Сира-сийна кхокха

ХӀокху версин 1 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2019, 3 ноябрь).

Сира-сийна кхокха (инг. Rock Pigeon, оьрс. Голубь) — Горга, дуьзна дегI а долуш, луьста, шера дегIа тIе йийшина месаш а йолуш ду кхокхий. Кхаа тайпана а, шийтта беса а ду уьш.

Сира-сийна кхокха
Кхокха
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Columba livia
(Gmelin, 1789)
Бухара тайпанаш
Ареал
сурт

     Дуьххьарлера ареал

     Шуьйра ареал
Ларйен статус
Columba livia

Вайн цIахь, адамаш дехачохь гIаланашкахь а, ярташкахь а хуьлуш болу кхокха. И тайпа кхокхий дукха а ду. Яккхийчу гIеранашца хуьлу уьш ялташ лелочу меттехь. Элеваторшкахь, амбарашкахь, хьаьттанашкахь. Букъ тIе кхаччалц гIорта а, хаьндарг а, таьIно сийна а, баьццара а бас бетталуш, арий санна лепаш хуьлу кхокханан. "Кхокханан басахь" лоу вай цуьначух тера бос болчу хIуманах. Шина а агIор тIома тIехь шалха Iаьржа мозанаш ю цуьнан, тIомана пурхалхьа, тIам буткълучу меттехь. Кхокханан когаш а, бIаьргаш а цIиэ ду. ЗIок хотталучохь чохчам ю цуьнан. Кхин бос болуш а хуьлу адамаш дехачохь долу кхокхий.

Цхьана метта дехаш а, дIай-схьай кхелхаш, Iен меттиг хуьйцуш а хуьлу кхокхий. Ах акха а, ах адамех доьлла караIемина а ларалуш ду уьш. Кхокхаша баннаш до тIулган я сацкъаран бердашца, дIатесна йитначу тишчу гIишлош чохь, цIенойн тхевнашкахь, карнизашкахь. Кхокханан бен башха лерина бой а ца хуьлу. Цхьа кIеззиг синтарш а гулйой, буха масс а тосий бо кхокхано бен. Февраль, март баттахь болало кхокха хIоьаш дан.Кхокхано шиъ до хIоа. КIорнеш шарахь кхузза, доьазза йоху цо. Кхокханан бадар чехка ду. ТIемаш сиха детта цо. Бекар "Кхур-кху-у-кх, кху-у-кх" бохаш ду цуьнан. Цкъацкъа "къу-у-у, къу-у-у", бохуш, узарш деш санна бека иза. Дитта тIе хууш гIиллакх дац цуьнан.

Хьажа. кхин

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан