Сом
Сом — Российн, Белоруссин, ГӀиргӀазойчоьнан, Узбекистанан валютан нохчийн цӀе (российн сом, белоруссин сом, гӀиргӀазойн сом, узбекистанан сом), ткъа иштта къобалъянза йолчу пачхьалкхан Днестрйисттера Молдавин Республикан (днестрйисттера моладавин сом). Российн Федерацин сом Росси йоцучохь кхин а лела цхьа могӀа къобалъянза я цхьаццама къобал йина пачхьалкхашкахь: Къилба ХӀирийчоьхь а, Абхазехь а. Донбассера тӀом бахьнехь из алело таро ю Украинан Донецкан а, Луганскан а областашкахь (шеш кхайкхийначу Луганскан а, Донецкан халкъан республикашкахь)[1][2].
Хьалхарчу заманахь сом ахча дара: бекъабеллачу муьран оьрсийн республикийн а, олаллийн а, Литван Сийлахь-Доккха олаллин[3], Оьрсийн паччахьаллин, Российн империн, Россера гражданийн тӀом болучу муьрехь хилла дуккха а кхолламийн, РСФСР (1917—1923), Советийн Союзан (1923—1991), Латвин (1992—1993), Украинан (1991—1992), Таджикистанан (1995—2000), кхин а дуккха а пачхьалкхийн.
Декъало 100 кепекан. Российн соьман ISO 4217 стандартан код — RUB (RUR 1998 шарахь деноминаци хилале), терахьан код — 643 (банкин системехь хьалха санна лелайо шира 810); белоруссин — BYN, терахьан код — 933 (2016 ш. 1 июлехь дуьйна); днестрйисттера молдавин — PRB (официалан йоцу, терахьан код яц).
ТӀехулара куцНисъе
Кехатан банкноташНисъе
Паччахьан Российн ахчан тӀехь, хӀост йоцуш, 10 соьман тӀиера дуьйна российн императорш бохкура: 25 тӀехь — Александр III, 50 тӀехь — Николай I, бӀен тӀехь — Екатерина Сийлахь-Йоккха, пхеа бӀен тӀехь — Пётр I-гӀа.
Советийн ахчан тӀехь кӀезиг мах болчун (Пачхьалкхан казначейн билеташна) бехкина белхалой, ахархой, цӀен эскархой, Москохан кремль; ССРС Пачхьалкхан банкан билет тӀехь (10 сом а, сов а) — В. И. Ленин.
Хьалхарчу агӀора массо а 1937 - 1992 шерашкара арахецаран, номинал иттана тӀиера бӀе соьме кхаччалц йолу ССРС Пачхьалкхан Банкан билетийн (цхьаъ, кхоъ, пхиъ, итт туьманаш 1937 шарахь зорба тоьхна; 10, 25, 50, 100 сом 1947, 1961, 1991, 1992 шерашкахь зорба тоьхна), ткъа кхин а ССРС 200, 500, 1000 «павловн соьмашна» 1991, 1992 шерашкахь зорба тоьхна долу Ленинан сурт дара.
1993 шеран российн ахчан тӀехь (500 сом а, 1000 сом а) хьалха Ленинан сурт хиллачохь ю Москохан кремль байракхца, ССРС хӀастан меттана — РЦБ вензель. 1996 шарахь (сери 1995 шеран) дуьйна ахчан тӀехь йохку Российн гӀаланийн сийлаллин меттигаш: Владивостокан (1000 сом 1995 шеран), Новгородан (5 сом), Красноярскан (10 сом), Петарбухан (50 сом), Москохан (100 сом), Архангельскан (500 сом), Ярославлан (1000 сом), Хабаровскан (5000 сом). 2017 шарахьРФ ЦБ арахецна керла банкноташ: 200 сом тӀехь Севастополан Херсонесан къапалгийн бухадаханчу кеманийн иэс, ткъа иштта 2000 сом Владивостокан сийлаллаш ехкина. Керла банкноташ зорба тоьхна полимер худийтина бамбан кехат тӀехь.
Хьажа ишттаНисъе
БилгалдахаршНисъе
ЛитератураНисъе
- Добродомов И. Г. Некоторые вопросы изучения тюркизмов в русском языке // Вопросы лексики и грамматики русского языка. — М., 1967. — С. 364—374.
- Забелин И. История города Москвы. — М., 1905.
- Котошихин Г. О Россiи въ царствованiе Алексiя Михаиловича. Современное сочиненiе Григорiя Котошихина. — 3-е изд. / Репринтное изд.. — СПб., 1884.
- Спасский И.Г. Русская монетная система. Место и значение русской монетной системы в мировом денежном хозяйстве. — Л., 1962.
- рубль // Этимологический словарь русского языка = Russisches etymologisches Wörterbuch : в 4 т. / авт.-сост. М. Фасмер ; пер. с нем. и доп. чл.‑кор. АН СССР О. Н. Трубачёва, под ред. и с предисл. проф. Б. А. Ларина [т. I]. — Изд. 2-е, стер. — М. : Прогресс, 1986—1987.
- Черных П. Я. Историко-этимологический словарь современного русского языка: В двух томах. — 3-е изд., стереотипное. — М.: Русский язык, 1999. — ISBN 5-200-02685-7
- Рубль // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
- Нумизматический словарь / [Автор: Зварич В.В.]. — 4-е изд.. — Львов: Высшая школа, 1980.
- Словарь нумизмата / [Авторы: Фенглер Х., Гироу Г., Унгер В.] / Пер. с нем. М. Г. Арсеньевой / Отв. ред. В. М. Потин. — 2-е изд., перераб. и доп.. — М.: Радио и связь, 1993. — ISBN 5-256-00317-8
- Советская историческая энциклопедия. — В 16 т. — М.: Советская энциклопедия, 1961—76.
- Рубль // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
СсылкиНисъе
Сом Викидошам чохь | |
Сом Викиларма чохь | |
Сом Викикерланаш чохь |
- Монеты Архивацийина 15 сентябрехь 2007 шеран. в Виртуальном музее Архивацийина 15 сентябрехь 2007 шеран.
- Официальный сайт ГОЗНАКа
- Интернет-каталог отечественных монет
- Денежная система, золото, серебро и монеты на Руси и в Европе в XV—XVI вв. и после
- Составление статистики передвижений банковских билетов РФ Архивацийина 26 сентябрехь 2017 шеран.
- Рубли России и СССР
- Russian Currency Архивацийина 17 июлехь 2005 шеран. на сайте destinationrussia.com Архивацийина 11 июнехь 2018 шеран.(ингалс.)
- Sovjet-Unie: de nieuwe roebel van 1961(Нидерл.)
- Покупательная способность рубля с XVI века до 2009 года
- Монеты России
- Каталог-ценник бумажных рублей от 1769 до настоящего времени
- История отечественного рубля и копейки Архивацийина 4 мартехь 2016 шеран.
- Каталог русских монет и других стран…
- История денег Руси-России в монетах и банкнотах
Цхьа могӀа доцу билгалдахарш яззамехь дац я «Литература» декъе ца кхачаво. {{sfn}} кепаца хӀиттийна йолу йоца билгалонаш нисъе, кепан инструкцега хьаьжжина, я тӀетоха декъе ца тоьа публикацеш. Исписка: Кеп:Бац буьззина библиографин яззам/С.
|