Сара гӀайре (азерб. Sarı adası, Nərimanabad) ГӀажарийн хӀорд чура Ленкорань гӀалин къилбаседехьара гӀайре йу. ГӀайренна а, материкан берданна а йукъара Саран рейд, уггара паргӀата а, кхерамаза а пристань йу ГӀажарийн хӀордан малхбузан берда тӀехь[1]. Хенан хоттам буьрса хилча сиха хӀурдкеманаш а лаьтта оцу рейдехь. 1956 шарахь Сара гӀайре ваьлнаш дина, оцу тӀехула некъ биллина Лиман гӀалийца вовшехтесна, гӀайренах ахгӀайре хилла.

Сара
азерб. Sarı adası
Лаьтта меттиг
38°55′40″ къ. ш. 48°54′45″ м. д.HGЯO
АкваториГӀажарий-хӀорд
Пачхьалкх
Каспий-хӀорд
Сара
Азербайджан
Сара

Г. 3. Ширвани, Азербайджанехула лелаш, йаздина:

Сары — ГӀажарийн хӀорд тӀиера гӀайре йу, Сальянски портан пхиъ миль гена а йолуш. ГӀайре йоккха йац, Россера даьхкана хӀурдкеманийн хӀусам йу. Иза кечйина шовзткъа гергга хьалха.

И терахь хуьлу 1745—1746 шерана герга, хӀунда аьлчи некъбархочо лору и жамӀа ша Ленкоранехь хиллачу заманера (1796 г.). Ширванил хьалха а, тӀехьа а дуккха литератураша гӀайренах Сара алара. Иза нийса дац. Ширванис цунах Сары олу, церан маттахь «можа» бохург ду иза, схьагарехь, гӀайрен тӀехь можа бос болуш шорта сазлатта ду. Тахана ГӀажарийн хӀордан хи охьадалар бахьанехь Сара гӀайрех ахгӀайре хилла[2].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Сара // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  2. Сары, Шуша, Карабах, Кабала, Гяндж и Байлакан | Этнография и лингвистика Архивйина 2012-07-10 at archive.today