Сергеев, Иван Фёдорович
Иван Фёдорович Сергеев (1916 шеран 14 февраль, Берёзовка, Новосильское сельское поселение — 1993, Соьлжа-ГӀала) — артиллерист, лахара лейтенант, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.
Иван Фёдорович Сергеев | |
---|---|
Вина терахь | 1916 шеран 14 февраль |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1993 |
Кхелхина меттиг | |
Эскаран тайпа | артиллери |
Дарж | младший лейтенант |
ТӀемаш | |
СовгӀаташ |
Биографи
бӀаьра нисйанСергеев винера 1916 шеран 14 февралехь Берёзовка йуьртахь (хӀинца Воронежан областан Семилукски кӀошт) ахархон доьзаллехь. Цо ворхӀ шаран школа чекхйаьккхира, Бакун эчиг некъахь болх бира. 1937—1939 шерашкахь ЦӀен Эскарехь вара. 1941 шеран декабрь дуьйна Сергеев фронтехь вара. 1943 шо дуьйна КПСС декъашхо[1].
Сергеев вара 2-гӀа Украинин фронтан 52-гӀа армин 31-гӀа кхиссархойн дивизин 32-гӀа артиллерин полкан йоккха тоьпан наводчик а, куьйгалхо а. 1944 шеран 1 апрелехь Пырлица йуьртан уллехь (Молдавин Бельски областин Корнештински кӀошт) хилла тӀамехь сержант Сергеев вара мостагӀийн герз даьтта меттанаш а, салтий а хӀаллакбеш. Иштта цо хӀаллакбира 70 гергга мостагийн салтий а, эпсарш а. 1944 шеран 13 сентябрехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Сергеевн Советски Союзан Турпалан цӀе йелира[1].
1945 шарахь Сергеевс чекхйаьккхира лахара лейтенантан курсаш. 1946 шарахь иза тӀаьхьаллоне велира. Цул тӀаьхьа иза вара Дагестанан АССРн ГӀизларан горкоман куьйгалхо, тӀаккха — Соьлжа-ГӀалин эчиг некъан станцин парткоман секретарь[1].
1946 шо дуьйна Соьлжа-ГӀалахь Ӏаш вара. 1992 шарахь и Ӏаш волчу Дудаевн тӀемлой схьааьхьа болабелира. Уьш бара Сергеевн тӀеман совгӀташ схьайаккха гӀерташ. 1993 шеран январехь йуха а бехкина тӀемлойш Сергеевн йиттира. Цул тӀаьхьа цунна хилла чевнаш бахьнехь иза велира. Цуьнан зудчунна божалчохь Ӏан дийзира. Сергеевн зуда лулахой гӀонца кӀелхьар йелира. Цхьа хан йаьлча иза Соьлжа-ГӀалара дӀайаха дийзира[1].
Дагахьлаттавар
бӀаьра нисйан2013 шеран 14 февралехь (Ростов-на-Дону гӀала мостагӀех мукйаккхаран де) цу гӀалахь хилира акци «[У]Лица Победы» тӀема турпалаш дагабоуьйтуш. Оцу турпалхойн йукъахь Сергеев а вара[1].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 5 Сергеев, Иван Фёдорович . Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
Литература
бӀаьра нисйан- Сергеев Иван Фёдорович // Советская Молдавия: краткая энциклопедия / Вартичан И. К. — Кишинёв: Главная редакция Молдавской советской энциклопедии, 1982. — С. 563. — 709 с.
- Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1988. — Т. 2 /Любов — Ящук/. — 863 с. — 100 000 экз. — ISBN 5-203-00536-2.
- Золотые Звёзды Чечено-Ингушетии. — 3-е изд., доп. — Грозный, 1985. — С. 141—146.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Сергеев, Иван Фёдорович . Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».