Талби́йат (Ӏаьр. التلبية‎‎‎), — алсам Хьаьжоша ХьажицIахь, Маккахь доьшуш долу доIа ду.

Iаьрбийн дешнаш: لَبَّيْكَ اللّهُمَّ لَبَّيْكَ، لَبَّيْكَ لا شَرِيكَ لَكَ لَبَّيْكَ، إِنّ الحَمْدَ وَ النِّعْمَةَ لَكَ وَ الملكَ، لا شَرِيكَ لَكَ
Кхетам: «Лаббайкалло́хIумма лаббайк, лаббайка ла́ шари́ка лака лаббайк, инналхьамда, ванниIмата, лака валмулк, ла́ шари́ка лак»
Гоч: «Со муьтIахь волуш ладугIуш ву хьоьга йа АллахI. Со муьтIахь волуш хьоьга ладугIуш ву со, цхьа а накъост вац хьоьца. Баккъалла а, хастам а, ниIмат а хьан ду, паччахьалла а хьан ду, цхьа а накъост вац хьоьца».

Талби́ят а, Хьаьжа а ИбраьхIим пайхамарера (Делера салам хуьлийла цунна) цуьнгара схьадаьлла дара. Мухьаммад пайхамар (Делера салам, маршал хуьлда цунна) волчу хене схьадеана дара иза.

IабдуллахI ибн Iумарс (дела реза хуьлийла цунна) элира боху, мацах цIа Делан элчан эмкал когаш тIе хьала а гIаьттина, цуьнца Зуль-Халиф олучу маьждиган уллохь, цо Тахлиль дийшира: "МуьтIахь долуш, хьуна хьалха ду-кх тхо йа АллахI, цхьа а накъост вац хьоьца". IабдуллахI ибн Iумарс тIаккха аьлла: "Иза Делан элчан Талбийат ду".