ГӀезалой
ГӀезалой (шайха олу — гӀез. татарлар, tatarlar) — тюркийн къам[30] Россехь а, советийн хилла аренашкара мехкашкара, уггаре доккха бухара доцу къам, ареал: Российн Европин дакъа, коьртаниг Ийдалйист а, Уралйист а, кхин а Сибрех, Кхазакхстан, Йуккъера Ази, СУАР, ГӀирма, Генара Малхбале, Финлянди, Литва.
Россера барам бу 4 713 669 стаг ( 2021 шеран бахархой багарбаран жамӀашца)[31]. 1989 – 2002 шерийн муьрехь гӀезалойн барам тӀекхийтира 5,52 тӀера 5,53 миллион стаган тӀекхаччалц[32]. 2002 шерера 2010 шо кхаччалц болчу муьрехь гӀезалойн барам охьабелира 244 эзар ст. йа 4 % берриг гӀезалойх, амма гӀезалойн дакъа берриг бахархойх буьстича бисира 2002 шеран тӀегӀанехь[33]. Шайн барамца гӀезалой шолгӀа къам ду Российн Федерацехь, оьрсий дӀабевлча. Бекъало кхаа коьрта этномехкан тобанашка: ийдалан-уралан, аштаркхнен, сибрехан[34][35]. Республика ГӀезалойчохь гӀезалой бахархойх ах сов (2010 шарахь бахархой багарбарца 53,2 % йа 2 млн сов стаг) бу, ткъа Республика Башкортостанехь бахархойн доьлгӀа декъал сов (2010 шеран бахархой багарбарца 25,4 % йа 1 млн ст. сов).
ГӀезалойн мотт алтайн доьзалера Тюркийн тобанан кыпчакийн бухара тобанера мотт бу, бекъало кхаа меттан генне: мишарин (малхбузен), казанан (йуккъера),и сибрехан (малхбален).
Динаца коьртаниг бусалбанаш-суннийш бу, кхин а йу жима православинчеран тоба (кряшенаш)[21].
Истори
бӀаьра нисйанЭтноним
бӀаьра нисйанДуккха бӀешерашкара исторехь «гӀезалой» дешо этнониман, политониман, социониман, конфессиониман функцеш кара а йора, йайа а йойура.
Дуьххьара уьш хьахийна монголийн-тунгусийн-маньчжурийн тайпанашна йукъахь, VI—IX бӀешерашкахь уьш кхерстара Байкалан къилба-малхбалехьа. XIII бӀешарахь монголийн-гӀезалойн толамаш бахьнехь «гӀезалой» дика бевзира Европехь. XIII—XIV бӀешерашкахь и цӀе йаьржира Евразин, Дешин Ордан йукъара кхин а къаьмнашна[36].
Этногенез
бӀаьра нисйанГӀезалойн этногенезан масех теории йу. Ӏилманан литературехь уггаре дика йаздина кхааннах[37]:
- тюркийн-гӀезалойн теори
- булгарийн-гӀезалойн теори
- гӀезалойн-монголийн теори.
Йехачу заманахь уггаре къобалйинарг[38] лорура булгарийн-гӀезалойн теори. ХӀинца алсама къобал йо тюркийн-гӀезалой теори[39].
Тюркийн-гӀезалойн теорица гӀезалой кхоллабалар декъа мегар ду кхаа муьре[40]:
- Этносан коьрта компоненташ кхоллало мур (VI бӀешеран йукъ — XIII бӀешеран йукъ). ГӀезалой къоман этногенезехь билгалйоккху Ийдалан Булгарин, Хазарийн каганатан, половцийн ладаме роль. Оцу муьрехь кхоллайелла, тӀаьхьа богӀучу муьрехь цхьаьнакхетта, коьрта компоненташ. Йоккха роль йу Ийдалан Булгарин, цара исламан ламасташ, гӀалин оьздангалла, Ӏаьрбийн графикин бух тӀаьхь йоза (X бӀешерал тӀаьхьа) кхоьллира, цуо хийцира алсамо шира долу йоза — тюркийн руника, кхин а меттан бух биллина половцаш.
- Йуккъера бӀешерийн гӀезалойн этнополитикин йукъараллин мур (XIII бӀешеран йукъ — XV бӀешеран хьалхара 25 шо)[41]. Оцу заманахь хилира, хьалхарчу муьрехь хӀоттайелле, компонентийн консолидаци, йукъара пачхьалкхехь — Дешин Ордахь; йуккъера бӀешерашкара гӀезалоша шайн гӀиллакхийн бух тӀехь, цхьаьна пачхьалкхехь вовшахтоьхна къаьмнех, шайн пачхьалкх йина ца Ӏаш, йира шайн этнополитикин идеологи, оьздангалла, шайн йукъараллин сийлаллаш. Оцу массо а хӀуманаша дешинордан элий, тӀеман-гӀуллакхан чкъор, бусалбанийн син-мехаллин гӀуллакххой этнооьздангаллин консолидаце балийра, XIV бӀешарахь кхоьллира гӀезалойн этнополитикин йукъаралла. Муьран амалехь ду, Дешин Ордахь кыпчакийн меттан бух тӀехь ширагӀезалойн мотт хӀотта болабелира, чӀагӀйелира литературин меттан норманаш. Мур чекхбелира Дешин Орда (XV бӀешо), дакъошка йекъайелла хиларна, йохарца. Кхоллайеллачу гӀезалойн ханаллашкахь кхоллайала йолайелира керла субэтносан йукъараллаш, церан йара меттигера цӀераш: казанан гӀезалой, гӀезалой-мишари, аштаркхнен гӀезалой, сибрехара гӀезалой, кхин а.
- Оьрсийн пачхьалкх йукъахь локалан этнотобанийн консолидацин мур. Ийдалйист, Уралйист, Сибрех схьа а йаьккхина Оьрсийн пачхьалкхах схьатоьхначул тӀаьхьа гӀезалой кхалхаран процессаш чӀагӀйелира (иштта, хууш ду Окан тӀера Камел дехьара а, Самарин-Оренбурган а асане, Краснодарера Аштаркхнен а, Оренбурган а губернешка массашкахь кхалхар), чӀагӀйелира тайп-тайпана этномехкийн тобанашна йукъаметтиг. Цунна гӀодира йукъара литературин мотт, оьздангалла, динан-дешаран аре хиларо[39][42].
ГӀуллакхера гӀезалой — XIV—XVIII бӀешерашкара Москохан олаллера, Оьрсийн Паччахьаллера, Российн имперера гӀезалойн бахархойн этночкъоьран тоба йу. Йуьхьанца кхоллалора Дешин Ордара а, гӀезалойн ханаллашкара оьрсийн гӀуллакхе дехьабевллачу гӀезалойн феодалийн элех, цул тӀаьхьа, Казанан ханалла (1552) схьайаьккхинчул тӀаьхьа, ясакхийнчарех (шайн доллара дакъой дӀадахар бахьнехь), кхин а уьш «кхаба» дӀайеллачу гӀаланашкахь бехачарех (Каширехь, Серпуховхь, Романовхь, Юрьев-Польскехь, Боровскехь, кхин дӀа а).
ДӀахьора гуттаренна тӀеман гӀуллакх. Дакъалецира Ливонан тӀамехь (1558—1583), Российн тӀеман походашкахь, лардора дозанаш. Кхин а гӀуллакхехь бара талмажаш, йозанчаш, векалш, кхин а. ГӀуллакхехь хиларна лора латта, ахчанан а, бепиган а алапа.
ГӀуллакхера гӀезалоша лардора шайн ханашна, мурзашна, бекашна (элашна) декъадаларан спецификин система. Церан дошлойн тобанаш, уьш оьшучу хенахь тӀехӀуьттура полкашна.
XVIII бӀешеран йуьххьехь дехьабехира пачхьалкхан ахархой чкъоьре, тӀейазбира лашманийн гӀуллакхна, хӀоранна алапа а луш.
Лашманаш (Laschmann, схьадаьлла л.-нем. laschen — дӀахадо, хьекха, кечдан а, Маnn — адам а) — гӀуллакхера гӀезалой (дукхаха берш), Российн флот йан кеманашна хьун хьокхуш дакъалоцуш бара.
Царна бинера цхьацца аьттонаш махлелоран-пхьоллин белхашкахь. Масала казанан гӀалин гӀезалойн, алапанна меттана махлело бакъо йара, совдегарийн чкъоьрех боцушехь.
Генетикин талламаш
бӀаьра нисйанГенетикин талламаша гайтира, йукъара дай боцу гӀезалойн коьрта регионийн тобанаш (ийдалйистан, сибрехан, гӀирмин) кхоллайелла вовшех йозуш йоцуш. Цхьаьнахеннахь гучудолу чӀогӀа лакхара генетикин тайп-тайпаналла гӀезалойн регионийн тобанийн, иза гойту хӀора тобанна йукъахь масех генетикин чкъоьраш хиларо, аьлча а гӀезалойн хӀора тоба масех хьостах кхоллайалар. Амма ийдалйистера гӀезалошна (теллира беккъа казанан гӀезалой а, мишари а, кряшенаш а) йукъахь гучуделира церан генофондехь, туьркел хьалхара Малхбален Европера а, Уралйистера а (иза хетарехь ийдалан-уралан регионера финнийн-перман а, финнийн-ийдалан а популяцийн тӀаьхье хила тардалар) орамера бахархойн компонент алсама хилар, ийдалйистан гӀезалойн йу «къилба» компонент, тарло, иза Кавказера кхелхина хиларца, ткъа йуккъера-азин компонент чӀогӀа кӀезиг йу. Казанан гӀезалойн «къилба компонент» 15 % йу, Малхбален Европера а, ЛаьттайукъарахӀордйистера а гаплотобанийн амал йу церан, мишарийн «къилба» компонент (23 %) кхоллало ЛаьттайукъарахӀордйистера а, Къилба Европера а, Жима Азера а амалера гаплотобанех, ткъа кряшенийн «къилба» компонент (29 %) Малхбузен а, Малхбален а Кавказан гаплотобанийн амалш йолуш. Йуккъера Азин компонентийн дакъа казанан гӀезалойн 1 %, мишарийн 3 %, ткъа кряшенийн 6 % ду.
Сибрехан гӀезалойн тайп-тайпана тобанийн (цуьнан пхиъ субэтнос талларан жамӀашца) хӀора субэтносан билгалдаьккхина тайп-тайпана генетикин схьадалар, цигара схьа, тайп-тайпана этногенезан некъаш, искеран-тоболан гӀезалой (кхоллабелла сибрехан субстратах а, Къилбаседа-Малхбален Европера баьхкинчех а), ялуторован гӀезалой (хьалхараазера схьабовлар долуш бу), бухарин-гӀезалой (схьабовлу Малхбузен Кавказан къаьмнех), иштякан-токузан гӀезалой (палеосибрехара схьабовлар долуш бу), уьшалан дехьара гӀезалой (гергара бу Малхбузен-Сибрехан угрех а, Къилбаседа Уралан самодийн а)[43].
Этносан тобанаш
бӀаьра нисйанГӀезалой лаьтта масех субэтносах. Царех уггаре йаккхийнаш йу:
- Казанан гӀезалой (гӀез. казанлы) — гӀезалойн тобанех коьртачех цхьаъ, церан этногенезан цахеда уьйр йу Казанан ханаллин мехкаца. Къамел до гӀезалойн меттан казанан меттан генца.
- ГӀезалой-мишари (гӀез. мишәр) — гӀезалойн тобанех коьртачех цхьаъ, церан этногенезан схьайаьлла Йуккъера Ийдалан, Камалдехьенан, Акха аренан, Уралйистан мехкашкара. Къамел до гӀезалойн меттан мишарин меттан генца[44].
- Касимовра гӀезалой (гӀез. кәчим) — гӀезалойн тобанех цхьаъ, церан этногенез йоьзна Касимовн ханаллин мехкаца. Къамел до гӀезалойн меттан казанан меттан генца.
- Сибрехан гӀезалой (гӀез. себер) — гӀезалойн тобанех цхьаъ, церан этногенез йоьзна Сибрехан ханаллин мехкаца. Къамел до сибрехан-гӀезалойн маттахь.
- Аштаркхнен гӀезалой (гӀез. әстерхан) — гӀезалойн этномехкан тоба, церан этногенез йоьзна Аштаркхнен ханаллин мехкаца.
- Кряшенаш (гӀез. керәшен) — этноконфессин тоба ийдалан а, уралан а регионашкара гӀезалошна йукъара тоба, православин динехь бу.
- Перман гӀезалой — гӀезалойн этнографин тоба, церан этногенез чекхйолура Перман махкахула.
- НогӀайбакаш ( гӀез. нагайбәкләр) — гӀезалойн этнографин тоба, гӀазакхийн чкъоьран йукъабоьлху, дукхаха берш беха Челябинскан областера Нагайбакийн а, Чебаркулан а кӀошташкахь. Мотт — гӀезалойн меттан йуккъера меттан генца лер. Динца — православин керстанаш. Российн законашца официалан жима къам ду.
- Чепецкан гӀезалой — Чепцин майданера этномехкан тоба, гергара бу казанан гӀезалойн, церан этногенез йоьзна Каринан олаллица.
ГӀезалой йерриг субэтносаш дукха хьолехь ийна хуьлуш йу[45][46].
Чкъоьраш XIV—XVIII бӀешерашкахь
бӀаьра нисйан- Мурза — гӀезалойн олаллин лакхара тӀегӀа. Россехь мурза граф санна лорура.
- ГӀуллакхера гӀезалой — Российн пачхьалкхан гӀуллакхехь болу гӀезалой.
- Ясакхан гӀезалой — Российн правительствон йасакх луш болу латта доцу гӀезалой.
- Лашманаш — Российн флот йан хьун хьокху гӀезалой.
Мотт, йоза, дешар
бӀаьра нисйанШирагӀезалойн мотт
бӀаьра нисйанШирагӀезалойн мотт (уралан-ийдалйистан тюркийн мотт, ширабашкирийн мотт[47]; гӀез. Иске Татар әдәби теле, İske Tatar ädäbi tele, ایسكی تاتار تلی, башк. Иҫке башҡорт теле[48]) — XIV - XX шерашкахь йаздеш, тайп-тайпана къаьмнаша лелош хилла, тюркийн литературин мотт. Кхоллабелла монголийн муьрал тӀаьхьа тюркийн меттан га санна. Масех регионан вариант йоллушехь, церан йара йукъаралла, туьркийн меттанаш вовшашна гергара хиларна; Ӏаьрбийн йоза лелорна, цунна чохь мукъа аьзнаш гойтуш дацара, цундела цхьа дош тайп-тайпана регионашкахь деша тарлора тайп-тайпана, шорта Ӏаьрбийн-гӀажарийн лексикера тӀеэцна дешнаш дара.
Мотт а, меттан геннаш а
бӀаьра нисйанГӀезалоша буьйцу алтайн доьзалан туьркийн тобанан кыпчакийн бухара тобанан гӀезалойн меттан генан мотт. ГӀезалойн литературин мотт кхоллабелла казанан меттан генан бух тӀехь мишарин морфологин структурица.
Йоза
бӀаьра нисйанX бӀешерера 1927 шо кхаччалц лелайора Ӏаьрбийн графика, 1928 – 1936 шерашкахь лелайора латинан графика (йаналиф), 1936 шарахь дуьйна, таханналц, леладо кириллицин графикин бух тӀера йоза. ГӀезалойн йоза латинан йозане дехьадаккхаран планаш йу.
Дешар
бӀаьра нисйанИшколан дешар ду гӀезалойн маттахь — доьшу гӀезалойн мате гочдина йукъарароссийн программица а, жайнашца а. Йукъарадахарш: оьрсийн меттан а, литературин а, ингалсан меттан а, кхечу европин меттан а жайнаш а, хьехолаш а, физоьздангаллин хьехолашкара омарш оьрсийн маттахь хила тарло. Кхин а гӀезалойн меттан дешар ду КГАСУ цхьацца факультеташкахь[49] а, берийн бошмашкахь а.
1917 шеран революцил хьалха дешарийн меттигаш йара хьуьжаршкахь.
-
ГӀезалойн Къуръан
-
1924 шарахь зорбатоьхна декъна гӀезалойн матто Ӏарбийн маттахь, гӀезалойн жайнин хьалхара агӀо
-
ГӀезалойн абатан жайна, зорбатоьхна 1778 шарахь. Леладо Ӏаьрбийн зорба, кириллицин могӀам оьрсийн маттахь.
-
Нижни Новгородан хьуьжар тӀера гӀезалойн билгало, йаздина Ӏаьрбийн а, кириллицин а гӀезалойн зорбанца
Россехь гӀезалой баржар
бӀаьра нисйанРоссехь гӀезалой алсама беха мохк дукха берг Ийдалан-Уралан регион йу, цигахь веха 4 млн сов, йа 80 % гӀезалой[50]. Уггаре дукха гӀезалой беха ГӀезалойчохь (38 % гергга) а, Башкортостанехь (19 %) Россехь бехачу гӀезалойх, бисинарш баьржина йерриг Россехула[51]. Советийн Ӏедалан 20 шо кхачарца Российн Федерацин 66 субъектехь гӀезалойн бахархойн дукхаллин динамика — харц йара, ткъа 22 — аьтту болуш йу[52]. Уггаре кӀезиг гӀезалой беха Российн регион — ГӀалгӀайчоь, цигахь уьш 64 стаг ву. Лахахь гайтина ткъе йейтта Российн регион, уьш хӀиттийна гӀезалойн бахархой барам охьабаларца (2002)[53]:
Регион | ГӀезалойн берриг барам | ГӀезалойн процент |
---|---|---|
ГӀезалойчоь | 2 000 116 | 52,92 |
Башкортостан | 990 702 | 24,14 |
Тюменан область | 242 325 | 7.42 |
Челябинскан область | 205 087 | 5,69 |
Ульяновскан область | 168 766 | 12,20 |
Свердловскан область | 168 143 | 3,75 |
Москох | 166 083 | 1,6 |
Оренбурган область | 165 967 | 7,61 |
Перман мохк | 136 597 | 4,84 |
Самарин область | 127 931 | 3,95 |
Удмурти | 109 218 | 6,96 |
Хантийн-Мансийн автономин гуо | 107 637 | 7,51 |
Пензин область | 86 805 | 5,97 |
Аштаркханан область | 70 590 | 7,02 |
Саратовн область | 57 577 | 2,16 |
Москохан область | 52 851 | 0,8 |
Кемеровн область | 51 030 | 1,76 |
Нижни Новгородан область | 50 609 | 1,44 |
Омскан область | 47 796 | 2,3 |
Мордови | 46 261 | 5,21 |
Красноярскан мохк | 44 382 | 1,5 |
Кировн область | 43 415 | 2,89 |
Марий Эл | 43 377 | 5,96 |
Чуваши | 36 379 | 2,77 |
Петарбух | 35 553 | 0,76 |
Волгоградан область | 28 641 | 1,06 |
Ямалан-Ненцойн автономин гуо | 27 734 | 5,47 |
Иркутскан область | 26 966 | 1,1 |
Краснодаран мохк | 25 589 | 0,5 |
Новосибирскан область | 24 158 | 0,91 |
Ростовн область | 13 948 | 0,33 |
Ставрополан мохк | 11 795 | 0,42 |
Хабаровскан мохк | 7 836 | 0,58 |
Ийдал-Уралан штат
бӀаьра нисйанИйдал-Уралан штат (Ийдал-Урал штат, гӀез. Идел-Урал штаты, İdel-Ural ştatı) — гӀезалойн а, башкирийн а кхочуш ца йина къоман автономин проект. Йан гӀортар чекхделира йоцачу ханна (1918 шеран 1 мартера 28 март кхаччалц) «Булачан дехьара республика» олург латтар, иза йара Казанан гӀезалой декъехь.
XX бӀешеран йуьххьера йукъараллин-политикин болам
бӀаьра нисйанПангӀезалалла (pantatarisme) — гӀезалой коьртехь болу Российн империн бусалба бахархойн XX бӀешеран йуьххьера оьздангаллин а, политикин а болам билгалбаккха йукъайаьккхина термин.
XX бӀешеран йуьххьехь Российн имперехь хӀоьттирамахкара бусалба бахарошна тӀехь Ӏусманан империн Ӏаткъам боккха болу хьал. Иза бахьнехь Чоьхьара гӀуллакийн министралло арахоьцура башха циркуляраш, царна чохь кховдадора туркойн Ӏаткъамна дуьхьало йар. 1910 шарахь Гулам бира гӀезалойн-бусалбанийн Ӏаткъаман болх бахьнехь. Цигахь кховдийра бусалбанашна йукъахь православин хьехамаш баран гӀуллакх чӀагӀдар, кхин а дерриг дан бусалбанийн ишколаш конфессийн гуран чохь латто. ТӀаккха а, пангӀезалаллех ларлуш, гулам реза бара «керста дине бевлла кхечу къоман нахана ненан мотт хьехийта». 1911 шарахь Гуламо кхин некъ лехира, йуьхьанцара дешар хьоьху ненан меттанийн барам лагӀбира.
1914 шарахь кхайкхира бусалбанийн баланех болу Лерина гулам. Оцу гуламо тидам бора пангӀезалаллин, цуо тосура царна башха кхерам. ПангӀезалалло кхиамаш бора бусалбанашна йукъахь, цу тӀе гӀертара оьрсийн бусалбанаш цхьаьнатоха гӀезалойн урхалле. Идеологи йара исламан дин а, тайпанан цхьааллин ойла а. Кхин а империн чинхой реза бацара, Российн махкахь лакхара дешаран меттигашкахь гӀезалой баржарна. Лерина гуламо дери дира Российн империн бусалба бахархошна йукъара прогрессин процессашна хьалха шеш гӀийла хиларх а, царна дуьхьала латта ца даларх а.
1980—1990-гӀа шерашкара йукъараллин-политикин болам
бӀаьра нисйанXX бӀешеран 80-гӀа шерийн чаккхенгахь ГӀезалойчура йукъараллин-политикин боламан жигараллин мур хуьлу: Кхуллу БерриггӀезалойн йукъараллин центр (БГӀЙЦ), хьалхара президент M. Мулюков, «Иттифак» партин дакъа — дуьххьарлера коммунистийн партин доцу дакъа ду ГӀезалойчохь, цуьнан коьртехь йара Ф. Байрамова.
Булгарийн къоман конгресс
бӀаьра нисйанБулгарийн къоман конгрессан президент[54] (республика ГӀезалойчоь) Халилов Ӏусман а Адамийн бакъонийн Европин суьде йаздира гӀезалойх булгараш ала аьлла, амма 2010 шарахь суьдехь ийшира[55].
2018 шерера дуьйна болу йукъараллин-политикин болам
бӀаьра нисйан1990-гӀа шераш дуьйлалуш, Советийн Союз йоьхначул тӀаьхьа, Уралан-Ийдалан штат кхолларан ойла гӀарайаьллера гӀезалойн къоман йукъараллин гӀуллакххошна йукъахь.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38 Официальный сайт Всероссийской переписи населения 2010 года. Информационные материалы об окончательных итогах Всероссийской переписи населения 2010 года . ТӀекхочу дата: 2012 шеран 1 январь. Архивйина 2016 шеран 5 июнехь
- ↑ Материалы заседания круглого стола, посвященного предварительным итогам Переписи населения в Крымском федеральном округе по национальному составу, родному языку и гражданству Архивйина 2015-04-02 — Wayback Machine // Перепись населения в Крымском федеральном округе Архивйина 2017-08-11 — Wayback Machine
- ↑ Численность населения Республики Казахстан по отдельным этносам на 1 января 2020 года . ТӀекхочу дата: 2021 шеран 16 январь. Архивйина 2020 шеран 27 майхь Архивйина 2020-05-27 — Wayback Machine
- ↑ Информация о национальном составе постоянного населения Республики Узбекистан . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2019 шеран 11 апрелехь
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 Всеукраїнський перепис населення 2001 (русская версия) . ТӀекхочу дата: 2011 шеран 19 март. Архивйина 2011 шеран 19 майхь
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 Joshua Project — Tatar Ethnic People in all Countries . ТӀекхочу дата: 2010 шеран 3 май. Архивйина 2012 шеран 4 апрелехь
- ↑ Численность постоянного населения Кыргызской Республики по национальностям
- ↑ Перепись населения Киргизии 2009. Бишкек . ТӀекхочу дата: 2012 шеран 21 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 21 мартехь
- ↑ Перепись населения Киргизии 2009. Чуйская область . ТӀекхочу дата: 2011 шеран 10 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 10 августехь
- ↑ Перепись населения Киргизии 2009. Джалал-Абадская область . ТӀекхочу дата: 2011 шеран 10 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 10 августехь
- ↑ Перепись населения Киргизии 2009. Город Ош . ТӀекхочу дата: 2011 шеран 10 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 10 августехь
- ↑ Перепись населения Киргизии 2009. Иссык-Кульская область . ТӀекхочу дата: 2011 шеран 10 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 10 августехь Архивйина 2011-08-10 — Wayback Machine
- ↑ Перепись населения Киргизии 2009. Баткенская область . ТӀекхочу дата: 2011 шеран 10 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 10 августехь Архивйина 2011-08-10 — Wayback Machine
- ↑ Перепись населения Киргизии 2009. Ошская область . ТӀекхочу дата: 2011 шеран 10 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 10 августехь
- ↑ Перепись населения Республики Беларусь 2019 года. Национальный состав населения Республики Беларусь . belstat.gov.by. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 23 ноябрь. Архивйина 2021 шеран 20 апрелехь
- ↑ Том 3. Национальный состав и владение языками, гражданство населения Республики Таджикистан . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 5 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 14 октябрехь Архивйина 2013-10-14 — Wayback Machine
- ↑ Распределение населения ЛР по национальному составу и государственной принадлежности на 01.01.2020. Архивйина 2020-03-02 — Wayback Machine(латыш.)
- ↑ Перепись населения Канады 2006 Архивйина 2017-12-29 — Wayback Machine.
- ↑ Представитель культурной ассоциации «Идель-Урал» считал, что количество татар в Японии в 1930-е годы могло достигать 10000 человек Архивйина 2021-02-09 — Wayback Machine(оьр.)
- ↑ http://www.joshuaproject.net/peoples.php?rop3=109874
- ↑ 1 2 Каариайнен, Фурман, 1999.
- ↑ Ахметзянов М. И. Татарские родословные (шеджере) / М. И. Ахметзянов – Казань: ИЯЛИ им. Г. Ибрагимова // Золотоордынское обозрение. 2015.
- ↑ Исхаков Д. М. Юго-Восток ГӀезалойчоьа: проблема изучения этнической истории региона XTV-XVII вв. // Элмэт — Альметьевск. 2003.
- ↑ Татары. БРЭ. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 4 декабрь. Архивйина 2020 шеран 20 октябрехь Архивйина 2020-10-20 — Wayback Machine
- ↑ Татарская Энциклопедия. Польско-литовские татары, . ТӀекхочу дата: 2021 шеран 28 октябрь. Архивйина 2021 шеран 28 октябрехь
- ↑ Хазары :: Татарская энциклопедия TATARICA
- ↑ Ясно-понятно. Кто такие мишари? - Инде
- ↑ 5. Исторические предки татарского народа: хазары и половцы
- ↑ Уразманова, Чешко, 2001, с. 35—40.
- ↑ Татары • Большая российская энциклопедия — электронная версия . bigenc.ru. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 4 декабрь. Архивйина 2020 шеран 20 октябрехь Архивйина 2020-10-20 — Wayback Machine
- ↑ За 10 лет численность татар в России снизилась почти на 600 тыс. человек(бил-боцу.). Новости Татарстана и Казани - Татар-информ. ТӀекхочу дата: 2023 шеран 2 январь.
- ↑ Валерий Тишков, Валерий Степанов. Российская перепись в этническом измерении. Кто численно возрастает, а кто — депопулирует? // Демоскоп Weekly : сайт. — № 155—156. Архивйина 2018 шеран 21 мартехь.
- ↑ Regnum. Численность татар в России уменьшилась на 4,4 % . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 5 февраль. Архивйина 2018 шеран 5 февралехь
- ↑ Татары . ТӀекхочу дата: 2020 шеран 11 октябрь. Архивйина 2020 шеран 2 декабрехь Архивйина 2020-12-02 — Wayback Machine
- ↑ Татары . ТӀекхочу дата: 2008 шеран 10 октябрь. Архивйина 2010 шеран 16 сентябрехь
- ↑ Татары, в историческом смысле // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ Уразманова, Чешко, 2001, с. 42—43.
- ↑ Закиев М. З. Часть вторая, Первая глава. История изучения этногенеза татар // Происхождение тюрков и татар. — М.: Инсан, 2002. Архиван копи 2008 шеран 19 декабрехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
- ↑ 1 2 Татары // Татарский энциклопедический словарь. — Казань: Институт Татарской энциклопедии АН РТ, 1999. — 703 с. — ISBN 0-9530650-3-0.
- ↑ Исхаков Д. М. Этнография татарского народа. Казань, Магариф, 2004.
- ↑ Исхаков Д. М., Измайлов И. Л. Образование Золотой Орды и формирование средневекового татарского этноса (XIII — первая четверть XV века) // Татары. — «Наука», 2001. — (Народы и культуры).
- ↑ Исхаков Д. М. Татарская нация: история и современное развитие. Научная публицистика. — Казань, 2004.
- ↑ Е. В. Балановская, А. Т. Агджоян, М. К. Жабагин, Ю. М. Юсупов, Р. А. Схаляхо, Д. О. Долинина, А. Д. Падюкова, М. А. Кузнецова, Н. В. Маркина, Л. А. Атраментова, М. Б. Лавряшина, О. П. Балановский Татары Евразии: своеобразие генофондов крымских, поволжских и сибирских татар. Вестник Московского университета. Серия XXIII АНТРОПОЛОГИЯ № 2/2016: 75-85 . ТӀекхочу дата: 2017 шеран 21 август. Архивйина 2020 шеран 29 октябрехь
- ↑ Мухамедова Р. Г. Татары-мишари. Историко-этнографическое исследование. — М.: «Наука», 1972.
- ↑ Советская тюркология. — Изд-во Коммунист, 1987. С. 51—60.
- ↑ Этнотерриториальные группы татар Поволжья и Урала и вопросы их формирования. Историко-этнографический атлас татарского народа. — Казань: Изд-во ПИК «Дом печати», 2002. — 248 с.
- ↑ «Кыпчакские языки Урало-Поволжья: опыт синхронической диахронической характеристики» Т. М. Гарипов. М.: Наука, 1979
- ↑ Башҡорт теленең академик һүҙлеге: 10 томда. Т. I: (А хәрефе) / Ф. Ғ. Хисамитдинова редакцияһында(башк.). — Өфө: Китап, 2011. — С. 14. — 432 с. — ISBN 978-5-295-05389-4.
- ↑ Кабинет татарского языка. Шакирзянов Рашит Аглеевич (HTML). www.kgasu.ru. КГАСУ. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 16 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 1 майхь
- ↑ Татары. — 2-е изд. — М: Наука, 2017. — С. 685. — ISBN 978-5-02-039988-4.
- ↑ Бушуев А.С. Современная этнодемография татар // Этнографическое обозрение. — 2019. — № 5. — С. 136—138. — ISSN 0869-5415.
- ↑ Бушуев А. С. Современная этнодемография татар // Этнографическое обозрение. — 2019. — № 5. — С. 136. — ISSN 0869-5415.
- ↑ Результаты всероссийской переписи населения 2002 года. Национальный состав. (2003). Архивйина 2008 шеран 2 февралехь
- ↑ Используется название из программных документов движения последних лет.
- ↑ Татары — это не болгары . Коммерсантъ № 205 (2090) (1 ноября 2000). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 14 август. Архивйина 2010 шеран 20 сентябрехь
Литература
бӀаьра нисйан- Ӏилманан
- Ибятов Ф. М. Тохтамыш и Тимур. Значение булгаро-татарского фактора в крупнейшей военной эпопее XIV века. — Казань, СПб.: «Искусство России», 2003. — 400 с. — 5000 экз. — ISBN 5-8290-0354-6.
- Каариайнен К.[fi], Фурман Д. Е. Татары и русские — верующие и неверующие, старые и молодые // Вопросы философии. — 1999. — № 11. — С. 68—80.
- Мухамедьяров Ш. Ф. Рецензия на книгу Н. А. Томилов. Современные этнические процессы среди сибирских татар / Отв. ред. И. С. Гурвич. — Советская этнография. — Томск, 1980. — С. 168—171. — 208 с.
- Народы мира: Историко-этнографический справочник / Глав. ред. Ю. В. Бромлей; Ред. кол.: С. А. Арутюнов, С. И. Брук, Т. А. Жданко и др. Институт этнографии имени Н. Н. Миклухо-Маклая АН СССР. — М.: Советская энциклопедия, 1988. — С. 433—434. — 624, [12] с. — 100 000 экз.
- Татарская нация: история и современное развитие Архивйина 2023-02-18 — Wayback Machine. Науч. ред. и сост. д-р ист. наук Д. М. Исхаков. Казань: Магариф, 2002.
- Татары // Народы России: Энциклопедия / Глав. ред. В. А. Тишков; Ред. кол.: В. А. Александров, С. И. Брук, Н. Г. Волкова и др.. — М.: Большая Российская энциклопедия, 1994. — С. 320—331. — 480 с. — 50 000 экз. — ISBN 5-85270-082-7.
- Татары / Отв. ред. Р. К. Уразманова, С. В. Чешко. — М.: Наука, 2001. — 583 с. — (Народы и культуры). (оглавление)
- Татары // Этноатлас Красноярского края / Совет администрации Красноярского края. Управление общественных связей; гл. ред. Р. Г. Рафиков; редкол.: В. П. Кривоногов, Р. Д. Цокаев. — 2-е изд., перераб. и доп. — Красноярск: Платина (PLATINA), 2008. — 224 с. — ISBN 978-5-98624-092-3.
- Татары // Социальное партнёрство — Телевидение. — М. : Большая российская энциклопедия, 2016. — С. 698—699. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 31). — ISBN 978-5-85270-368-2.
- Трофимова Т. А. Этногенез татар Среднего Поволжья в свете данных антропологии // Происхождение казанских татар. — Казань, 1948. — С. 30—34.
- Трофимова Т. А. Этногенез татар Поволжья в свете данных антропологии. — М., Л.: Издательство АН СССР, 1949. — 265 с. — (Труды Института этнографии АН СССР, т. 7).
- Уразманова Р. К. Семейный быт татар юго-восточных районов Татарии // Из истории культуры и быта татарского народа и его предков. — Казань: Казанский филиал Академии наук СССР, 1976. — 152 с.
- Уразманова Р. К. Современные обряды татарского народа: историко-этнографические исследования. — Казань: Татарское книжное издательство, 1984. — 145 с.
- Уразманова Р. К. Обряды и праздники татар Поволжья и Урала. Годовой цикл. XIX—нач. XX вв. Историко-этнографический атлас татарского народа. — Казань: Издательство ПИК «Дом печати», 2001. — 198 с.
- Уразманова Р. К. „Мусульманские“ обряды в быту татар (ru) // Этнографическое обозрение. — 2009. — № 1. — С. 13—26. Архивйина 2016 шеран 21 августехь.
- Фәхретдинов Р. Г. Татар халкы һәм ГӀезалойчоь тарихы Архивйина 2019-01-16 — Wayback Machine. — Казан: Мәгариф, 2001. — 287 с. (Татарский народ и история ГӀезалойчоьа, на татарском языке).
- Публицистика
- Бахтиаров А. А. Татары в Петербурге. // Брюхо Петербурга. Очерки столичной жизни — СПб., 1994.
- Баяр А. Тайная история татар Архивйина 2007-09-27 — Wayback Machine
- Валеев Р. С. Татары у себя дома. Казань: Магариф, 2005. 255 с.
- Имамов В. Ш. Запрятанная история татар: Национально-освободительная борьба татарского народа в XVI—XVIII вв. — Набережные Челны: КАМАЗ, 1994.
- Ишболдин Б. Очерки из истории татар Архивйина 2012-01-06 — Wayback Machine
- Хайруллин Г. Т. История татар. Алматы: Издательская группа «Казинтерграф», 1998. — 178 с.
- Альбомаш
- Народы России: живописный альбом. Санкт-Петербург, типография Товарищества «Общественная Польза», 3 декабря 1877, ст. 252.
- Татары. — 2-е изд., доп., перераб. — М.: Наука, 2017. — 799 с. — ISBN 978-5-02-039988-4Бушуев А. С. Современная этнодемография татар // Этнографическое обозрение. — 2019. — № 5. — С. 133—150.