Сидней-гӀалара оперин театр

Сидней-гӀалара оперин хӀусам (ингалсан маттахь Sydney Opera House) — Австралехь, Сидней шахьарехь лаьтташ йолу оперин театр ю. Дуьненахь уггар а евзуш йолу гӀишлойх цхьаъ ю. Австралехь уггар гӀараяьлла меттиг ю иза, пачхьалкхан символ а ю. Континентан коьрта туристийн сийлаллаш юкъахь коьртачех цхьаъ ю. ХӀора шарахь цхьа эзар ворхӀ бӀе хӀоттор хуьлу театрехь[4]. Цаьрга хьажа миллион сов адам оьху (2006-чу шеран хаамашца). Ткъа гӀишлога хьажа 8[5]-10 миллион гергга стаг вогӀу, царна юкъахь туристаш а, гӀалин бахархой а хуьлу[6]. Ши бӀе эзар (200000) адам экскурсилелорхошца боьлху театре.

Сийлахь меттиг
Сидней-гӀалара оперин театр
Sydneyoperahouse at night.jpg
33°51′25″ къ. ш. 151°12′53″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Лаьтта меттиг Сидней[d]
Архитектурин хатӀ Экспрессионизм[d]
Архитектор Утзон, Йёрн[d][3], Peter Hall[d][3]
Локхалла 67 метр
Сайт sydneyoperahouse.com
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Сидней-гӀалара оперин театр австралихойн а, дуьненан а исбаьхьаллин хазна санна лоруш ю. Шен хатӀехь дуьненахь цхьаъ бен яц иза. Цуьнан тхов гатанан чкъурийн тайпа бу. Театр кхаа шарахь хьалайотта Ӏалашо яра, ткъа проектан мах ворхӀ миллион австралихойн доллар бара. Амма гӀишло яр хьеделира, и ечу хенахь бӀе миллион гергга харжаш йира[7].

Схьайиллина 1973-чу шарахь эсаран-беттан (октябран) 20-чу дийнахь. Схьаелларан хашлехь дакъа лецира Австралин зуда-паччахь йолу ӀӀ-чу Элизабетас.

2007-чу шеран асаран-беттан (июнан) 28-чохь дуьненаюкъара хазанаш лардечу ЮНЕСКО-н тептаре яьккхинера иза. Ишта статус йолуш ХХ-чу бӀешеран 70-шерашкахь хьалайоьттина цхьаъ бен йоцу гӀишло ю.

ХьостанашНисйе

  1. http://data.gov.au/dataset/2016-soe-her-aus-national-heritage — 2017.
  2. archINFORM — 1994.
  3. 1 2 https://www.abc.net.au/news/2016-01-31/peter-hall-architect-who-fixed-opera-house-after-utzon-departed/7127160
  4. Kerr James Semple[en]. Syndey Opera House (англ.) / Australian Government. — illustrated. — Sydney: Sydney Opera House Trust, 2006. — 1254 p. — ISBN 0909654115. — ISBN 9780909654115.
  5. Opera House makes seven wonders final 21 (англ.), The Sydney Morning Herald (22 November 2006).
  6. https://www.sydneyoperahouse.com/content/soh/our-story/sydney-opera-house-facts.html
  7. Sydney Opera House Guide (ингалс.).