Социалистийн доларниг лечкъорца къийсам латтабен дакъа

Социалистийн доларниг лечкъорца къийсам латтабен дакъа (оьрсийн маттахь Отдел по борьбе с хищениями социалистической собственности (ОБХСС)) — Советийн Социалистийн Республикийн Бертан чоьхьарчу гӀуллакхийн системин дакъа ду. Цо къийсам латтабора организацешкахь а, махлелоран пачхьалкхан хьукматашкахь а, хьаштхойн, индустрийн, долахьчу кооперацешкахь а, кечден меженашкахь а, сберкассашкахь а социалистийн долалла лечкъорца, иштта спекуляцица.

Болх беш яра 1937-чу-1946-чу шерашкахь Советийн Социалистийн Республикийн Бертан Чоьхьарчу ГӀуллакхийн Халкъан Комиссариатан декъехь, 1946-чу-1991-чу шерашкахь ССРБ-ан Чоьхьарчу ГӀуллакхийн Министраллин декъехь.