Субэ́тнос (кхин а субэтносан тоба) — доккхачу къоман (этносан) йукъара компактно йеха, амма шен башха оьздангаллица, меттаца (меттан генца) къаьста, йукъара этносал дуккха а тӀаьхьа кхолла а йелла и башхалла йуй а хуу адамийн йукъаралла.

Субэтносан тобанан хуьлу шен цӀе, ткъа цуьнан декъахошна шина къомах долуш санна хета — этносах а, субэтносах а цхьанне (масала, ногӀибакаш гӀезалой, хӀирашна йукъара дигорхой, гӀирмин гӀезалошна йукъара къилбабердхой, жӀайшна йукъара цезаш).

Термин схьайалар

бӀаьра нисйан

«Субэтносан тоба» (фр. sous-groupe ethnique, инг. sub-ethnic group) термин лелайора франкийн меттан литературехь XIX бӀешарахь дуьйна[1], в англоязычной литературе с начала XX века[2], дукха хьолехь билгалйоху расин чуьра этносан тоба.

«Субэтнос» термин йукъайаьккхина Л. Н. Гумилёвс шен этногенезан пассионарин теорехь этносан система билгалйаккхархьама, ткъа иза йу этносан структурин дакъалг. Субэтносан чохь Гумилёвс къастайо консорцеш а, конвиксеш а.

Гумилёвца, этнос латтаран ладаме хьесап — симбиозан йукъаметтигашкахь йолуш шайна йукъахь функцеш йоькъу тайп-тайпана субэтносаш хилар. Антагонистийн боцу къийсамийн новкъа субэтносаша этносан чоьхьара структура йо уггаре кӀеда, цуьнан марталла а ца йохош.

Субэтносаш кхоллайалар

бӀаьра нисйан

Субэтносан тобанаш кхоллало:

  • Къоман дакъа мехках дӀакъаьстича (этномехкийн тобанаш, масала, походчанаш);
  • хьалха тайпанашка декъадалар бахьнехь йа чекхйаккханза ассимиляци хилар бахьнехь (этногенетикин тобанаш, масала, тувинашна йукъара тоджинхой, гӀезалошна йукъара мишари, гӀиргӀизошна йукъара сарт-гӀалмакхой);
  • башха социалан хьал бахьнехь (этносоциалан тобанаш, масала, гӀезалошна йукъара тептяраш);
  • Тайп-тайпана динехь хиларца (этноконфессин тобанаш, масала, латгалхой, шираламастхой, йезидаш)
  • этносан низам тайп-тайпана хиларца (масала, хӀора дийнахь къамелехь йа кхечу этносийн тобанийн векалшца этносан мотт лелор[3].

Субэтносийн масалаш

бӀаьра нисйан

Субэтносийн масалаш: помораш, шираламастхой. Этносехь къастадала таро йу урхаллин (хӀуонда) субэтнос. Субэтносаш лела тарло тайп-тайпана кепара — билгалчу махкахь йеха этнографин тобанаш, чкъоьрнаш, конфессийн йукъараллаш санна, иштта кхин а. Амма уьш къастаран доза даиман хуьлу низаман башхаллаш а, этносан марталла Ӏалашйина дисинчу этносан декъашна дуьхьала латтар а (субэтносан декъахойн вовшашка болу безамца).

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Adhémard Leclère. Le buddhisme au Cambodge. E. Leroux, 1899. С.1.
  2. Jacob Robert Kantor. An outline of social psychology. Follett, 1929. С. 23.
  3. Барбашин М.Ю. Институты и этногенез: институциональное воспроизводство этнической идентичности в локальных сообществах:монография. — ИПОПИ ЮФУ. — 2013. — С. 356. Архиван копи 2022 шеран 21 январехь дуьйна Wayback Machine тӀехь