Северски Донец
Се́верски Доне́ц — Малхбален-Европин аренан къилбехула охьадоьду эрк, долу Белгородан, Ростовн, Донецкан Халкъан Республикехула, Луганскан Халкъан Республикехула, Харьковн областашкахула. Донан аьтту а (уггаре доккха а) га. Мола хин ладаме хьост.
Северски Донец | |
---|---|
Амал | |
Дохалла | 1053 км |
Бассейн | 98 900 км² |
Хи дайар | 159 м³/с (119 км хикхочен лакхахь) |
ДӀаэхар | |
Хьост (B) | |
• Эрк долу меттиг | Подольхи й. |
• Локхалла | 220-240 м |
• Координаташ | 50°58′18″ къ. ш. 36°54′00″ м. д.HGЯO |
Хикхоче (B) | Дон |
• Эрк чекхдолу меттиг | п. Усть-Донецки |
• Локхалла | 4,5 м |
• Координаташ | 47°36′02″ къ. ш. 40°53′50″ м. д.HGЯO |
Хин охьане | 0,18 м/км |
Эрк долу меттиг | |
Хин система | Дон → Азовн хӀорд |
Пачхьалкх | |
Регионаш | Белгородан область, Ростовн область, Донецкан Халкъан Республика, Луганскан область |
Код ПХР чохь | 05010400112107000010689[1] |
Росси Къилба ФГ
хIинца дац [[Кеп:Меттиган карта Росси Къилба ФГ|кеп хIотто карта]]. |
|
Викиларми чохь медиафайлаш |
Наггахь гӀалат ваьлла ала мега Северни Донец (хӀунда аьлча сих-сиха дацдеш йаздо — Сев. Донец йа С. Донец), XVII—XVIII бӀешарахь — Северни Донец. Эркан сийнна цӀе йелла Донецкан кӀорин майда, историн-оьздангаллин регионан Донбасс, Донецк гӀалин, Северодонецк гӀалин.
Этимологи
бӀаьра нисйанЭркан цӀе йелла иза Къилбаседа махкара (Северски олаллера) догӀуш хиларна, Донах къаьстина, цунах лаьцна йаздо XVI бӀешеран новкъахочо Гваньини Александра: «Ду кхин цхьаъ, жима Танаис, цуьнан хьост Къилбаседа олаллехь ду (цундела цунах олу Донец Северски), Азовл лакхахь чукхета иза доккхачу Танаисна»[2].
Географи
бӀаьра нисйанСеверски Донец — Донан уггаре доккха га ду. Дохалла эрк ду 1053 км, хи гулде майда — 98 900 км², йуккъера хи дайаран барам Донах кхетучахь 200 м³/с[3].
Северски Донец долало Йуккъераоьрсийн гу тӀехь, Российн Белгородан областан Прохоровн кӀоштара Подольхи йуьрт йолчура[4]. Хьостан координаташ йу 51°00′ къ. ш. 36°59′ м. д.HGЯO, хӀордан тӀегӀанан тӀехула хьостан локхалла 200 м йу. Северски Донецан майданехь ду 3000 сов эрк, царех 425 дохалла 10 км сов йу, 11 эрк — 100 кмсов ду[5]. Царех эзар сов чукхета Северски Донецан[6]. Северски Донеца коьртаниг лайн хи оьцу, цундела хи дайар шеран дохаллехь цхьа босса дац. БӀаьста хи дистина лаьтта 2 баттахь гергга, февралера апрель кхаччалц, оцу муьрехь хи айало 3 — 8 м[6].
Харшанна шоралла 30-70 м йукъахь йу, наггахь 100—200 м а кхочу, ткъа хи латтийла йолчохь — 4 км. Харшан бух алсама гӀамара бу, нийса а бац, хин кӀоргалла лесташ йу 0,3 м гомхешкахь 10 м эркан кӀорга долу асаехь.
Хи Ӏай гӀорадо тӀехулара 20-50 см. ГӀоронаш хуьлу шина-кхаа баттанан декабран йуккъера март чекхбаллалц.
Северски Донецан хи кхоче йу Дон чохь 218 км цуьнан хикхочел лакхахь 5,5 м хӀордан тӀегӀанал лакхахь. Иштта, хин охьадожар хуьлу 195 м, йуккъера охьатаӀаран барам 0,18 м/км[6]. Северски Донецан хи охьадахаран сихалла йоккха йац, цхьаццанхьа ноль йу, от 0,15 м/с Чугуевн уллехь 1,41 м/с Лисичанск йолчехь[7].
Охьадахар
бӀаьра нисйан-
Северски Донец Шипиловкин гергахь
-
Северски Донец Харьковн областехь (Змиевски кӀошт)
-
Печенегин хилоттийла космосера гар
-
Донец Луганскан Халкъан Республикехь Шипиловкин уллехь
-
Эрк Харьковн а, Белгородан а дозанехь, Волчанскан гергахь
Эркан охьадогӀийлехь доккхаха долчу декъехь йу шуьйра тогӀи: 8—10 км лакхенашкахь а, 20 —26 км лахенашкахь. ТогӀи йоккхачу меттигехь асимметрий олуш йу. Аьтту берд лекха бу (наггахь хаало киран тархан а), чӀогӀа хедийна бу боьранаша, аьрру берд легӀана бу, цуьнца лаьтта дуккха а тиша харшашца, Ӏаьмнашца, уьшалашца, царех уггаре боккханиг — Лиман Ӏам. Эркан харш сетташ ду, чӀогӀа сетта Оскол эрк схьакхетталц. Эркан тӀехь (лакхенашкахь а, йуккъера декъехь а) дукха гомхенаш, чехкаллаш, кегийра тархаш, дӀадукъарш ду.
Лакхенашкахь (Белгороде кхачале) къевлина чӀингаш, лаьтта масех кегийра хилоттийлех. Лахо, Волчья эрк схькхетачохь йу Печенегин хилоттийла. Печенегин хилоттийлел лахахь Донецах кхета Уды эрк а, уггаре даккхичех Северски Донецан га Оскол. Цул тӀехьа тогӀи шорло, чохь дукха тиша харшаш ду. Йуккъехь охьадодарехь Северски Донец дуза Днепр эркан хиш Днепр — Донбасс татол чухула, ткъа кхин а лахахь дӀакъаьста Северски Донец — Донбасс татол, цуо хи латтадо Донецкан кӀорин майданна. Донецкан (Ростовн область) кӀоштахь эрк долу Донецкан рогӀах, охьадоьду готта тогӀи чухула Ӏункара тархийн басенашкахула. Лахенашкахь 230 км йохаллехь эркан тӀехь халстуш йу, гӀийла а догӀу, шораллехь 100—200 м ду. Хикхоченна гергахь декъало 3 генна.
Се́верски Донеца ладаме объекташ (хьостера хикхоче кхаччалц)
Мохк | Область | Хикхочера йукъаралла, км | Хьостера йукъаралла, км | ЦӀе | Тайпа | Билгалдаккхар |
---|---|---|---|---|---|---|
Белгородан | 1053 | 0 | хьост | Прохоровн кӀоштара Подольхин гергара | ||
Белгородан | 990 | 63 | Белгород | гӀала | ||
Белгородан | 990 | 63 | Белгородан хилоттийла | |||
Харьковн | 940 | 113 | Печенегийн хилоттийла | |||
Харьковн | 874 | 179 | Печенеги | гӀтп | ← шеран йуккъера хи дайаран барам 24,5 м³/с[8] | |
Харьковн | 837 | 216 | Чугуев | гӀала | ← шеран йуккъера хи дайаран барам 20,5 м³/сек[8] | |
Харьковн | 634 | 419 | Берека | аьтту га | Днепр — Донбасс татолан хикхоче | |
Харьковн | 600 | 453 | Изюм | гӀала | ← шеран йуккъера хи дайаран барам 52 м³/сек[6] | |
Харьковн | 580 | 473 | Оскол | аьрру га | Северски Донеца уггаре доккха га — дохалла 472 км, майда 14 680 км² | |
Донецкан Халкъан Республика | 518 | 535 | Райгородок | гӀтп | ← Северски Донец — Донбасс татолан йуьхьиг | |
Луганскан область | 482 | 571 | Рубежни | гӀала | ||
Луганскан область | 432 | 621 | Лисичанск | гӀала | ← шеран йуккъера хи дайаран барам 106 м³/с[8] | |
Луганскан область | 430 | 623 | Северодонецк | гӀала | ||
Луганскан область | 306 | 747 | Луганск | гӀала | ||
Ростовн | 222 | 831 | Донецк | гӀала | ← Кеманаш лела зона | |
Ростовн | 197 | 856 | Каменск-Шахтински | гӀала | ← шеран йуккъера хи дайаран барам 159 м³/с | |
Ростовн | 0 | 1053 | хикхоче | Дон Азов-ХӀордах кхета 218 км йолуш. |
Истори
бӀаьра нисйанДуккха а эркаш санна, Северски Донецо ловзайора ладаме роль дахарехь ширачу заманан адаман. Эрк хин а, йуучун хьост хилла ца Ӏара, амма тӀехьо дӀасалеларан гӀирс а, духьалонан доза а, махлелоран некъ а бара. Цул сов, картографи йукъайалале эркаш Ӏаламан доза дара тайпанийн а, къаьмнийн а. Адамаш охьаховшура Северски Донецан майданан мехка тӀе генарчу хенахь дуьйна.
ТӀулгийн оьмар
бӀаьра нисйанПалеолит
бӀаьра нисйанДуьххьарлера археологин тешаллаш ду шелльски а, ашельски а муьрера хьалхара палеолитера. Оцу муьран тӀулгийн гӀирсаш, карийна талламхошна Харьковн областера Изюман кӀоштан а, Луганскан областан а Северски Донецан бердаш тӀехь[9].
Дуьххьарлера адамийн лоттийлаш карийна Донецан майданах, уьш йу мустьерски муьрера йуккъера палеолитера. Теллина масех иштта лоттийла Луганскан Халкъан Республикехь а, Ростовн областехь а[10]. Северски Донецан майданехь йевза дийнна цхьа могӀа тӀехьара палеолитан иэсаш. Иштта лоттийла карийна Балаклейн гергахь а, Изюм гӀалин килбехахь а, Луганскан къилбаседехь а, Ростовн областан эркан лахенашкахь. Оцу лоттийлашкахь карийна мокхазан белхан герзаш а, даьӀахкан хӀуманаш а. Масала, Балаклейн кӀоштара Щуровка йуьртахь карийна иштта герзаш мамонтийн даьӀахкашца. Дика теллина Донецкан областан Славянскан кӀоштара Богордични йуьртан уллераМиньевски лоттийла, иза йу мадленан муьрера палеолитера. Дийнна схьаэцча, археологин хаамашца, палеолит чекхйолуш дукхаха долу Северски Донецан майданан дакъане охьахевшинера хьалхалера адамаш[10].
Мезолит
бӀаьра нисйанТалламхошна карийна Северски Донецан майданахь дуккха а мезолитан лотийлаш. Уггаре йоккха луьсталла йара хин йуккъерачу охьадахарехь Изюман тӀера Луганске кхаччалц. Массо а мезолитан лоттийлаш шен амалера башхаллаш йолуш йу (дуккха а призмакепара нуклеусаш йолуш, уьш тешаллаш ду акха говрашна талларан), цуо тешалла до майданехь бехаш болчеран этносийн цхьаьна тайпаналлех. Мезолитан лоттийлехь карийна майданан шира хозаллаш, уьш йара Ӏаьржа хӀордан моллюскех йина, басара йина цӀен охрица. Цуо, тешалла до, цигара тайпанийн уьйранаш хиларх бехаш болчаьрца къилба Украинехь[10].
Неолит
бӀаьра нисйанЙерриг аьлча санна майданан неолитан йарташ лаьтташ хиллера Северски Донецан а, цуьнан геннийн а бердашца. Карийна археологин бугӀа хӀусаме йерзо тешаллаш, Оскол эркан хикхочехь карийна шира кема, иза дина диттан гӀаддах. Кхоллало йуккъера Украинин амалехь йолу йахкакепара кхийра. Цхьацца талламхоша лору, Северски Донецан неолитан иэсаш тера хилар, оцу хеннахь Полтавин, Черниговн, Киевн, Черкасскан, Запорожьен, Волынан областийн мехкаш тӀера иэсаш таро ло уьш цхьаьнатоха днепран-донецкан оьздангалле[10].
Энеолит
бӀаьра нисйанЭнеолитехь оьздангаллица йекъало Северски Донецан майда йуккъерчу Украинех. Оцу заманахь, Днепран, Ворсклан а майданехь а, Украинин къилбаседа-малхбузехь кхуьу триполин оьздангалла, Северски Донецан майданехь дехара шираоьрнийн оьздангаллин тайпанаш. Масала, триполин оьздангаллех къаьсташ, иза йара коьртаниг латталелош, Донецан майданера шираоьрнийн а, цул тӀехьара оьздангаллаш даъхнийлелош йара. Оцо бух ло дукхаха болчу талламхошна Северски Донецан майда славянийн тайпанаш кхолладаларан зонин йукъара йаккха[11][12][13]. Амма дуьхьала ойланаш а йу, уьш тӀейоьгӀна коьртаниг неолитан тайпанаш вовшех тера хиларна[14].
Шираоьрнийн оьздангалла, дуьххьара къастийна Харьковн губернин Изюман уездехь, амалехь ду адамаш дӀадухкуш охра басарйийриг санна лелор. Оцу кешнийн кеп йара тӀехула дуӀош дехкин оьрнех тера, цу тӀехула латта тосура баьрзнаш деш. Оцу оьздангаллин баьрзнаш лору дуьненахь уггаре шира[10]. Шираоьрнийн оьздангалла Северски Донецан майданал шуьйра йаьржина йара: иза йаьржинера къилбехьа ГӀимин лаьмнашка кхаччалц, малхбалехьа Ийдал тӀе кхаччалц.
Галерей
бӀаьра нисйан-
Северски Донецан хьостера Ӏам
-
БӀаьста хи дестар
-
БӀаьста
-
Аьхка
-
Ӏай
-
Изюман голатохал
-
Шипиловкин гергахь
-
Шипиловкин гергахь
-
Мохнач йуьртан гергахь, Змиёвл лакхахь
-
Казачья горан уллехь, Змиёвл лахахь
-
Доброполье — Лиман автонекъан тӀера тӀай
-
Богданов кӀотарара эрк
-
Эрк Калитвенски гӀалахь
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 7. Донской район / под ред. Д. Д. Мордухай-Болтовского. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 267 с.
- ↑ АЛЕКСАНДР ГВАНЬИНИ. ОПИСАНИЕ МОСКОВИИ . www.vostlit.info. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 19 апрель. Архивйина 2012 шеран 5 февралехь
- ↑ Близняк Е. В., Овчинников К. М., Быков В. Д. Гидрография рек СССР . — Ленинград: Гидрометеоиздат, 1945.
- ↑ Антимонов Н. А. Природа Белгородской области, Белгородское книжное издательство, 1959
- ↑ Рідний край(укр.). — Харків: Харківський державний педагогічний університет, 1999. — ISBN 966-7542-20-3.
- ↑ 1 2 3 4 Демченко М. А. Гидрография Харьковской области. // Материалы Харьковского отдела Географического общества Украины. Выпуск VIII. Харьковская область. Природа и хозяйство. Издательство Харьковского Государственного Университета, Харьков, 1971
- ↑ Вишневский В. І. Гідрологічні характеристики річок України(укр.). — Київ: Ніка-Центр, 2003.
- ↑ 1 2 3 Государственный водный кадастр. Ежегодные данные о режиме и ресурсах поверхностных вод суши. Части 1 и 2, Том II, Выпуск 3. ВНИИГМИ-МЦД, Обнинск 1989
- ↑ Борисковский П. И. Палеолит Украины, Материалы и исследования по археологии СССР (МИА), т. 40, Москва-Ленинград, 1953
- ↑ 1 2 3 4 5 Шрамко Б. А. Древности Северского Донца, Издательство Харьковского Государственного Университета, Харьков, 1962
- ↑ Рыбаков Б. А. История СССР с древнейших времён до конца XVIII века . — Москва: Высшая школа, 1983.
- ↑ Vasmer Max. Die Slaven in Griechenland(нем.). — Berlin: Akademie der Wissenschaften, 1941.
- ↑ Magocsi Paul. A History of Ukraine(ингалс.). — Seattle: University of Washington Press, 1996. — ISBN 0-295-97580-6.
- ↑ Лаврів Петро. Істория Південно-Східньої України(укр.). — Київ, 1996. — ISBN 966-7060-05-5.
Литература
бӀаьра нисйан- Северский Донец // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
- Северский Донец // Словарь современных географических названий / Рус. геогр. о-во. Моск. центр; Под общ. ред. акад. В. М. Котлякова. Институт географии РАН. — Екатеринбург: У-Фактория, 2006.
- Беспечный Т. По Северскому Донцу: Путеводитель. Донецк, 1968.
- Демченко М. А. Гидрография Харьковской области // Материалы харьковского отдела Географического общества Украины. Выпуск VIII. Харьков: Издательство Харьковского государственного университета, 1971.
- Мотиенко Я. В. По Северскому Донцу: Путеводитель . — Донецк: Донбасс, 1982. — 60, [40] с.
- Саратов И. Рассказ о Северском Донце. НиТ № 1-2007, с. 6, 57-61
- Шрамко Б. А. Древности Северского Донца. Харьков: Изд-во Харьк. гос. ун-та, 1962. 404 с.
- Отин Е. С. Дон и Донец // Восточноукраинский лингвистический сборник. — Донецк: ДонГУ, 1994. — Вып. 1. — С. 55-62.
- Отин Е. С. Северский Донец // Русская ономастика и ономастика России: Словарь / Под ред. О. Н. Трубачёва. — М.: Школа-Пресс, 1994. — С. 198—203. — 288 с. — (Русская энциклопедия). — 50 000 экз. — ISBN 5-88527-066-X.
- Савенков М. Материалы к изучению водной флоры р. Донца и некоторых его притоков в Харьковской губернии . — Харьков, 1910.
- Ефремов А. С. История Луганского краяISBN 966-617-142-2. . — Альма-матер, 2003. —
- Донец // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Сайт Северско-Донецкого Бассейнового Управления Водных Ресурсов . ТӀекхочу дата: 2019 шеран 19 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 3 ноябрехь Архивйина 2011-11-03 — Wayback Machine
- Видео — водяной салат атакует р. Северский Донец . www.youtube.com. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 19 апрель.
- Саратов И. Е. Рассказ о Северском Донце . colovrat.org. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 19 апрель. / И. Е. Саратов // История Змиевского края. — Змиев. — 04.03.2012
- Карты-полукилометровки реки Северский Донец . tourist.kharkov.ua. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 19 апрель.
- Планы реки Донца с показанием расположения сооружений. dlib.rsl.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 19 апрель. — СПб., 1910.
- Видеоролик о Яремовском природном резервате YouTube чохь