера асанан областашкахула гулйинчу эстрадин «Кехатан кема» цӀе йолчу программица[16]. Хин волу майра Орбакас Миколас воцуш, бригадехь вара тӀаьхьа Пугачёвн администратор хилла волу Олег Непомнящий, Киркоровн хьалхара директор, актёр Юрий Чернов, шен цхьа лоьмар Гиннессан рекордийн жайнин тӀеяьккхина иллюзионист Сос Петросян, Анатолий Марчевский, иза тӀаьхьа Екатеринбурган циркан коьрте хӀоьттира.

1969 шеран 8 октябрехь мааре яхара Орбакас Миколасега. Цуьнгахь йолуш цуо лелийра Орбакене фамили, хӀетте а концерташкахь лелайора шен ден фамили Пугачёва.

1969 шеран октябрехь дӀаелира ЦЭГПД, Липецкан филармоне солистка хӀоьттира ВГӀА «Керла электрон», цуьнан урхаллехь вара Приказчиков Валерий. Липецкехь а, Липецкан областехь а концерташ гайтарал сов, ансамблан юкъахь дукха гастролаш йора Йисттера Къилбаседен Архангельскан областан, республика Коми, Карелин кегийрачу гӀаланашкахула, посёлкашкахула, эвланашкахула [17].

1970 шеран августехь Липецкан филармонера а, ВГӀА «Керла электрон» балхара дӀаелира. Иза хӀоьттира Росконцерте Москохан областан филармонин солистка, оцу хенахь цигахь балхахь вара цуьнан майра Орбакас Миколас. Филармонин цӀарах майрачуьнца гулйинчу концерташкахула лийлира Сибрехахула а, Генара Малхбалехула а, ткъа керлачу шеран Ӏиданашкахь цуо ахча доккхура Москохгуонара берийн бошмашкахь, утренникашкахь. Доьзалхочух йолу 7 бутт кхаччалц болх бира, филармонера дӀа ца елира 1971 шеран мартехь бен, декрете яхара[18].

1971 шеран 25 майхь Пугачёван а, Орбакасан а йоӀ хилира Орбакайте Кристина Эдмундовна[19].

ЙоӀ йинчул тӀаьхьа йишлакхархо цхьаьна хенахь ехира майрачун даймахкахь Литван гӀалахь Палангехь. Декретан отпускехь дукха ца Ӏийра, йоӀ йина ялх бутт ма-баьлла, 1971 шеран ноябрехь хилира урхаллехь Пузырёв Геннадий волу ВГӀА «Москохахойн» солистка[20][21]. Амма «Москохахошца» болх шина баттахь бен ца бира, 1972 шеран январехь, ансамблера дӀа а яьлла, хилира, урхаллехь Лундстрем Олег волу, Пачхьалкхан эстрадин-джазан оркестран солистка (Росконцерт). Оркестран юкъахь гастролаш йира ССРС дукха гӀаланашкахула, ткъа 1972 шеран сентябрехь хилира цуьнан дуьххьарлера дозанал арахьара гастролаш: цуо дакъа лецира джазан «Jazz Jamboree[pl]» фестивалехь Варшавехь, ткъа кхин а Польшин гӀаланашкахула концерташкахь[22]. 1972 шеран октябрехь Ленинградера гастролашкахь вевзира поэт-эшархо Резник Илья, цуо кховдийра эшар «Посидим, поокаем»[23].

1973 шеран майхь йишлакхочо йитира Лундстреман оркестр, юха а хилира Москохан областан филармонин солистка, цигахь хӀинца а болх беш вара цуьнан майра Орбакас Миколас[24]. Филармонин солистка йолуш болх бира берийн эшарийн жанрехь, кхин тӀе берийн «Шиъ шозза — диъ» аудиоспектаклан эшарш язйира[25].

1973 шеран ноябрехь Орбакас Миколасца къаьстира, дӀаелира Росконцертера а, Москохан областан филармонера. Из адӀахӀоьттира Москонцерте, хилира, урхаллехь Кретюк Виталий волу, ВГӀА «Москохахойн» керла хӀоттаман солистка[24]. Ансамблан юкъахь концерташ елира Москохахь а, ССРС кхечу гӀаланашкахь а. 1974 шеран 14 майхь москохан цӀерпоштнекъахойн оьздангаллин цӀа чохь хилира ансамблан концертан «Хьо, со, эшар» программин премьера, цуьнан режиссёр-хӀотторхо вара Брод Наум, ткъа солисташ — Пугачёва Алла а, Слободкин Юлий а. Цара дукхах дерг дуэтаца локхура, Аллин масех солон лоьмарш йолушехь[26][20][27].

1974 шеран октябрехь дакъа лецира V Ерригсоюзан эстрадин артистийн къовсамехь эшаршца «Посидим, поокаем» а, «Ермолова ЦӀенчу Ӏаьмнашкара». Цуьнан жамӀашца совгӀатам меттиг ца белира цунна, амма жюрин декъахоша Кобзон Иосифа, Великанова Геленас, Орбелян Константина гӀолецира, къона солистка юьстаха ца йитийта. ЖамӀехь уьш тӀетовӀар бахьнехь реза хилира цунна кхоалгӀа совгӀат дала, иза цуо бийкъира Айрумян Шайгенца, Лехтлаан Борисца, Мороз Сергейца, иштта хилира къовсаман лауреат. Хьалхара совгӀат делира Чемоданов Валерийс а, Ибрагимов Ренат[28][29].

1975—1976: ВГӀА «Весёлые ребята» (Самукъане бераш) а, «Арлекино» аНисъе

 
Пугачёва Алла ВГӀА «Весёлые ребята юкъахь». Ярославлан областан филармонехь концерт гайтар. 1975 шеран ноябрь

V Ерригсоюзан эстрадин артистийн къовсамехь дакъа лаьцначул тӀаьхьа йишлакхархочуьнга, ВГӀА «Весёлые ребята» Слободкин Павелас кхайкхира шен ансамбле. 1974 шеран ноябрехь из адӀаелира «Москвичашна» юкъара, хилира «Весёлые ребята» ансамблан солистк. Цуо интонации дика ярна, юьхьанца Слободкина из ахӀоттайора кулисашна тӀехьа бэк-вокале. Амма дукха хан ялале цунна елира ши эшар хьалхарчу декъехь, цул тӀаьхьа шишша эшар шинне а декъехь локхура (хьалхарниг чекхдолуш а, шолгӀаниг долалуш а).

1975 шо долалуш иза хаьржира Болгарера XI дуьненаюкъара эшаран «Дешин Орфей» къовсаме ССРС векал. Оьздангаллин министраллин Пугачёва Аллин кандидатура кховдийра Орбелян Константина, хӀунда аьлча иза ерригсоюзан къовсаман лауреат ю аьлла. 1975 шеран мартехь дуьйна цуо къовсаман кечам болийра — хаьржира болгарин авторан а, йишлакхархочун а Димитров Эмилан эшар «Арлекино». Слободкин Павела мелоди то а йина керла аранжировка йира, Баркас Бориса язйира оьрсийн текст, ткъа ша йишлакхархочо тӀетуьйхира гӀарадаьлла делар тӀехьара локхург чекх массаза дели. 1975 шеран майхь иза йиш лекха йолаелира концерташкахь, шаръялийтархьама.

1975 шеран 2 июнехь иза яхара «Дешин Орфее». 4 июнехь дакъалецира керлачу болгарийн эшаран къовсамехь, эшарца «Я вновь хочу увидеть Ленинград» (Суна юха а ган лаь Ленинград), ткъа 5 июнехь — дуьненаюкъара йишлакхархойн къовсамехь в международном эшаршца «Ты снишься мне» (Суна гӀенах го хьо) а, «Арлекино» а. «Арлекино» лакхаро чӀогӀа хазахетийтар нахана, хьажархой дехаршца кхин цкъа а лакха дийзира. Гайтаман жамӀашца жюрис, берриш реза болуш йишлакхархочун делира фестивалан коьрта совгӀат — гран-при Орфейн дешин хӀоллам кепара. 1975 шеран 4 июлехь фестиваль гайтира ССРС Центран телевизионехь, ткъа 1975 шеран 20 июлехь дуьненан чуелира цуьнан солон релиз — миньон «Арлекино», цигахь иза дуьххьара йовзийтира ша бен йоцу йишлакхархо. Миньон йира гӀараевллачу эшарех «Арлекино», «Посидим, поокаем», «Ты снишься мне». Экъан юкъара тираж хилира 14 миллион экземпляр. Оцу хенахь дуьйна иза сиха гӀараелира Советийн Союзехь, ткъа «Арлекино» йиш цуьнан зиератан карточка хилира.

 
Пугачёва Алла Берлинехь дакъа лоцуш ю ГДР Республикин ГӀала дӀаелларан лерина концертехь. 1976 шеран 28 апрелехь

«Дешин Орфейн» аьттонан тулгӀенехь 1976 шеран дохаллехь цуьнга кхойкхура сий долу дуьненаюкъара фестивалашка. 1976 шеран январехь дакъалецира дуьненаюкъара музыкин MIDEM ярмаркехь Каннашкахь (Франци), цигахь цунна аккомпанировка йира ВГӀА «Песняры» (Эшархой). 1976 шеран апрелехь «Весёлые ребята» ансамбльца яхара ГДР беттан промотуре, цигахь дакъалецира дуккха а гуламан концерташкахь а, немцойн телевизионан а, радион а гӀараевллачу передачашкахь, дӀаязйира сингл «Harlekino». Цул тӀаьхьа, 1976 шеран майхь—июнехь ансамбльца гастролаш йира Чехословакин а, Болгарин а гӀаланашкахула, цигахь йиш лекхира «Дешин Орфей» фестивалан сийдолчу хьешо санна. 1976 шеран августехь дакъалецира Польшера XVI дуьненаюкъара эшаран «Сопот-76» фестивалехь, седарчийн концертехь. 1976 шеран сентябрехь ансамбльца гастролашка яхара ГДР гӀаланашка, дакъалецира дуьненаюкъара шлягер-фестивалехь Дрезденехь. Дозанал арахьара гастролашкахь Пугачёваца ансамбль йолушехь, берриг публикин тидам тӀебирзинера Аллин, ткъа ша ансамбль хетара «Пугачёван тӀеоьллина хӀума» санна. Оцу хенахь, 1976 шо долалуш йишлакхархочун репертуар хаъал юьзира керлачу эшаршца. Хан мел йолу «Весёлые ребята» ансамблан концертийн дерриг шолгӀа дакъа дӀалора цунна, царех де-дене мел долу хуьлура йишлакхархочун аккомпанировкин коллектив. Цунна реза бацара дукхаха болу музыканташ а, ансамблан куьйгалхо — Слободкин Павел а. Оцу бахьнехь Пугачёвин а, Слободкинан а дов делира, 1976 шеран 30 сентябрехь цуо йитира ансамбль, Москонцертера балхара дӀаелира.

ВГӀА «Весёлые ребята» юкъара дӀаяханчул тӀаьхьа 1976 шеран октябрехь балха хӀоьттира Росконцерте, хилира Эрмалойчоьнан Орбелян Константинан урхаллера эстрадин-симфонин оркестран солист. Оркестран юкъахь гуламан концерташкахь дакъалецира москохан ПЦКЗ «Росси» чохь, цигахь лекхира 4 эшар. Амма Орбелянан оркестрехь болх дукха ца бира. 1976 шеран ноябрехь вевзира Стефанович Александр, тӀаьхьо — цуьнан хин волу шолгӀа майра. Цуьнан хьехамца 1976 шеран декабрехь йитира Орбелянан оркестр, солон карьера йолорхьама. Иза дӀаелира Росконцертера, юха а Москонцертан солист хилира.

1976 шарахь иза дуьххьара хилира «Песня года» (Шеран эшар) фестивалан лауреат. ТӀаьхьарчу «Песня-76» концертехь лекхира, оцу хенахь гӀараяьлла йолу, эшар «Очень хорошо» (ЧӀогӀа дика ду) (муз. А. Мажуковн, деш. Д. Усмановн)[30]. Оццу хенахь, 1976 шарахь дуьххьара дакъалецира керлачу шеран «Голубой огонёк» (Айсина цӀе) телепередачехь, кхин тӀе йишлакхархо хилла ца Ӏаш, программа дӀакхоьхьучун накъост а хилира[31].

ДискографиНисъе

Йишлакхархочун дискографехь ю 100 сов солон экъа, CD а, DVD а экъанаш, царна юкъахь: 17 лоьмарийн альбом, 34 сингл а, 25 «компиляци» а, гуламаш а. Россехь а, ССРС хиллачу мехкашкахь а доцуш альбомаш арахийцира Японехь (5, юхаарахецаршца), Корейхь (1), Швецехь (6), Финляндехь (4), Германехь (1), Польшехь (2), Чехословакехь (3), Болгарехь (5).

Ерриг йоьхкина экъанийн мах хадабо 250 миллион экземпляр[12].

Йишлакхархочун солон студийн альбомаш:

Шо[~ 1] Мохк ЦӀе Формат Лейбл Альбоман синглаш Хьажоргаш
1 1977 ССРС  ССРС Зеркало души (Синан куьзга) LP Мелоди Стиглара юккъерниг (1976) [32]
2 1979 ССРС  ССРС Арлекино и другие (Арлекино а, кхин а) LP Мелоди Арлекино (1975)
Сто часов счастья (Ирсан бӀе сахьт)(1977)
[33]
3 1979 ССРС  ССРС Поднимись над суетой! (Сихаллин тӀехула вала!) LP Мелоди Вот так случилось, мама (Иштта нисделира, нана) (1980) [34]
4 1980 ССРС  ССРС То ли ещё будет… (Иза хилла Ӏийрий теша…) LP Мелоди Йишлокху зуда (1978)
Минков Маркан эшарш (1980)
[35]
5 1982 ССРС  ССРС Как тревожен этот путь (Ма синхьийзаме бу и некъ) LP Мелоди Маэстро (1981)
Дежурный ангел (Ларден малик) (1981)
Я больше не ревную (Аса кхин эмгаралла ца до) (1982)
[36]
6 1985 ССРС  ССРС
Болгари  Болгари
Ах, как хочется жить (ЭхӀ, ма чӀогӀа лаьа ваха) LP Мелоди, Балкантон Миллион роз (Миллион ровзан) (1982)
Цигонийн хор (1983)
Кинофильмера «Безам безамах» сонет (1984)
Расскажите, птицы (Дийцийша, олхазарш) (1985)
[37]
7 1985 Швеци  Швеци Watch Out LP World Record Music Lousy party (1984)
Capitan, capitan (1984)
Superman (1985)
[38]
8 1986 ССРС  ССРС …Счастья в личной жизни! (…Шен дахарехь ирс хуьлийла) LP Мелоди Бурам лелориг (1986)
Ши седа (1986)
[39]
9 1987 ССРС  ССРС Ян а еина боху LP Мелоди Йист (1987) [40]
10 1990 ССРС  ССРС Алла CD, LP Мелоди,
Sintez records
[41]
11 1991 ССРС  ССРС Рождествохь цхьаьнакхетарш I LP Оьрсийн экъа [42]
12 1992 Росси  Росси Рождествохь цхьаьнакхетарш II LP Оьрсийн экъа [43]
13 1995 Росси  Росси Не делайте мне больно, господа (ГӀо мА-дайша сунна, элий) CD Союз [44]
14 1998 Росси  Росси ХӀаъ! CD Extraphone Примадонна (1997) [45]
15 2001 Росси  Росси Эркан трамвай CD Арт-студи «Алла» КӀайн ло (2000)
Мадам Брошкина(2000)
[46]
16 2003 Росси  Росси ПаргӀат баха, мохк! CD Арт-студи «Алла», Монолит Рекордс [47]
17 2008 Росси  Росси Приглашение на закат (Малх чубузаре кхайкхар) CD РКФ «Долги наши» [48]

ФильмографиНисъе

Гайтина еккъа ловзоран кинош. Ах дерстина язйина билгала яьхна, Пугачёвас коьрта ролаш ловзийна фильмаш.

Шо ЦӀе Роль

хьажорг корта

1976 кор Аьтто боцучеран ансамбль камео

Хьажорган коьрта могӀа

1978 ф Йиш лоькху зуда Анна Стрельцова

Хьажорган коьрта могӀа

1979 ф Чопа йишлакхархо фестивалехь

Кеп:ТФильме Хьажорган коьрта могӀа

1980 ф Рецитал[49] Алёна Вольнова

Хьажорган коьрта могӀа

1983 ф безамах безам йишлакхархо

Хьажорган коьрта могӀа

1985 ф Ян а еина боху Пугачёва Алла

Хьажорган коьрта могӀа

1985 ф Ӏаламатийн шеран зама таксист
1992 тф Джулия камео
1997 тф Шира эшарш коьртачух 2 кертахь яьхна хилларг
1998 тф Шира эшарш коьртачух 3 Рязанов Эльдаран хазъелла къона йишлакхархо
2001 тф Шира эшарш коьртачух. Постскриптум Имя персонажа не указано
2004 тф Шина пхьагалан тӀаьхьаваьлча Коровяк Тоня
2007 тф Гома куьзганий паччахьалла Примадонна

Хьажорган коьрта могӀа

2010 ф Щелкунчик а, Мукадехкийн Паччахь (Nutcracker in 3D, The) Мукадехкийн Паччахь-аьзни, Фрау Эва (аз дина)

ТВ программашкахь дакъалацарНисъе

Йишлакхархочо дакъалаьцна дукха телевизионан передачашкахь российн а, дозанал арахьара а телевизионехь. Царна юкъахь: «Беркате Ӏуьйренца!», «ГӀатториг», «Айсина цӀе», «Шеран эшар», «ДоттагӀийн аьзнаш», «Олимпиадин ритмаш», «Керла шеран Аттракцион», «ХӀун? Мичхьа? Маца?», «Кинопанорама», «Ӏуьйренан пошт», «Якобан лами», «Телевизионехь довзар», «Музыкан ринг», «Хьажар», «50х50», «Бомонд», «Тема», «Сиха хан», «Ӏаламатан аре», «МузОбоз», «Шотанан суьйре», «16 кхачанза а, кхин бакхий а…», «Деларан панорама», «Седарчийн фабрика», «Шаломан мур», «Дийцийтахь», «Ши седа», «Фактор А», « Республикин рицкъ», «Познер», кхин а.

Массийн оьздангаллехьНисъе

Кинош чохьНисъе

Пугачеван лерина эшаршНисъе

БеламашНисъе

БилгалдахаршНисъе

КомментарешНисъе

  1. Гайтина альбомаш араевлла шераш, уьш дӀаевлла шераш дац.

ХьосташНисъе

  1. Encyclopædia Britannica
  2. ČSFD — 2001.
  3. Алла Пугачёва и Максим Галкин получили гражданство Кипра.
  4. Alla Pugacheva (Япония) /1978 (оьр.). Алла Пугачёва / Дискография. Теллина 2016 шеран 5 январехь.
  5. Alla Pugacheva (Корея)/1997 (оьр.). Алла Пугачёва / Дискография. Теллина 2016 шеран 5 январехь.
  6. Alla Pugatjova. Watch Out (Швеция)/1985 (оьр.). Алла Пугачёва / Дискография. Теллина 2016 шеран 5 январехь.
  7. Alla Pugatsova. Huipulla (Финляндия)/1980 (оьр.). Алла Пугачёва / Дискография. Теллина 2016 шеран 5 январехь.
  8. Alla Pugatschowa: Harlekino / Auch Ohne Dich Werd' Ich Leben // 1976 (оьр.). Алла Пугачёва / Дискография. Теллина 2016 шеран 5 январехь.
  9. Alla Pugaczowa/2000 (оьр.). Алла Пугачёва / Дискография. Теллина 2016 шеран 5 январехь.
  10. Alla Pugacevova. Zrkadlo duse (Чехословакия)/1980 (оьр.). Алла Пугачёва - Дискография. Теллина 2016 шеран 5 январехь.
  11. Ала Пугачова. Огледало на душата (Болгария)/1978 (оьр.). Алла Пугачёва - Дискография. Теллина 2016 шеран 5 январехь.
  12. 1 2 Alla Borisovna Pugacheva (Russian singer) (ингалс.). — статья из Encyclopædia Britannica Online. Теллина 2012 шеран 28 августехь.
  13. Двадцать мужчин Аллы Пугачёвой. Продолжение
  14. Ремизова М. Брат Пугачёвой Евгений: «Когда нашего отца арестовали, мы с Аллой были уверены, что он невиновен» (оьр.). Газета «Комсомольская правда» (15 апрелехь 2009). Теллина 2015 шеран 16 январехь.
  15. Михаил Шуфутинский рассказал, что его связывает с Аллой Пугачёвой
  16. Раззаков, 2003, с. 12—14.
  17. Раззаков, 2003, с. 15—16.
  18. Раззаков, 2003, с. 16—17.
  19. Раззаков, 2003, с. 17.
  20. 1 2 ВИА «Москвичи» (оьр.). Вокально-инструментальные ансамбли СССР. Теллина 2015 шеран 4 июлехь.
  21. Валерий Колпаков Неверные друзья Валерия Ободзинского. Часть 1. ВИА «Москвичи» (оьр.). Специальное интернет-радио — SpecialRadio (20 февралехь 2006). Теллина 2015 шеран 4 июлехь.
  22. Раззаков, 2003, с. 19—20.
  23. Илья Резник. Диалог длиною в семнадцать лет : [рус.] // Советская женщина. — 1989. — № 6. — С. 28—29.
  24. 1 2 Раззаков, 2003, с. 21.
  25. З. Топелиус. Дважды два — четыре (оьр.). Алла Пугачёва / Дискография. Теллина 2015 шеран 4 июлехь.
  26. Раззаков, 2003, с. 21—23.
  27. Т. Бутковская. Это нежаркое эстрадное лето : [рус.] // Музыкальная жизнь]]. — 1974. — № 20—21. — С. 28—29.
  28. Раззаков, 2003, с. 23—25.
  29. Пятый Всесоюзный : [рус.] // Музыкальная жизнь. — 1975. — № 2. — С. 19—21.
  30. ПЕСНЯ ГОДА. 1976-79. pesnyagoda.my1.ru. Теллина 2019 шеран 26 ноябрехь.
  31. Концертная программа "Голубой огонек". pesnyagoda.my1.ru. Теллина 2019 шеран 26 ноябрехь.
  32. Зеркало души (оьр.). Официальный сайт Аллы Пугачёвой. — Информация об альбоме. Теллина 2013 шеран 15 октябрехь.
  33. Арлекино и другие (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Официальный сайт Аллы Пугачёвой. — Информация об альбоме. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 23 октябрехь. Теллина 2012 шеран 21 октябрехь.
  34. Поднимись над суетой (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Официальный сайт Аллы Пугачёвой. — Информация об альбоме. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 23 октябрехь. Теллина 2012 шеран 21 октябрехь.
  35. То ли ещё будет (оьр.). Официальный сайт Аллы Пугачёвой. — Информация об альбоме. Теллина 2013 шеран 16 октябрехь.
  36. Как тревожен этот путь (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Официальный сайт Аллы Пугачёвой. — Информация об альбоме. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 23 октябрехь. Теллина 2012 шеран 21 октябрехь.
  37. Ах, как хочется жить (Болгария) (оьр.). Официальный сайт Аллы Пугачёвой. — Информация об альбоме. Теллина 2013 шеран 16 октябрехь.
  38. Алла Пугачёва в Стокгольме (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Официальный сайт Аллы Пугачёвой. — Информация об альбоме. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 23 октябрехь. Теллина 2012 шеран 21 октябрехь.
  39. Счастья в личной жизни (оьр.). Официальный сайт Аллы Пугачёвой. — Информация об альбоме. Теллина 2013 шеран 16 октябрехь.
  40. Пришла и говорю (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Официальный сайт Аллы Пугачёвой. — Информация об альбоме. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 5 декабрехь. Теллина 2012 шеран 23 октябрехь.
  41. Алла (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Официальный сайт Аллы Пугачёвой. — Информация об альбоме. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 16 октябрехь. Теллина 2013 шеран 16 октябрехь.
  42. Рождественские встречи Аллы Пугачёвой (1991) (оьр.). Официальный сайт Аллы Пугачёвой. — Информация об альбоме. Теллина 2013 шеран 16 октябрехь.
  43. Рождественские встречи Аллы Пугачёвой (1992) (оьр.). Официальный сайт Аллы Пугачёвой. — Информация об альбоме. Теллина 2013 шеран 16 октябрехь.
  44. Не делайте мне больно, господа (оьр.). Официальный сайт Аллы Пугачёвой. — Информация об альбоме. Теллина 2013 шеран 16 октябрехь.
  45. Да! (оьр.). Официальный сайт Аллы Пугачёвой. — Информация об альбоме. Теллина 2013 шеран 16 октябрехь.
  46. Речной трамвайчик (оьр.). Официальный сайт Аллы Пугачёвой. — Информация об альбоме. Теллина 2013 шеран 16 октябрехь.
  47. Живи спокойно, мохк (оьр.). Официальный сайт Аллы Пугачёвой. — Информация об альбоме. Теллина 2013 шеран 16 октябрехь.
  48. Приглашение на закат (оьр.). Официальный сайт Аллы Пугачёвой. — Информация об альбоме. Теллина 2013 шеран 16 октябрехь.
  49. Фильм чекх ца яьккхира, масех сцена яьккхина йолушехь. Кино яккхаран майданахь Пугачёва Аллас дов а даьккхина, иза дӀаяьккхира кино яккхаран тобано а, «Мосфильман» куьйгалло а
  50. Лежало сало на столе (пародия на Пугачёву) – смотреть видео онлайн в Моем Мире | Сергей Седой. Теллина 2019 шеран 26 ноябрехь.
  51. Евровидение по-нашему. Пародия на Пугачёву – смотреть видео онлайн в Моем Мире | Мария Хидешели. Теллина 2019 шеран 26 ноябрехь.
  52. День знаний по-нашему. Пугачёва (пародия) (оьр.). Теллина 2019 шеран 26 ноябрехь.
  53. YouTube — ‪кривое зеркало фабрика звезд Елена Степаненко ч1
  54. Галустян в роли Пугачёвой (1) – смотреть видео онлайн в Моем Мире | Фаррух Халиков. Теллина 2019 шеран 26 ноябрехь.
  55. YouTube — ‪Трио Экспрессия и Галина Базаркина‬‏
  56. YouTube - Елена Воробей - Пародия на Пугачёву – смотреть видео онлайн в Моем Мире | Alexandru Dubenco. Теллина 2019 шеран 26 ноябрехь.
  57. Максим Галкин - Пародия на Лепса и Пугачёву (оьр.). Теллина 2019 шеран 26 ноябрехь.
  58. А.Песков - пародия на Аллу Пугачёву – смотреть видео онлайн в Моем Мире | Нина Яковлева. Теллина 2019 шеран 26 ноябрехь.

ЛитератураНисъе

ХьажоргашНисъе