Австра́ли (инг. Australia, МФА: [əˈstreɪljə], схьадаьлла лат. austrālis — «къилбен»), официалан кеп — Австрали́н Барт, я Австра́лин доттагӀалла (инг. Commonwealth of Australia[5], МФА: [ˈkɒm.ənˌwɛlθ əv əˈstreɪljə]), — Къилба эхигера пачхьалкх, дӀалоцу изза цӀе йолу материк, Тасмани гӀайре, ХӀиндин а, Тийна а Ӏапказаш чура масех кхин гӀайре а, [* 1]; майданца йалхолгӀа пачхьалкх йу дуьненахь. Австралин Бертан къилбаседехьа лаьтта Малхбален Тимор, ХӀиндонези, Папуа — Керла Гвиней, къилбаседа-малхбалехьа — Вануату, Керла Каледони, Сулейманан ГӀайренаш, къилба-малхбалехьа — Керла Зеланди. Папуа — Керла Гвинейн коьртачу гӀайренах Австралин Бертан материкан дакъа къастийна Торресан хидоькъено уггаре кӀезигчохь шоралла 150 км[7], а расстояние от австралийского острова Боигу до Папуа — Новой Гвинеи составляет около 5 километров[8]. 2018 шеран 31 декабрехь бахархойн мах хадийна 25 180 200 стаг, Дукхаха берш царех беха малхбален бердан тӀера гӀаланашкахь[9].

Австралин Барт
инг. Commonwealth of Australia
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Австралин Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Маьрша йаьлла терахьаш Доминион: 1901 1 январехь
Вестминстеран статут: 1931 11 декабрехь (тӀеэцна 1939 9 сентябрехь)
Австралин Омар: 1986 3 мартехь
(Йоккха Британех)
Официалан мотт ингалсан меттан Австралин кеп (де-факто)
Коьрта гӀала  Канберра
Йаккхий гӀаланаш Сидней, Мельбурн, Брисбен, Перт, Аделаида, Голд-Кост, Ньюкасл, Канберра, Вуллонгонг
Урхаллин тайпа конституцин монархи[1]
Паччахь
Инарла-губернатор
Премьер-министр
Карл III (Йоккха Британин паччахь)
Дэвид Харли
Албаниз Энтони
Латта
 • Шадерг  (6-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле 1%
Бахархой
 • Мах хадор 25 978 935[2] стаг
ДЧС
 • Шадерг (2021) 1,454 трлн[3] долл. (20-гӀа)
 • ХӀораннан а сина 56 412[3] долл.
АДКИ (2021)  (тӀех лакхара; 5-гӀа меттиг)
Бахархойн цӀерш австралихо, австралихой
Ахча австралин доллар (AUD, код 036)
Интернет-домен .au
Код ISO AU
Код МОК AUS
Телефонан код +61
Сахьтан аса +8 … +11
Автомобилийн некъаш аьрру[d][4]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Австрали кхиина пачхьалкхех цхьаъ йу, дуьненахь экономикин барамца кхойтталгӀа йу, и имеет бахархойн хӀора синна кхочу ДЧСца йалхалгӀа йу дуьненахь. Австралин тӀеман гӀуллакхан харжаш дуьненах шийтталгӀа меттигехь йу дуьненахь. Адаман потенциал кхиаран индексца шолгӀа барамца Австралийу лакхарчу меттигехь дукхаха йолчу сферашкахь, масала: дахаран дикалла, могашалла, дешар, экономикин маршо, гражданийн маршо ларйарехь, политикин бакъонашкахь[10]. Австрали йу G20, ЭЦКхКхан, ДДМКхан, АТЭЦан, ВКЪКхан, Къаьмнийн доттагӀаллин, АКЗАШан, АУКУСан, ТийнаӀапказан гӀайренийн форуман декъахо.

ЦӀеран этимологи нисйе бӀаьра

 
Terra Australis некъбар чуьра Порт-Джэксон гар. Оцу меттигехь йиллина Сидней

«Австрали» термин (инг. Australia, [əˈstɹæɪljə, -liə] австралин ингалсехь[11]) схьадолу лат. austrālis («къилбен»). Австралихойн къамелехь леладо Oz дош. «Австралин» боху билгалдош билгалдоккхуш австралихоша леладо Aussie дош ([ˈɒzi]).

Девзаш доцу Къилбен латтах легендаш (лат. Terra Australis Incognita) — «къилбехьара девзаш доцу латтах» — хьаладоьду Руман империн замане, континентах болчу хаамашна тӀетовжа цхьан а меттиг боцушехь, тамашийна хӀума а дацара йуккъерабӀешерийн географехь,.

Уггаре хьалхара тептар тӀе баьккхина ингалсан матахь «Australia» дешах хаамаш бара 1625 шарахь йаздина дешнаш «Говзанчо Халклайта дӀайаздина Аустралиа-дель-Эспириту-Сантух лаьцна хаамаш» (инг. A note of Australia del Espíritu Santo, written by Master Hakluyt) а, Пурчас Самуэла[en] зорба тоьхна Hakluytus Posthumus а, цигахь Керла Гебридаш архипелагера гӀайренна йелла испанхойн цӀе Аустралиа-дель-Эспириту-Санту (испан. Australia del Espíritu Santo), галйаьккхинера «Australia»[12] аьлла. Билгалдош «Australische» иштта лелайора голландин Батавин (хӀинцалера Джакарта) чинхоша 1638 шарахь дуьйна карийна дерриг керла къилбехьара латтанашна[13]. «Australia» дош лелийра ингалсан матте даьккхинчу французийн йаздархочун-утопистан Габриэля де Фуаньин жайнахь «Садер Жакан хиламаш а, Астралин Латтанаш дӀаделлар а» (фр. Les Aventures de Jacques Sadeur dans la Découverte et le Voyage de la Terre Australe; 1676)[14]. Тийна Ӏапказан дерриг къилба декъана и термин лелайот шотландин географо Далримпл Александра, шен «Тийна Ӏапказан къилбан декъахь некъбаран а, керла латтанаш кароран а историн коллекци» (инг. An Historical Collection of Voyages and Discoveries in the South Pacific Ocean; 1771) жайнахь. XVIII бӀешеран чаккхенгахь термин лелайо ботаникаша Шоу Джорджа а Смит Джеймс Эдварда а австралин континент шайн «Зоологи а, ботаника а Керла Голландехь» (инг. Zoology and Botany of New Holland1793)[15] жайнахь билгалйоккхуш, ткъа иштта 1799 шеран Уилсон Джеймсан[en] долу картин тӀехь[16] .

«Australia» цӀе гӀарайелира 1814 шарахь капитана Флиндерс Мэтьюс«Terra Australis некъбар» зорба тоьхначул тӀаьхьа, иза ву дуьххьара Австралин континентан гуо баьккхинарг. Цунна кечам беш Флиндерса тешийра шен хьаькам, Бэнкс Джозеф, нахана йевза термин Terra Australisлело йезар, цу тӀе элира:

Нагахь аса сайна магийтича муьлхха керла хӀума йукъадаккхар, иза хир дара «Australia» аьлла континентан цӀе хийцар, иштта иза лерган хаза тамехь йу, дуьненан кхечу даккхийчу дакъойн цӀерашца йогӀуш а йу[17].

Иза могӀамехь цхьаъ бен доцу «Australia» дош ду; амма жайнин Броун Роберта тӀейаздиначу III « Терра Аустралисан географин а, систематикин а йукъара хаамаш, ботаникех лаьцна а» (инг. General remarks, geographical and systematical, on the botany of Terra Australis; 1814) жайнахь массанхьа леладо билгалдош «Australian»[18], и ду дуьххьара и дош документе даьккхина жайна[19]. Даьржина тилдаларе хьаьжна ца Ӏаш, жайно башха роль ца ловзийра «Australia» дош континентан цӀе санна даржорехь — и цӀе тӀеийцира жайна арадаьллачул тӀаьхьарчу итт шарахь[20]. Керла Къилба Уэльсан губернаторо Лаклан Маккуорис, лелийра и цӀе Ингалсе дохьуьйту официалан кехаташкахь, ткъа 1817 шеран 12 декабрехь Британин империн колонийн гӀуллакхийн министралле рекомендации йира и цӀе официалан тӀеэца аьлла[21]. 1824 шарахь Британин адмиралтейлло чаккхенца чӀагӀйира континентан и цӀе[22].

Истори нисйе бӀаьра

Австрали европахойх хьакхайаллалц (1606 шо кхачале) нисйе бӀаьра

 
Къоман Какаду паркера бухарчу бахархоша дехкина суьрташ, церан 30 000 шо гергга хир ду.

Австралин аборигенийн дай Австралехь гучубевлла 40—60 эз. шо хьалха (Кхечу хаамашца — 70 эз. шо хьалха)[23][24]. Адамаш Австрале даьхкина хӀорд чухула, оцу хенахь Керла Гвиней а, Тасмани а континентан дакъа хилла, цуо гойту уьш дуьненахь уггаре хьалхара хӀордахой хилар[25]. Адам континентан тӀе охьахаа доладелира 42—48 эз. шо хьалха[26].

Уггаре хьалхарлнра адамийн даьӀахкаш карийна Мунго Ӏам тӀехь, иза бакъабелла Ӏам бу Къилба-Малхбалехьара Керла Къилба Уэльс штатехь [27]. и даьӀахкаш йу хьалха карийначарех уггаре ширачех Дуьненахь багоран масалех, цуо гойту австралин аборигенашна йукъахь хьалха динан Ӏадат хилар [28].

ХӀинца а лелочу говзаллех дуьненахь уггаре ширачех лору аборигенийн говзалла [29]. Цуьнан хенан мах хадабо 30 000 шо, иза ган тарло Австралин берриг махкахь (масала, Улуру а, Какадухь а.[30][31]. Хенан а, суьрташ дукха хилар а агӀора хьаьжча, Австралера тархаш тӀе суьрташ дахкар дуста мегар ду Европера Ласко а, Альтамиран хьехаршца[32][33].

Вайн эрал 10—12 эзар шо хьалха Тасмани дӀакъаьста материках, цхьайолу тӀулган технологеш ца кхиира тасманин аборигенашка (масала, бумеранг лелор)[34]. Австралин историн ширачу заманахь Къилба-Малхбален Австралехь сих-сиха тӀаплаьмнаш Ӏаьттадора[35]. Къилба-малхбален Австралехь, Виктори штатера Кондах[en] Ӏам тӀехь, карийна ахгуттаренна йолу нах баьхна меттигаш, шортта дааран сурсаташ долуш[36]. БӀешерийн дохаллашкахь макасараша махлелабора Австралин аборигенашца, масала Арнем-Лендан къилбаседа-малхбалера йолнгу адамашца.

Австрали хӀордахоша дӀайеллар (1606—1788) нисйе бӀаьра

 
Австрали европахойн хӀордахоша таллар (1812 шо кхачале)
     1606 — Виллем Янсзон      1606 — Луис Ваэс де Торрес      1616 — Дерк Хартог      1619 — Фредерик де Хаутман      1644 — Тасман Абел      1696 — Виллем де Вламинк      1699 — Уильям Дампир      1770 — Джеймс Кук      1797—1799 — Джордж Басс      1801—1803 — Мэтью Флиндерс

Цхьацца авторш гӀиртира XVI бӀешарахь Австралехь европахой хилла хилар гучудаккха. Макинтайр Кеннета[en] а, кхин историкаша а чӀагӀдора, португалхоша къайлаха Австрали дӀайиллина XVI бӀешаран 20-гӀачу шерашкахь[37]. Дьепан карташ[en] тӀехь «Жав-Ля-Гранд»[en] (фр. Jave La Grande) йоза хилар тӀеоьцура цара «португалихоша дӀайелларан» тешалла санна». ТӀаккха а, Дьепан карташа гойту оцу муьран географин хьал чекхдаккханза хилар, фактех дерг а, теоретикех дерг а[38]. XVII бӀешо кхаччалц европахойн зийаратийн теорино Австралин а, кхечу мехкийн а тӀеозайора дукха ойла.

ТӀеман ницкъаш нисйе бӀаьра

Австралин тӀеман ницкъех олу Австралин дуьхьалонан ницкъаш (ADF). Уьш лаьтта Паччахьан австралин тӀеман-хӀордан флотах, Австралин эскарх, Паччахьан австралин тӀеман-хӀаваан флотах.

ТӀН вовшахтуху — контрактан бух тӀехь шайн лаамца, гӀуллакхан хан контрактан хьелаша доза тухий билгалйоккху.

  • Йукъара барам: 51,5 эзар (рогӀера хӀоттам) а, 19,5 эзар (резерв)
    • Латтан тӀера эскарш:
    • ТӀХӀН:
    • ТӀХӀФ:
  • Мобилизацин ресурсаш: 4,9 млн ст. (царех эскарна пайденна бу 4,2 млн)

Австралин дерриг тайпана тӀеман ницкъаш жигара дакъалоцуш ду машарен операцешкахь (хӀинца — Малхбален Тиморехь а, Сулейманан ГӀайренашкахь а), кӀелхьарабахаран операцешкахь а, тӀеман девнашкахь а (хӀинца — Ӏиракъехь а, ОвхӀанехь а).

Премьер-министро хӀоттаво тӀеман ницкъийн тайпанийн баьччех коьртабаьчча. ХӀинца Австралин дуьхьалонан ницкъийн баьчча ву авиацин мудир Хьюстон Ангус[en]. 2005/06 финансийн шарахь тӀеман харж хилира 17,5 млрд австралин доллар[39]ДЧСах 2 %.

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Хьажа ишта нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Комментареш
  1. Австрали пачхьалкхо официалан лору Австралин материкал къилбехьара хиш Къилба Ӏапказ, ХӀиндин Ӏапказан дакъа ца лору Дуьненайукъара гидрографин кхолламйо (ДГКх) билгал ма-даккхара. 2000 шарахь ДГКх мехкаша-декъашхоша «Къилба Ӏапказ» Антарктидина а, 60-гӀа параллелна йукъара хиш бен цаларарх сацамна кхаж тесира[6].
Хьосташ
  1. Атлас мира: Максимально подробная информация / Руководители проекта: А. Н. Бушнев, А. П. Притворов. — Москва: АСТ, 2017. — С. 92. — 96 с. — ISBN 978-5-17-10261-4.
  2. National, state and territory population (инг.). Австралийское бюро статистики (2022 шеран 15 декабрь). ТӀекхочу дата: 2023 шеран 25 февраль.
  3. 1 2 Report for Selected Countries and Subjects. ТӀекхочу дата: 2023 шеран 25 февраль.
  4. 129 // Australian Road Rules
  5. Constitution of Australia. ComLaw (2003 шеран 1 июнь). — «3. It shall be lawful for the Queen, with the advice of the Privy Council, to declare by proclamation that, on and after a day therein appointed, not being later than one year after the passing of this Act, the people of New South Wales, Victoria, South Australia, Queensland, and Tasmania, and also, if Her Majesty is satisfied that the people of Western Australia have agreed thereto, of Western Australia, shall be united in a Federal Commonwealth under the name of the Commonwealth of Australia». ТӀекхочу дата: 2011 шеран 5 август. Архивйина 2012 шеран 2 февралехь
  6. Rosenberg, Matt The New Fifth Ocean — The World's Newest Ocean — The Southern Ocean. About.com: Geography (2009 шеран 20 август). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 5 апрель. Архивйина 2012 шеран 2 февралехь Архивйина 2012-01-26 — Wayback Machine
  7. Торресов пролив // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
  8. Islands of Australia. Boigu. Island Directory. United Nations Environment Programme (1998). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 4 май.
  9. 3101.0 - Australian Demographic Statistics, Dec 2018 (инг.). Australian Bureau of Statistics (2019 шеран 20 июнь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 2 июль.
  10. Australia: World Audit Democracy Profile. WorldAudit.org. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 5 январь. Архивйина 2012 шеран 2 февралехь
  11. Australian pronunciations: Macquarie Dictionary, Fourth Edition (2005). Melbourne, The Macquarie Library Pty Ltd. ISBN 1-876429-14-3.
  12. Purchas, vol. iv, pp. 1422—32, 1625. This appears to be variation of the original Spanish «Austrialia» [sic]. A copy at the Library of Congress can be read online [http://memory.loc.gov/service/rbc/rbdk/d0404/02951422.jpg. Кху чуьра архивйина оригиналан 2006 шеран 22 августехь Архивйина 2006-08-22 — Wayback Machine
  13. Scott, Ernest. The Life of Captain Matthew Flinders(ингалс.). — Kessinger Publishing(ингалс.), 2004. — P. 299. — ISBN 978-1-4191-6948-9.
  14. Sidney J. Baker, The Australian Language, second edition, 1966.
  15. Ferguson, John Alexander. Bibliography of Australia: 1784—1830(ингалс.). — reprint. — National Library of Australia, 1975. — Vol. 1. — P. 77. — ISBN 0-642-99044-1.
  16. Estensen, Miriam. The Life of Matthew Flinders(ингалс.). — Allen & Unwin, 2002. — P. 354. — ISBN 1-74114-152-4.
  17. Flinders, Matthew. A Voyage to Terra Australis(ингалс.)(ингалс.). — G. and W. Nicol, 1814.
  18. General remarks, geographical and systematical, on the botany of Terra Australis // The Miscellaneous Botanical Works of Robert Brown, Esq., D.C.L., F.R.S(ингалс.) / Bennett, J. J.. — 1866—68. — Vol. 2. — P. 1—89.
  19. Mabberley, David. Jupiter botanicus: Robert Brown of the British Museum(ингалс.). — British Museum (Natural History), 1985. — ISBN 3-7682-1408-7.
  20. Estensen, p. 450.
  21. Weekend Australian, 30—31 December 2000, p. 16.
  22. Department of Immigration and Citizenship. Life in Australia(ингалс.). — Commonwealth of Australia, 2007. — P. 11. — ISBN 978-1-921446-30-6. Архивированная копия. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 23 сентябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 17 октябрехь
  23. Peter Hiscock (2008). Archaeology of Ancient Australia. Routledge: London. ISBN 0-415-33811-5.
  24. John Mulvaney and Johan Kamminga (1999). Prehistory of Australia. Allen and Unwin, Sydney. ISBN 1 864489502.
  25. Ron Laidlaw «Aboriginal Society before European settlement» in Tim Gurry (ed) (1984) The European Occupation. Heinemann Educational Australia, Richmond. p. 40. ISBN 0 85859 2509.
  26. Gillespie, Richard. Dating the First Australians (full text) (en) // Radiocarbon. — 2002. — Vol. 44, no. 2. — P. 455—472. Архивйина 2003  шеран  19 июлехь.
  27. Bowler J. M., Johnston H., Olley J. M., Prescott J. R., Roberts R. G., Shawcross W., Spooner NA. New ages for human occupation and climatic change at Lake Mungo, Australia (en) // Nature : journal. — 2003. — Vol. 421, no. 6925. — P. 837—840. — DOI:10.1038/nature01383. — PMID 1259451.
  28. Bowler, J. M. 1971. Pleistocene salinities and climatic change: Evidence from lakes and lunettes in southeastern Australia. In: Mulvaney, D. J. and Golson, J. (eds), Aboriginal Man and Environment in Australia. Canberra: Australian National University Press, pp. 47—65.
  29. The Indigenous Collection. The Ian Potter Centre: NGV Australia. National Gallery of Victoria. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 6 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 6 декабрехь
  30. Environment.gov.au. Environment.gov.au (2011 шеран 8 июль). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 14 июль. Архивйина 2012 шеран 2 февралехь
  31. Environment.gov.au. Environment.gov.au (2011 шеран 8 июль). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 14 июль. Архивйина 2012 шеран 2 февралехь
  32. Indigenous art. Australian Culture and Recreation Portal. Australia Government. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 26 сентябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 2 февралехь
  33. Australia. Australianmuseum.net.au. Australianmuseum.net.au (2011 шеран 1 июль). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 14 июль. Архивйина 2012 шеран 2 февралехь
  34. Julia Clark (c. 1992) «Aboriginal People of Tasmania», p. 3 in Aboriginal Australia, produced by Aboriginal and Torres Strait Islander Commission (ATSIC) ISBN 0-644-24277-9.
  35. Richard Broome (1984) Arriving, p. 6.
  36. Richard Broome (1984) Arriving, p. 8.
  37. McIntyre, K. G. (1977) The Secret Discovery of Australia, Portuguese ventures 200 years before Cook, Souvenir Press, Menindie ISBN 028562303 6.
  38. Robert J. King, «The Jagiellonian Globe, a Key to the Puzzle of Jave la Grande», The Globe: Journal of the Australian Map Circle, no. 62, 2009, pp. 1—50.
  39. Australian Government. (2005). Budget 2005—2006 Архивйина 2019-12-03 — Wayback Machine

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра