Синан
Сина́н (1489 шеран 15 апрель, АгӀирнас йурт (Кайсери уллехь) (эрм. Մաժակ, Мажак) — 1588 шеран 7 февраль, Истмала) — массарелла вевзаш волу Хункар-мехкан архитектор а, инженер а. Цуьна йуьззина цӀе йу Абдульменна́н огӏлу́ Синанедди́н Юсу́ф (турк. Abdülmennan oğlu Sinaneddin Yusuf), иштта и вевзаш ву Ходжа́ Мима́р Сина́н Ага́ (турк. Hoca Mimar Sinan Ağa цӀарца — эла хьехархо архитектор Синан), йа Мима́р Сина́н (турк. Mimar Sinan — архитектор Синан). 1538 шо дуьйна дӀа коьрта османийн архитектор а, инженер а даржехь цо байтина гӀишлош йеш белхаш Сулейман I а, Селим II а, Мурад III паччахьаш болу хенахь.
Мима́р Синан | |
---|---|
Mimar Sinan | |
Бакъ цӀе | Юсуф |
ГӀуллакхан тайпа | архитектор |
Вина терахь | 1489 шеран 15 апрель |
Вина меттиг | АгӀирнас йурт (Кайсери уллехь) (арм. Мажак) |
Кхелхина терахь | 1588 шеран 7 февраль (98 шо) |
Кхелхина меттиг | Истмала |
Корматалла | архитектор |
Мима́р Синан Викилармехь |
Цо куьйгал деш йина дукха гӀишлош — маьждигаш, исламан хьалхара школаш (мектеб), акведукаш, чӀагӀонаш, тӀайнаш, тӀема хенахь хилла походашкахь дехьавалараш. Цо хӀоттийна проекташца йина Роксолана банеш а, цуьна мавзолей а. Синанан дешархо Седефкар Мехмет Ага хӀоттийра Истмалехь дина Сийна маьждиган проект. Кхоьчу дешархош йира Мостарехь (Босния а, Герцеговина а) долу Шира тӀай. Сирийн архитектор Устада Иса Ханс хӀоттийра Сийлахь-баккхи Моголан имперехь йина Тадж-Махалан проект.
Виццавар
бӀаьра нисйан- Синан цӀе тиллина Меркурийн тӀехь йолу кратеран.
- Синанан Эдирнехь хӀоттийна памятник.
- Анкарахь йу Синанан бюст.
- 1982—1995 шарашкахь лелаш хилла 10000 Туркойчоьнан лираш тӀехь дара Синанан сурт цу йинчу Селемие аьлла маьждиган хьалха.
- 1982 шеран 20 июлехь Стамбулехь йолу Гайтаман исбаьхьалли Университетан Мимар Синан цӀе тиллина[1].
-
Мимар Синан цӀарах йолу Гайтаман исбаьхьалли Университетан коьрта чугӀойла
-
Мимар Синан Университетан уьтӀа
-
Мимар Синан Университетан хьалха долу йоза
-
Мимар Синан Университетан чохь йолу гайта хӀотторан афиша
-
Мимар Синанан Мавзолей
-
Эдирнехь йолу Мимар Синанан памятник
-
Стамбулехь йолу Кафераг медресехь чохь Мимара Синанан борзанан бюст
-
Анкарахь йолу Мимар Синанан бюст
-
Мимар Синан а, цо дина Селимие маьждиг а 10 000 турцийн лиран тӀехь
Галерей
бӀаьра нисйан-
Сулеймание маьждиг, хьалха аьрро агӀор — Рустам Паша маьждиг
-
Сулеймание маьждиг чуьра
-
Синанан Тюрбе
-
1575 шарахь Синанс дина Селимие маьждиг, Эдирне, Туркойчоь
-
Селимие маьждиган нартол
-
Михрима-Султан маьждиг
-
Рустам Паша маьждиг галерейн аьтто агӀо
-
Хасеки-Хуррем Хамам
-
Хасеки-Хуррем хамам пенатӀехь диццадаларан у
-
Истмалара маьждиг
-
Сокуллу Мехмед Паши маьждиг
-
Вишеградан тӀай
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ http://tr.wikipedia.org/w/index.php?title=Mimar_Sinan_G%C3%BCzel_Sanatlar_%C3%9Cniversitesi&stable=0&shownotice=1 Университет Изобразительных искусств Мимара Синана
Хьажоргаш
бӀаьра нисйанMimar Sinan Викилармехь |
- Веймарн Б. Искусство Турции
- Портал Islam.by Выдающийся османский архитектор Мимар Синан. Архивйина 2012-07-18 — Wayback Machine
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |