Соленикови ватагин уллера тӀом1773—1775 шерашкара Ахархойн тӀамера тӀаьххьара боккха тӀом, хилла 1774 шеран 25 августехь Чёрни Яр. Оцу тӀамехь подполковникан И. И. Михельсонан эскарша эшам бира гӀовттамхошна; оцу тӀамо Пугачёвн гӀаттам бохийра[1].

Соленикови ватагин уллера тӀом
Коьрта конфликт: Ахархойн тӀом 1773—1775
Терахь 25 августехь (5 сентябрехь1774 шеран
Меттиг Чёрни Яр
ЖамӀ ГӀовттамхой эшна
МостагӀий

ГӀовттамхой:
Яикан гӀазакхий
Ахархой

 Российн импери

БӀаьччаш

Е. И. Пугачёв
А. А. Овчинников
Ф. Ф. Чумаков

И. И. Михельсон

Массон ницкъаш

10 000 стаг
24 йоккха топ

4767 стаг
25 йоккха топ

Белларш

2000 вийна
6000 йийсархо а, бевддарш а[1]

16 вийна
74 чов йина

Хьалхара истори

бӀаьра нисйан

Казань йолчохь эшначул тӀаьхьа йуха а 10 эзар стаге хьаладуьзна Пугачёвн эскарна, подполковникан И. И. Михельсонан правительствон тоба тӀаьхьакхиира Чёрни Яр уллера овхойн Соленикови ватага йолчехь.

1774 шеран 25 августехь сатосуш Михельсона омар делира герз тоха йолуш йолчу йаккхийн тоьпаш чуьра ПугачевгӀеран могӀаршна. Кхин дан хӀума а ца хилла, хӀунда аьлча Михельсона цуьнан эскаршна къилбехьа йухадала меттиг ца битинера, Пугачёв Емельяна сацам бира тӀом дуьхьала бан. Шайн могӀашна правительствон эскарша йаккхий тоьпаш етта йолийча, Пугачёвс омар делира полковникан Чумаков Фёдоран куьйгакӀела йолчу йерриг 24 йоккха топ дуьхьала тоха аьлла. Омар дукха сиха кхочуш дира, йаккхий тоьпаш йиттира эха сахьтехь сов.

Амма пугачевгӀеран йаккхий тоьпаша доккха зиен ца дира Михельсонан тобанна, хӀунда аьлча шен дика ца хаарна Чумаковс дукха хьалха хӀиттийнера уьш регуляран эскаршна гергахь, ткъа шайн эскаршна генахь, цундела мостагӀчун дошлошна а, гӀашлошна дуьхьала церан дан хӀума ца хилира (талламехь Пугачевс тӀамехь шеш иэшаран и ледарло коьрта бахьна лерира).

Цул сов, правительствон эскарш лардира локхалло, гӀовттамхойн эскар чутаьӀначохь дара. ТӀаьххьара, Чумаковн доккха гӀалат гина, Михельсона омар делира шен берешка гӀовттамхойн йаккхий тоьпаш схьаяха аьлла, и цара чӀогӀа атта кхочуш дира[2], гӀовттамхой йерриг артиллери йоцуш йитира тӀом болабелла 30—40 минот йаьлча.

Артиллери дӀаяккхар хиинчу Пугачёвс, омар делира муьлххачу мехах а схьаяккха иза мостагӀчуьнгара. Цундела, алсама хиларна, Пугачёвс ир-кара хӀиттийна гӀовттамхой майра дуьхьала летира правительствон эскарийн позицешна. Амма, массийттаза уллера цхьабосса чаччамийн герз кхоссаро, тӀелетачеран могӀнаш кхера а делла, доьхна, цхьан а низам доцуш йухадевлира.

Пугачёв гӀоьртира уьдуш долу шен эскар сацо, масех тоба вовшахтохаелира, уьш ша тӀаме йигира. Амма цхьаьна хенахь шинне агӀора тӀелеттачу Михельсонан дошлоша ницкъ ца беш тӀелатар йухатуьйхира. Цул тӀаьхьа цхьаьна кепара пугачёвгӀеран гӀовттамхойн орданга йуьхьанца масех декъе йийкъира регуляран эскарийн дошлоша, дукха хан ялале гуон йукъахь бисира. Фронтера правительствон артиллерис гатбина, гӀовттамхой йуха бевдира, дошлойн тарраш кӀела бахара[3].

Кхетта, оьшур дуьйла, Пугачев а, цуьнан «гвардера» кхин 200 гергга гӀаттамхо а (дукхаха берш гӀазакхий) тӀаьххьарчу моментехь тӀемера вадавелира, тӀаьхьабогӀучарал 40 сов чаккхарма гена бевлла, бахара къилба-малхбалехьа, Ийдалал дехьа. Михельсонан тобанера гӀашлойн тӀом бан а ца бийзира.

И тӀом бахьнехь Пугачев йуха а эскар доцуш висира. ТӀамехь кхелхира 2000 гергга гӀаттамхо, кхин а 6000 йийсар вира йа ведира. Кхелханчу гӀовттамхошна йукъахь хилира Пугачевн уггаре гергарчех цхьаъ волу Овчинников Андрей. Михельсонан тобан иэшам хилира: 16 стаг вийна, 74 чов йина. Ша Ийдалал дехьа ведда волу Пугачёв кестта 1774 шеран 8 (19) сентябрехь лецира накъосташа, Ӏедале дӀавелира[1].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 Шефов, 2002.
  2. Федор Федотович Чумаков. Сайт «Хронос».
  3. Емельян Пугачев на следствии. Сборник документов и материалов / Сост. Р. В. Овчинников, А. С. Светенко. — М.: Языки русской культуры, 1997. — 464 с. — ISBN 5-7859-0022-X.

Литература

бӀаьра нисйан
  • Шефов Н. А. Битвы России. — М.: АСТ, 2002. — (Военно-историческая библиотека). — ISBN 5-17-010649-1.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан