Суспе́нзи, кхозург (лат. suspensio, хьалаоллар) — шена чохь чӀогӀа хӀума кегийрачу дакъолгашна йекъа а екъна кхозучу хьолехь лаьтта коча хӀуманаш чу иэйина хӀуманаш[1][2].

Хин чохь кхозу дама го сирла сийна. И эффект кхетадо, деман дакъолгаш сийна бос чехка баржабо цӀие бесал.

Суспензи — шогадисперсан система йу чӀогӀа дисперсан фазица а, коча дисперсан хьолаца а. Дукха хьолахь дисперсан фазийн дакъолгаш дикка деза долуш (10 мкм сов), охьаховшу дозаллин ницкъан Ӏаткъам бахьнехь (седиментации йо). Шайна чохь седиментаци чӀогӀа меллаша йоьду суспензех, дисперсан фазийн а, дисперсин хьолийн а луьсталлийн йукъара башхалла кӀезиг хиларна, наггахь кхозургаш олу. Концентраци йина суспензеш чохь атта кхоллало дисперсан структураш. Суспензин тайпанаш — пульпаш, бурун цӀанноран кочаллаш, цементан чорпа, эмалан басарш. Шуьйра лелайо керамика йарехь.

Хьажа иштта

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Суспензии / Л. А. Шиц // Струнино — Тихорецк. — М. : Советская энциклопедия, 1976. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 25).
  2. Шиц Л. А. СУСПЕНЗИИ // Большая российская энциклопедия. Электронная версия (2017); https://bigenc.ru/chemistry/text/4174819 Архивйина 2018-01-03 — Wayback Machine Дата обращения: 02.01.2018

Литература

бӀаьра нисйан
  • Химический энциклопедический словарь. — М.: Советская энциклопедия, 1983.