Сологуб (Салогуб) Леонид Романович (вина 1884 шеран 16 апрелехь, Ейск, Ейскан дакъа, Кубанан область — велла 1956 шеран 17 июлехь, Гаага, Нидерландаш) — оьрсийн исбаьхьалча а, архитектор.

Сологуб Леонид Романович
ГӀуллакхан тайпа Исбаьхьалча, архитектор
Вина терахь 1884 шеран 16 апрель({{padleft:1884|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:16|2|0}})
Вина меттиг Ейск, Российн Импери
Кхелхина терахь 1956 шеран 17 июль({{padleft:1956|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (72 шо)
Кхелхина меттиг Гаага, Паччахьалла Нидерландаш
Да Салогуб Роман Степанович (1846-1922)
Нана Салогуб Екатерина Семеновна (1855-1922)
Зуда Красильщикова Анна Николаевна (1898–1936)
Бераш Сологуб Ирина Леонидовна (1919-2007)
СовгӀаташ

1884 шеран йалхийтталгӀачу апрелехь «Литвара схьабелла — запорожхойн нисса тӀаьхьенех»[1]волчу, ейскан 2-гӀа гильдин совдегархочун кӀентан Салогуб Роман Степановичан а, цуьнан зудчун Екатерина Семеновнин а хилира кӀант, жӀар туьйхира 21 апрелехь Ейск гӀалин Николаевн килсехь, цӀе тиллира Леонид[2] аьлла.

СологубгӀеран тайпанан оцу геннан уггаре воккха векал хилла Салогуб Дамиан Данилов (1742 — 03.11.1816), Лиман эвлан эскаран вахархо, иза йу Старобельск гӀалин 9 чаккхарма генахь[3]. Цуьнан кӀант, Салогуб Конон Демьянов († 1841 шарахь Харьковн губернера Старобельск гӀалахь), 1841 шарахь, Лиман эвлара Ӏедалан ахархошна йукъара, йукъатоьхна Старобельскан 3-гӀа гильдин совдегархошна[4]. К. Д. Салогубан воккхаха волу кӀант, Салогуб Терентий Кононов (вина 1793 шарахь, вина меттиг хууш дац — 12.10.1873, Кубанан областера Ейск гӀалахь), Л. Р. Сологубан дедеда, хилла портан гӀала Ейске дуьххьара хиинчех цхьаъ[5]. «1851 шеран 1-ра январера 1-ра май кхаччалц портан гӀалахь Ейскехь долара гӀишлошйаран ведомосташца» ейскан мещанин, тӀаьхьа 3-гӀа гильдин совдегархо, Салогуб Терентий хилла Михайловн урамера № 8 йолу, цхьаъ ах гӀат йолчу охьатаӀийна бух тӀехь дина дечиган цӀийнан долахо [6]. С 1890 года его внук, отец художника, Р. С. Салогуб являлся купцом 2-й гильдии г. Ейска[7]. Фамили йазйар «Салогуб» тӀера «Сологубе» хийцира Л. Р. Салогуба 1911 шерал тӀаьхьа.

Дешар а, тӀемал хьалхарчу муьрера кхолларалла а (1898—1914)

бӀаьра нисйан

1898 шарахь Р. С. Салогуба бакъо йелира кӀантанна Москохан практикин коммерцин Ӏилманан академера дешар дита, дехьаваьккхира иза кӀезиг йевзаш йолчу Москохан суртдилларан, агаран, архитектурин доьшийле. 1902 шеран майхь Л. Р. Сологуба чекхйаьккхира цуьнан курс йукъарадешаран классаийн Ӏилманашца[8]. Оцу шеран июнехь иза хӀоьттира Петарбухера Императоран исбаьхьаллин Академин йукъайогӀу Лакхара исбаьхьаллин доьшийлера архитектуран декъе. 1909 шарахь, Харьков гӀалин совдегархойн банкан гӀишлонан проект бахьнехь, Л. Р. Сологубан делира хьалхара совгӀат[9], ткъа 1910 шеран 22 майхь аьттонца чекхдаьккхира дешар, Пачхьалкхан Думин гӀишлонан проект Академин Кхеташонна хьалха йилларна, цунна делира исбаьхьалча-архитекторан дарж а, дозанал арахьара пенсионералла а (1911 шо). Оццу шарахь цуо дакъа лоцу «Ӏаьржа тӀадамийн салтин» гайтамехь М. Ф. Ларионовца, Н. С. Гончаровца, И. И. Машковца, П. П. Кончаловскийца цхьаьна[10], 21 декабря 1910 г. Л. Р. Сологуб был избран действительным членом Санкт-Петербургского Общества Архитекторов[11].

1911 шарахь Л. Р. Сологуб дозанал арахьара цӀавоьрзу «РомановгӀеран ЦӀа иэс – аса йина йолу, хьалхара совгӀат даьккхина, цуьнга терра, хӀокху шеран ноябрехь йина йолу, Императоран Александр II-чун иэсан проект а къовсамехь гайтархьама».

Петарбухехь император Александр II-чун иэсан проектана Р. Сологубана скульпторшца И.Лавровца а, В.Лишевца а цхьаьна делира доьлгӀа совгӀат[12], цул сов Л. Р. Сологубна а, шинне скульпторна а доьлгӀа совгӀат делира император-аьзнин Мария Федоровнин эсан кеп йарна[13].

1912 шарахь Л. Р. Сологуба шен студехь диллира Суртдиллархойн, архитекторийн, скульпторийн цхьаьнакхетар «Кхаа говзаллин пхьолгӀа» цӀе тиллина, иза йукъайахара «Говзаллийн гӀуллакххойн бертан». «Кхаа говзаллин пхьолгӀа» йилларан Ӏалашо йара «Архитекторашна а, Скульпторашна а, Суртдиллархошна а йукъахь синмехаллин а, дуьненан а зӀенаш тасар, вовшийн вежараллин гергарлонаш тӀехь бух болуш, шайн исбаьхьаллин ницкъех пайда оьцуьйтуш муьлхха а йан тарло гӀишлош йеш — цӀенош, килсанаш, театраш, гайтамаш, кхин йерш а»

1912—1913 шерашкахь Л. Р. Сологуба болх бо тӀеман агӀора йолу шина архитектурин проекташна тӀехь (Стельнера кхийсархойн артиллерин дивизионан Лейб-Гвардин казармийн гӀишлонан а, Бородинон аренера Шевардинан чӀагӀонера 12-гӀа батарейан роти артиллерихошна иэсан а), кхин а жигара дакъа лоцу «Говзаллин дуьненан» гайтамашкахь графикан а, акварелхочун а хьокъехь волуш а, Петарбухера «Говзаллин гӀала» коллективан проектехь а.

Къоначу архитекторан хьалхара масштабаца чекхйаьккхина проект хилира Костромин губернин латталлин юбилейн гайтаманна цхьаьна ханна дечиган гӀишлошйар йар, иза РомановгӀеран ЦӀийнан 300 шо кхачарна лерина йара (19—20.05.1913). Цул сов, архитекторшца Рогильсонца, Бартца, Рухлядевца, Овсянниковца цхьаьна цунна дуьххьарлера ахчанан совгӀат делира 2 бӀе туьма Кострома гӀалахь РомановгӀеран ЦӀийнан 300 бӀе шо кхачар билгалдоккхуш иэсан проект йарна, амма иэс йогӀа йолийра шолгӀа совгӀат даьккхинчу проектаца (скульптор А. Г. Адамсон, архитектор С. А. Власьев).

1913 шарахь Л. Р. Сологубан хьалхара совгӀат делира Петарбухера Михаилан гӀалин реконструкцин проектан къовсамехь, амма, Костромара иэсаца санна меттиг йолуш, цунах хӀумма а дозуш доцуш, белхаш дира къовсаман комиссин председателан — Л. Р. Сологубан хьехархочун, академикан Л. Н. Бенуан — проектаца . «1913 шеран Петарбухан, Гатчинин, ЦӀен эвлан, Кронштадтан бахархойн абатан гайтаман» хаамашца Л. Р. Сологуб ваьхна Васильевн гӀайренан 3-гӀа асанан № 20 йолчу цӀа чохь. И хаза йиъ гӀат йолу (1914 шарахь дуьйна — пхи гӀат) са йолу цӀа дара Л. Н. Бенуан, иза динера 1898 шарахь, декорации йина цуьнан эскизашца.

Л. Р. Сологубан тӀаьххьара тӀемал хьалхара белхаш хилира Пачхьалкхан кехаташ кечдаран экспедицин белхалойн дахаран пхеа гӀотан цӀийнан проект (къовсамехь шолгӀа совгӀат делира) а, Мариоки меттигера М. В. Крестовскаян цӀарах исбаьхьалчашна санаторин гӀишлон проект а.

Хьалхара дуьненан тӀом (1914—1918)

бӀаьра нисйан

Хьалхара дуьненан тӀом болабаларца Л. Р. Сологуб тӀамтӀе вахара Лейб-Гвардин кхийсархойн артиллерин дивизионан 1-ра батарейн салтий волуш, шо даьлча, лахара фейерверкан эскаран цӀертӀехь волуш, совгӀат дира 4-гӀа тӀегӀанера Георгийн жӀараца № 195852 «13.02.1915 ш., батальонан баьччин хьажаран меттигехь волуш, мостагӀчо йетташ йаккхий тоьпаш йолуш, батарейга тохийтархьама мостагӀчун артиллерин сурт диллира, цуо таро йелира батарейно детта герз ца сацош тидаман пункт хийца, цуьнца гӀо дира мостагӀчун артиллерин цӀе сацорехь».

Къилба-Малхбуза фронтан Коьрта баьччин омарца 26.04. 1915 ш. Л. Р. Сологубах прапорщик вира, 1916 шеран январьний а, июньний а йукъахь — подпоручик вира. Л. Р. Сологуба тӀом чекхбаьккхира поручик волуш (Н.Гранберга эмиграцехь хӀоттийна куьйгайазйина «Лейб-Гвардин кхийсархойн артиллерин бригадин историн» хаамца), 1917 шеран декабрехь тӀемлойн декхарех мукъаваьккхина, 21.02.1918 ш. Исбаьхьаллин академин дехарца тӀеман гӀуллакхех мукъаваьккхина[14].

ЦӀенна а, доьналлица а артиллерин эпсаран шен декхар кхочушдеш, Л. Р. Сологуб садоӀучу миноташкахь а ца къаьстора этюдхочуьнца а, басаршца а. Цуьнан тӀеман суьрташ, цхьадерш зорбатоьхнера «Нива» журналехь, бух хилира «ТӀамтӀехь» цӀе йолчу гайтаман, иза хилира Петарбухахь Императоран исбаьхьаллин академехь 1916 шеран декабрехь Цуьнан Императоран Локхаллас Сийлахь стуно Императоран исбаьхьаллин академин президенто Мария Павловнас тӀедилларца, цигахь дара 279 кехат (сурт). Бенуа Александр Николаевича оцу хьокъехь йаздира: «…архитекторан-исбаьхьалчин а, артиллерин эпсаран а Л. Сологубан белхаш…синмехаллица герга ду Гаршинна а, Толстойна а, ткъа цхьаццанхьа дагадохкуьйту Верещагинан суьрташ»[15].

Изза ойла кхиайо Л. Р. Сологубан а, цуьнан кхоллараллин а лерина гӀарабаьллачу «Исбаьхьалча-тӀемло» йаззаман авторо: «Сологубан суьрташ нийса ду, энерги луш ду, „сихха кхеташ“ ду, меттара аьлла дош санна. Цхьа совнаха хӀума дац, цхьан а жима орнаментика йац. Царна чохь го монументийн гӀишлойн морса а, нийса а асанашца гӀуллакх хила Ӏемина архитектор. Амма царна чохь архитектурехь хуьлу шелонан ӀиндагӀ а дац»[1].

Гражданийн тӀом (1918—1919)

бӀаьра нисйан

1918 шеран бӀаьстенан а, аьхкенан а йохаллехь Л. Р. Сологуба масех баттахь болх бира А. В. Щусевн архитектурин пхьолгӀехь а, Москохан Депутатийн кхеташонера Муниципалан гӀишлошйаран комитетехь а, цул тӀаьхьа дӀавоьду шен доьзал бехачу Екатеринодаре.

Эмиграци (1919—1956)

бӀаьра нисйан

Л. Р. Сологуба кхин дӀа некъ боьдура Константинополе, 1921—1922 шерашкахь иза хилира Желтойчохь а, Италехь а.

1921 шарахь дуьйна Л. Р. Сологуба ваха хоржу Нидерландаш, 1922 шарахь зуда йуьту. Оццу шарахь Л. Р. Сологуба хӀоттабо Дункан Раймонан доларчу галерейхь шен гайтам (Париж).

1924 шеран январехь-февралехь Гаагехь Л. Р. Сологуба хӀоттабо оьрсийн мухажирашна гайтам. Цигахь гайтира Е. Ширяевн, Н. Гончаровин, К. Горбатовн, А. Яковлевн, М. Яковлевн, М. Ларионовн, В. Масютинан, А. Мильманан, И. Похитоновн белхаш а, шен Сологубан шортта суьрташ а. Оццу шарахь цуо «Гуьйренан салонехь» гайтаме хӀоттийра Константинополан суьрташ. 1924 шеран хьалхарчу апрелехь Л. Р. Сологуб хаьржира Москохан архитектурин йукъараллин бакъ волу декъахо.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Нива. — 1916. — № 26. — 16 июня
  2. Архивный отдел администрации муниципального образования город Ейск.— Ф.1.— Оп. 1. — Д. 19.— Л. 47
  3. Государственный архив Харьковской области (ГАХО).—Ф.40.—Оп.110.—Д.424.—Л. 384 об
  4. ГАХО.—Ф.31.—Оп.141.—Д.391.—Л 27об, 28, 28 об.
  5. Бельцев Н. В. Портовый город Ейск в истории Черноморского казачьего войска (1792—1860), 3-е изд.— Ейск, 2007.— С. 125—126.
  6. Государственный архив Краснодарского края (ГАКК).— Ф. 249.— Оп. 1.— Д. 1940.— Л. 28, 28 об., 29
  7. Российский государственный исторический архив (РГИА).— Ф. 789. — Оп.12. — Д.75. — Л.5
  8. РГИА. — Ф.789. — Оп.12. — Д.75. — Л.10
  9. Зодчий. —1909. —№ 25. —С.265.
  10. Утро России. —1910. — № 262. —10 октября
  11. Зодчий. —1911. —№ 1. —С.8.
  12. Зодчий. —1911. — № 51. — С.431.
  13. Зодчий. —1912. — № 8. —С.71.
  14. РГИА. — Ф.789. — Оп.12. — Д.75. — Л.131.
  15. Речь. — 1916. — № 346. — 16 декабря

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан