Ставрополан пачхьалкхан университет

Ставропо́лан пачхьа́лкхан университе́т (СПУ, СтавПУ) — Къилбаседа-Кавказан федералан гуонан лакхара дешаран меттиг. 2012 шарахь хийцам бина Къилбаседа-Кавказан федералан университетан структурин дакъа дина тӀетохарца[1]. СПУ йевза лакхара тӀегӀанан классикин дукхатӀегӀанан а, дукхапрофилан а дешарца.

Ставрополан пачхьалкхан университет
(СПУ)
Дацдар СПУ
Хьалхара цӀе Ставрополан пачхьалкхан хьехархойн институт
Девиз ГӀиллакхаш лардеш — кхачамалле гӀертар
Кхоьллина шо 1930, университетан статус 1996 шарахь дуьйна
ДӀакъевлина шо 2012
Хийцам бина 2012 шарахь йукъатоьхна КъКФУ
Тайпа классикин университет
Ректор В. А. Шаповалов
Студенташ 12000 гергга
Лаьтта меттиг  Росси, Ставрополь
Кампус гӀалин
Юридически адрес 355017, Ставрополь, Пушкинан ур., 1
Сайт http://www.stavsu.ru
СовгӀаташ Халкъийн доттагӀаллин орден
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Классикин тайпана университет санна Ставрополан пачхьалкхан университето болх бо 1996 шарахь дуьйна. Иза йиллира Российн Федерацин Правительствон 1996 шеран 28 февралера № 189 йолу сацамца Ставрополан пачхьалкхан хьехархойн институтан а, шен истори 1930 шарахь дуьйна схьаяхьаш йолу, Москохан пачхьалкхан юридически академин филиалан а бух тӀехь.

Университетан йукъайогӀура 12 факультет а, филиалаш: Будённовскехь, Георгиевскехь, Изобильнехь, Светлоградехь; вакийлаташ Черкесскехь, Элистехь, Кисловодскехь, Регионан хаамаллин центр, Регионан интермаша-дешар центр, СПУ Хьехархойн дешаран институт, керла Ӏилманан библиотека. Университето кхин а жигара йукъаметтигаш лелайора № 25 йолу гимназица.

ЛДМан истори нисйе бӀаьра

Классикин тайпана университет санна Ставрополан пачхьалкхан университето болхбора 1996 шарахь дуьйна. Иза кхоьллира Российн Федерацин Правительствон 1996 шеран 28 февралан № 189 йолу сацамца Ставрополан пачхьалкхан хьехархойн университетан а, Москохан пачхьалкхан юридически академин филиалан а бух тӀехь. Цундела юьхьанцара СГУн истори схьайогӀу 1930 шарахь дуьйна.

1930 шеран 6 декабрехь РСФСР Совхалкъкоман а, Халкъкомсерлонан а сацамца йиллира Ставрополан агрохьехархойн институт[2], цуьнан хьалхара директор хилира З. И. Дунч. 1932 шарахь агрохьехархойн институтан цӀе хийцира Ставрополан пачхьалкхан хьехархойн институт (СПХьИ) аьлла, ткъа 1940 шарахь цунах дӀаийра Ставрополан хьехархойн кхечу мехкийн меттанийн институт. Фашисташа Ставрополь дӀалаьцначу хенахь 1942 шеран августехь дуьйна СПХьИ болх ца бира. Цуьнан дуьззина дешаран гӀуллакх доладелира 1943 шеран январехь.

1958 шеран ССРС Лакхара дешаран министраллин сацамца Ставрополан пачхьалкхан хьехархойн институт хилира I категорин лдм. Шен 50 шо кхочучу шарахь (1980 шарахь) институтан совгӀат дира Халкъийн доттагӀаллин орденца, хьехархойн кадраш кечдарехь а, студенташ интернационалехь кхиорехь а баккхий кхиамаш хиларна. 1990 шарахь Ставрополан пачхьалкхан хьехархойн институтан ректор хаьржира доцент В. А. Шаповалов.

1993 шарахь СПХьИ йира Ставрополан пачхьалкхан хьехархойн университет (СПХьУ), ткъа 1996 шарахь СПХьУн а, Москохан пачхьалкхан юридически академин филиалан а бух тӀехь йиллира Ставрополан пачхьалкхан университет, цуьнан хьалхара ректор хаьржира профессор В. А. Шаповалов.

2012 шарахь йукъатуьйхира Къилбаседа-Кавказан федералан университетан[1].

Ректор нисйе бӀаьра

Шаповалов Владимир Александрович, социологин Ӏилманийн доктор, профессор, Российн Федерацин лакхара ишколан хьакъ долу белхало. СовгӀат дина «Сийлаллин хьаьрк» орденца а, Сийн орденца а, «Российн Федерацин лакхара говзаллин дешаран Сийлахь белхало» хьаьркца. Кхарачойн-Чергазийн республикин Ӏилманан хьакъ долу гӀуллакххо. Йукъавоьду цхьа могӀа йукъараллийн академешна: Социалан Ӏилманийн академин, Хаамаллин академин, Дуьненайукъара лакхара ишколан академин, Гуманитарин Ӏилманийн академин.

ЛДМан структура нисйе бӀаьра

Университетан структурехь 11 дешаран факультет, квалификаци айаран а, дешаран урхаллин кадраш говзаллехь юхакечдаран а факультет , 82 кафедра, ткъа кхин а РӀА Къилбенан Ӏилмананан центрера 4 базин СПУ кафедра, 2 — РӀА Башха астрофизикин обсерваторехь, 1 — РӀА мехкдаьттан а, газан а баланан институтехь, 1 — РӀА Къилбаседа-Кавказан Ӏилманан центрера Регионан экономикин баланан институтехь. Университетехь 20 эзар сов дешархо ву лакхара говзаллин дешаран 50 говзаллийца дуьхьала болуш а, боцуш а дакъошкахь, магистратурехь, экстернатехь, 65 говзаллица — аспирантурехь, 15 — докторантурехь. Университетан 4 филиал (Будённовск, Георгиевск, Светлоград, Изобильни гӀаланашкахь) а, 4 вакилат (Черкесск, Элиста, Кисловодск, Минералан Хиш) а ю.

Факультеташ а, дакъош а нисйе бӀаьра

  • Романийн-германийн меттанийн факультет
  • Медикин-биологин-химин факультет
  • Географин факультет
  • Историн факультет
  • Говзаллийн факультет
  • Психологин факультет
  • Физикин оьздангаллин факультет
  • Филологин а, журналистикин а факультет
  • Физикин-математикин факультет
  • Экономикин факультет
  • Юридически факультет
  • Квалификаци айаран факультет
  • Кечаман дакъа
  • Гочдаран дакъа

Университетан филиалаш нисйе бӀаьра

ГӀарабевлла арахецархой нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра