Со ца кхоьру
«Со ца кхоьру» (итал. Io non ho paura) — Никколо Амманити (Niccolò Ammaniti) цIе йолчу итальянийн яздархочун роман ю.
Боцца чулацам
бӀаьра нисйан1978-чу шеран аьхка Италехь ялх бер, девдда, шайн юьртана юххехь болчу гунна тIе довлу, хьалха дIа мила кхочу а хьожуш. ТIаьххьара кхочу Микеле. Кхечара аьлларг дан деза цо, ша эшар бахьана долуш. Церан тIедиллар кхочушдеш, лаьттахь даьккхина орана тIеIоттало и, тIехула гоьнаций, гIашций къайладаьккхина долу. Цу чохь, шаршу йукъа а хьарчавелла, цхьа меца, боьха нийсархо караво цунна. Цунах кхералой, шена карийнарг цхьанне а дIа а ца хоуьйтуш, дIавоьду и... Мила ву и орчуьра кIант? И цига хьан виллина? ХIунда латтаво и цу чохь?.. Иштта хаттарш хIиттаден Микеле шен юьртахойх а, шен цIерачарах а шекволу.
Персонажаш
бӀаьра нисйанЦIе (итал.) | ЦIе (нохч.) | Хан |
---|---|---|
Michele Amitrano | Микеле Амитрано | 9 шо |
Filippo Carducci | Филиппо Кардуччи | 9 шо |
Antonio «Teschio» Natale | Антонио «Туьта» Натале | 12 шо |
Salvatore Scardaccione | Сальваторе Скардаччоне | 9 шо |
Barbara Mura | Барбара Мура | 11 шо |
Remo Marzano | Ремо Марцано | — |
Maria Amitrano | Мария Амитрано | 5 шо |
Felice Natale | Феличе Натале | 20 шо |
Sergio Materia | Серджо Материа | 67 шо |
Pietro Mura | Пьетро Мура | — |
Pino Amitrano | Пино Амитрано | — |
Teresa Amitrano | Тереза Амитрано | 33 шо |
Библиографи
бӀаьра нисйан- (Французийн) Niccolò Ammaniti, Je n'ai pas peur, trad. Myriem Bouzaher, [Paris] : Grasset & Fasquelle, 2002.
- (Оьрсийн маттахь) Амманити Н. Я не боюсь / Пер. с ит. В. Николаева. — М.: «Иностранка», 2010.