1774 шо
Григорианан рузма | 1774 MDCCLXXIV |
Юлианан рузма | 1773—1774 (12 январехь дуьйна) |
Юлианан рузма византийн эрица |
7282—7283 (12 сентябрехь дуьйна) |
Рум йиллинчара дӀа | 2526—2527 (2 майхь дуьйна) |
Жуьгтийн рузма |
5534—5535 ה'תקל"ד — ה'תקל"ה |
Исламан рузма | 1188—1189 |
Шираэрмалойн рузма | 4266—4267 (11 августехь) |
Эрмалойн килсан рузма | 1223 ԹՎ ՌՄԻԳ
|
Цийн рузма | 4470—4471 癸巳 — 甲午 Ӏаьржа лаьхьа — баьццара говр |
Эфиопийн рузма | 1766 — 1767 |
ШирахӀиндин рузма | |
- Викрам-самват | 1830—1831 |
- Шака самват | 1696—1697 |
Иранан рузма | 1152—1153 |
Буддийн рузма | 2317 |
Японин шераш дагардар | 3-гӀа шо Анъэй |
1774 (эзар ворхӀ бӀе кхузткъе итт доьалгӀа) шо Григорианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу Шотахь. Иза вайн эран 1774 шо ду, 774 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 74 шо бӀешеран, 4 шо 8-гӀа иттаннаш шерашкахь XVIII бӀешеран, 5 шо 1770-гӀа шерийн.
Хиламаш
бӀаьра нисйанМалхбузен а, Юккъера а Европа
бӀаьра нисйан- Уилкс хаьржира парламенте, ткъа лондонан буржуазис хаьржира иза лорд-мэр.
- 1774—1792 —Францин паччахь Людовик XVI.
- 1774—1776 — Францера Тюргон (финансийн инарлин тергонча) хийцамаш. ГӀаланашка чудохьу дааран сурсаташна тӀера ял охьаяккхар, гӀоле долчу сурсаташна ял тӀетохар. Ахархошна тоьхна новкъан ясакх дӀайаьккхина, новкъан ясакх йукъайаьккхина феодалашна.
- Лионера стачка.
Малхбален Европа
бӀаьра нисйан- ХӀирийчоь Российн имперех схьатохар.
- 21 июль — Российн а, Туркойчоьнан а йукъахь куьг йаздина Кючук-Кайнарджин машар кӀелахь.
- 23 июль — Пугачёв Емельянан куьйга кӀелара гӀевттинчу ахархойн эскарша цхьаьна ханна схьайоккху Казань.
- 19 сентябрь — Узенийн кӀоштахь, ГӀазакхийн Таловка кӀотар йолчохь (хӀинца посёлок Казталовка Малхбузен-Кхазакхстанан областехь) лаьцца Пугачёв.
- 1774—1789 — Туркойчоьнан Султан Ӏабдул-Хьамид I.
Ази
бӀаьра нисйан- 1774—1775 — Массашкахь адам карзахдалар Жимачу (хан Нуралы) а, Юккъерачу (хан Аблай) а жузашкахь.
- Ингалан парламентан ХӀиндин урхаллех лаьцна Закон. Бенгалин губернаторах хуьлура ХӀиндин берриг мехкийн инарла-губернатор. Кхуллура инарла-губернаторан кхеташо.
- 1774—1785 — ХӀиндера ингалсан мехкийн инарла-губернатор Хейстингс (Гастингс)Уоррен.
- Гастингса хӀаллакбина Бенгалера гӀовттамхойн коьрта ницкъаш.
- Британин Ост-ХӀиндин компанин эскар цӀеххьашха чудахара Рохилкханде, талораш дира цунна, куьйгакӀела йалийра Ауда.
- 1774—1775 — къайлаха йолчу «КӀайн лотос» йукъаралло Шаньдунехь маньчжурашна герзашца дуьхьало кечйина.
Америка а, Океани а
бӀаьра нисйан- Йоккха Британин Парламенто тӀеэцна «Лалур доцу законаш»: бостонан порт дӀакъевлина, Массачусетсан губернаторна йелла йуьззина бакъонаш, Массачусетс колонин ша-шена йолу урхалла дӀайаьккхина, цигахь ца магийна гӀалин митингаш а, дӀайаьккхина, тешамечеран кхел, Канадех тоьхна Аллеганашна дехьара боккха къилбаседа-малхбузен мохк (Квебекан акт).
- 1 июнь — леладаьлла порт дӀакъовларх билля . Дог лазарна Виргинехь кхайкхийна «тезетан, мархин, дуӀанан» де.
- 25 август — дӀайиллина Къилбаседа Каролинин хьалхара провинцин конгресс.
- 5 сентябрь — 26 октябрь — Филадельфера (АЦШ) Хьалхара Континентан конгрессан болх (Джорджин векалш боцург, церан делегаци ацийна губернаторо). Америкин колонийн «Бакъонийн декларацеш» йазйина. Британин омарш кхочуш ца даран, ингалсийн сурсатийн бойкотан, тӀеман кечаман (Дж. Уоррена кховдийна) резолюци. Кхоьллина Континентан ассоциаци. Гуонашкахь ассоциацин сацамашна терго йан «Кхерамзаллин комитеташ» кхоллар. Конгрессо паччахье арз дина, 13 колонин, Ингалсан, Канадин халкъе кхайкхам тӀеэцна. Ӏа — колонешкахь сихха кхоллайала йуьйлайелира герзашца йолу тобанаш.
- 1 декабрь — Йоккха Британин а, цуьнан къилбаседаамерикин колонешна йукъахь лелайаьлла махлелорна бойкот, цуьнан инициатор йара Хьалхара Континентан конгресс.
- Кукан экспедицин карийна Фиджи, Керла Каледони гӀайренаш.
Ӏилма
бӀаьра нисйанМузыка
бӀаьра нисйанЛитература
бӀаьра нисйанБина
бӀаьра нисйанХьажа кхин а: Категори:Бинарш 1774 шарахь
- 18 январь
- Дрезеке Бернгард (Johann Heinrich Bernhard Dräsecke), немцойн динан гӀуллаккхо, хьехамча, епископ (велла 1849 шарахь).
- Бунина Анна Петровна, нийсархоша цунах олура оьрсийн поэт, Оьрсийн Сапфо, ИтталгӀа Муза (йелла 1829 шарахь).
- 4 апрель — Вейс Изидор, виленан исбаьхьалча-агархо, арахецархо, Виленан университетан профессор (велла 1821 шарахь).
- 21 апрель — Био Жан Батист, французийн физик, геодезист, астроном (велла 1862 шарахь).
- 26 апрель — Савари Анн Жан Мари Рене, де Ровигон герцог, французийн политикин а, тӀеман а гӀуллакххо (умер 1833 шарахь).
- 7 май — Бофорт Фрэнсис, ингалсан адмирал, тӀеман гидрограф а, картограф а (велла 1857 шарахь).
- 12 август — Саути Роберт, ингалсан поэт-романтик, «Ӏоман ишколан» векал (велла 1843 шарахь).
- 5 сентябрь — Фридрих Каспар Давид, немцойн суртдиллархо (велла 1840 шарахь).
- 17 сентябрь — Меццофанти Джузеппе, итальянхойн кардинал, гӀараваьлла полиглот (велла 1849 шарахь).
- Варлаам Чикойский — сийлахь Оьрсийн килсан Чикойский Иоанно-Предтеченски килсан мозгӀар.
Белла
бӀаьра нисйанХьажа иштта
бӀаьра нисйан- 4 февраль — де ла Кондамин Шарль Мари, французийн астроном, геодезист, новкъахо, Къилба Америкин талламча, Петарбухан Ӏилманийн академин сийлахь декъахо (вина 1701).
- 22 сентябрь — Климент XIV, Руман Папа (вина 1705).
- 22 ноябрь — Клайв Роберт, Клайв Плэссийн 1-ра барон, британин Бенгалера губернатор, Плессера толамхо, британин колониалан импери йиллинчех цхьаъ (вина 1725).
- 20 декабрь — Уайтхед Пол, ингалсан поэт-емалча (вина 1710).