Малхбален-Европин аре
Малхбален-Европин аре (Оьрсийн аре: нидерл. Russisch Laagland; Сарматийн аре: итал. Bassopiano sarmatico) — Малхбален Европера шуьйра аре, Европин аренан доккхаха долу дакъа.
Малхбален-Европин аре | |
---|---|
оьрс. Восточно-Европейская равнина | |
Амалш | |
Абсолютан локхалла | 171 м |
Барамаш | 2500 км гергга × 2500 км гергга[1] км |
Майда | 2,5 млн км² |
Ӏаьмнаш | Ладогин Ӏам, Онегин Ӏам, Чудски-Пскован Ӏам, Сайма Ӏам |
Лаьтта меттиг | |
54° къ. ш. 37° м. д.HGЯO | |
Пачхьалкхаш | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Йаьржина Балтикин хӀордан йисттера Уралан лаьмнашка кхаччалц, Баренцан а, КӀайн а хӀордашна тӀера — Ӏаьржа а, Азовн а, Каспийн а хӀордашна тӀекхаччалц. Къилбаседа-малхбузехь доза тоьхна Скандинавин лаьмнаша, къилба-малхбузехь — Судеташа, кхин Йуккъера Европин лаьмнаша, къилба-малхбалехь — Кавказо, ткъа малхбузехь билламан доза ду Висла эрк[2].
Дуьненахь уггаре йаккхийчех аре йу. Аренан къилбаседехьара къилбехьа кхаччалц йукъара йохалла 2,5 эзар км[1], иштта гергга йу — малхбузехьара малхбалехьа.
Аренахь йуьззина лаьтта Белорусси, Латви, Литва, Эстони, Молдави, цхьа дакъа — Росси, Кхазакхстан, Украина, Финлянди, Польша.
Рельеф а, геологин хьал а
бӀаьра нисйанМалхбузен-Европин аре лаьтта 200—300 м хӀордан тӀегӀанал лекха гунех а, тӀехула даккхий эркаш долу чутаӀенех а. Аренийн йуккъера локхалла — 171 м, ткъа уггаре лекха — 479 м — Бугульмин-Белебеевн гунаш Хьалхара Уралехь[3].
Орографин хьесапийн башхаллашца Малхбален-Европин арешкахь дика къастало кхо аса: йуккъера, къилбаседехьара, къилбехьара. Аренан йуккъерачу декъехула чекхйолу акъарин а, чутаӀен а хийцало аса: Йуккъера оьрсийн, Ийдалйистера, Бугульмин-Белебеевн акъареш а, Йукъара Сырт а, уьш йекъна Окин-Донан чутаӀено а, Лаха Ийдалдехьено а[3].
Оцу асанан къилбаседехьа алсама йу чутаьӀна аренаш, царна тӀехула гирляндан санна цхьацца дӀасакхийсина ду гунаш. Малхбузехьара малхбалехьа а, къилбаседа-малхбалехьа а, хийцалуш йахйелла Смоленскан-Москохан, Валдайн акъаренаш а, Къилбаседа Увалаш а. Царна тӀехула чекхдолу хидоькъу доза Къилбаседа Шен океанан, Атлантикин океанан, Аралан-Каспийн чоьхьара бассейнашна йукъахула. Къилбаседа Увалашна тӀера мохк таьӀаш бу КӀайн а, Баренцан хӀордахьа.
Малхбален-Европин аренан къилба дакъа дӀалоцу чутаӀенаша (Каспийистан, ӀаьржахӀордйистан, кхин а), уьш йекъна гунаша (Ергени, Ставрополан акъари).
Йерриг аьлча санна аренан йаккхий акъареш а, чутаӀенаш а тектоникин схьайалар долуш йу[3].
Малхбален-Европин аренан бухахь йохку Оьрсийн экъа кембрийл хьалхара кристаллан бухца, къилбехахь къилбаседа йист Скифийн экъа палеозойн чкъоьрнийн бухца. Экъанашна йукъахь доза дика къаьстина дац. Оьрсийн экъанан шера боцучу кембрийл хьалхарчу бух тӀехь лаьтта кембрийл хьалхара (вендашца, цхьацца меттигашкахь рифейшца) а, фанерозойн а бухахевшина породийн чкъоьрнаш. Церан стоммалла цъьабосса йац (1500—2000 тӀера 100—150 м[4]), цуо буххан рельеф чолхе бо, ткъа цуо билгала а йоккху экъанан коьрта геоструктура. Цунна йукъайогӀу синеклизаш — кӀоргехь боллу буххан областаш (Москохан, Печорин, Каспийистан, Глазовн), антеклизаш — кӀоргехь боцу буххан областаш (Воронежан, Ийдалан-Уралан), авлакогенаш — кӀорга тектоникин саьнгарш (Крестцовскан, Солигаличан, Москохан, кхин а), байкалан арабевлла баххаш — Тиман[3].
Малхбален-Европин аренан рельеф кхолларехь чӀогӀа Ӏаткъам бина ша баро. Уггаре дика го и Ӏаткъам аренан къилбаседехьарчу декъехь. Ша чекхбалар бахьнехь оцу махкахь кхолладелла шортта Ӏаьмнаш (Чудски, Пскован, КӀайн, кхин а). Ша хьалхарчу муьрехь бина къилбан а, къилба-малхбален а, малхбален а дакхошкахь, тӀаьхьа уьш шардина эрозин процессаша[1].
Пайден маьӀданаш
бӀаьра нисйанОьрсийн аренан цхьадолу пайден маьӀданаш доху дуккха а бӀешерашкахь[5].
Оьрсийн аренан российн декъан пайденан маьӀданаш
бӀаьра нисйанБалтийн турсан кристаллан породашкахь ду эчиган а, цӀаста-никелан а маьӀданаш. Йуккъераоьрсийн акъарин бух тӀехь дӀадиллина чӀогӀа дукха эчиган маьӀда (хьажа КМА)[5].
Охьаховшарца кхолладелла маьӀданаш тайптайпана ду: экъин йисташкарчу дакъошкахь — къилбаседехь, къилбехахь, малхбалехь — карийна мехкдаьттин а газан а йаккхий резерваш, Печорин лахенашкахь гулбелла тӀулган кӀора[5], бу иза Ростовн областехь а, цигахь цуьна бахаман маьӀна бен дац[6]; охьахевшинчу чкъоьрашкахь дӀадиллина фосфориташ[5]. ГӀишлошйаран гӀирсех дӀайиллина кир, кир-маьӀда, цеманцан аьрго, гипс, ангалин гӀамарш и др.[6].
Калининградан кӀоштахь доккху чӀиж, дӀайиллина мехкдаьтта, тӀулган туьха долу, Ӏаламан газ йолу, Боьра кӀора болу, кхин а меттигаш[6].
Аренан къилбехь лаьтта дуьра туьха доллу дуьра Ӏаьмнаш (см. Эльтон, Баскунчак)[5][6].
Малхбален-Европин аренан дийнаташ а, ораматаш а
бӀаьра нисйанМалхбален-Европин аренан российн декъан дийнаташ а, ораматаш а
бӀаьра нисйанГӀамаран чутаӀенийн хьаннийн тайпана дийнаташ[5] йу берзлой, цхьогалш, черчий, пхьагалш, тарсалш, кхин а. ЧӀерех хаабала тарло чабакх-чӀара, судак, къорзабугӀа, яй, дерачӀара, жерех, кхин а.
Приокски-Терхенан заповедникехь Ӏалашйеш йу выхухоль, буланаш, бобраш[5].
Коьрта дечиган тайпа тайгехь йу база а, зез а, ткъа ийна хьаннашкахь царна тӀекхета дакх, мах, маъ, хьех. Шуьйра гӀа долу тайпанаш (наж, лега) кӀезиг хуьлу, царех лаьтташ хьаннаш ца хуьлу[5].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 Русская (Восточно-Европейская) равнина Архивйина 2018-01-15 — Wayback Machine // Природа России
- ↑ Восточноевропейская равнина Архивйина 2013-12-03 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 4 ВОСТОЧНО-ЕВРОПЕЙСКАЯ (РУССКАЯ) РАВНИНА
- ↑ Тектоника и рельеф Русской равнины
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 Домогацких Евгений Михайлович, Алексеевский Николай Иванович. География: учебник для 8 класса общеобразовательных учреждений. — 6-е. — Москва: Русское слово — учебник, 2013. — 336 с. — ISBN 978-5-91218-984-5.
- ↑ 1 2 3 4 Домогацких Евгений Михайлович, Алексеевский Николай Иванович, Клюев Николай Николаевич. География: население и хозяйство России: учебник для 9 класса общеобразовательных учреждений. — 5-е. — Москва: Русское слово — учебник, 2013. — 280 с. — ISBN 978-5-91218-792-6.
Литература
бӀаьра нисйан- Восточно-Европейская равнина / А. И. Спиридонов // Брасос — Веш. — М. : Советская энциклопедия, 1971. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 4).
- Воробьёв В. М. Волоковые пути на Главном водоразделе Русской равнины: Учебное пособие. — Тверь: Славянский мир, 2007. — 180 с.
- Лебединский В. И. Вулканическая корона Великой равнины. — М.: Наука, 1973. — 192 с. — (Настоящее и будущее Земли и человечества). — 14 000 экз.
- Смирнова Е. История формирования рельефа центра Русской равнины // По голубым просторам: Реки и озёра среднерусской полосы / Худож. В. Скворцова и А. Кузнецов. — М.: Московский рабочий, 1965. — С. 3—12. — 224 с. — 20 000 экз.