Тарик Джемал Кутлу
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Тарик Джемал Кутлу (турк. Tarık Cemal Kutlu) (1944 шо, Чардак, провинци КахӀраманмараш, Туркойчоь — 2004 шо, Туркойчоь) — нохчийн а, туркойн а йаздархо, публицист, гочдархо[1], профессор[2]. «Kuzey Kafkasya» — «Къилбаседа Кавказ» журналан хила жоьпаллин секретарь (1970—1978 шш.)[1]. Къоман нохчо[1][3] дишний тайпана[3].
Тарик Джемал Кутлу | |
---|---|
турк. Tarık Cemal Kutlu | |
ГӀуллакхан тайпа | йаздархо, публицист, гочдархо, профессор |
Вина терахь | 1944 |
Вина меттиг | Чардак (Гоьксун), провинци КахӀраманмараш, Туркойчоь |
Кхелхина терахь | 2004 |
Кхелхина меттиг | Туркойчоь |
Гражданалла | Туркойчоь |
СовгӀаташ |
Ibidem |
Биографи
бӀаьра нисйанКъоналла
бӀаьра нисйанТарик вина 1944 шарахь в Туркойчоьнан КахӀраманмараш провинцера нохчийн Чардак цӀе йолу йуьртахь[1]. Йуьхьанцара а, йуккъера а (лицей) чекхйаьккхира Мараш (хӀинца КахӀраманмараш) гӀалахь[1] Тарик ша жима волчу хенахь дуьйна шен Дайахкаца а, нохчийн ламасташца а уьйр йолуш вара[1].
Карьера
бӀаьра нисйан1971 шарахь Тарик Джемал Кутлус чекхйаьккхира Истмалан университетан литературин дакъа. Дешар чекхдаьккхиначул тӀехьа библиотекин кхочехь болхбира, лицейхь Ӏамабора туркойн мотт а, туркойн литература а. «Тахана», «Сийлахь Туркойчоь», «Знания», «Туркон Даймохк», «Аренаш» газеташца йукъаметтиг дӀакхихьира. Нохчийн а, туркойн а меттанашкахь байташ а. дийцарш а йаздира. Литературин конкурсехь «Мамед Готур Ага» цӀе йолу дийцар йаздарна Тарикана [Ibidem] цӀе йолу совгӀат делира[1].
Йешархоша а критикаша а дика мах хадийра «Чан йолу ворданан некъахь» [Ibidem] цӀе йолу Тарикан романан. Нохчийн маттахь деша а, йаздан а иза Ӏемира 1960 шерахь Нохчийчура туристаш деъна долу нохчийн абатца. 1971 шарахь тӀетаьӀӀина волавелира нохчийн мотт а, нохчийн литература а Ӏамо[1].
Тарик Кутлус йаздира къаьстина «Нохчийн кицанаш» цӀе йолу жайна, оцу тӀехь кицанаш далина шина маттахь[3]. Шен мукъа йолу хан Тарикс нохчийн мотт Ӏамор а баржор а тӀехь болх бора. Цуо сатуьйсур латинан бух тӀехь нохчийн абат кхоллар, цхьа сов хьаьркаш доцуш европин пачхьалкхашкахь а Туркойчохь а бехачу нохчий кхетар а болуш[2].
1996 шарахь Тарик Кутлу пенсе ваьллира шен йерриг хан цуо йойура гочдарш деш а талламаш беш а. Цуо туркойн матте йаьккхира нохчийн йаздархойн проза а, и поэзи а, фольклор гул йора, туркойн-нохчийн дошам а, нохчийн энциклопеди кхуллуш болх а бира[1].
Библиографи
бӀаьра нисйан- Жайнаш
- Tarık Cemal Kutlu. Çeçen direniş tarihi. — Anka Yayınları, 2005. — 637 с.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 Ялхароева Марем Ахметовна ТАРИК ДЖЕМАЛ КУТЛУ — ПИСАТЕЛЬ, ПУБЛИЦИСТ, ПЕРЕВОДЧИК Архивйина 2018-04-26 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 Майрбек Тарамов: Российских преступлений в Чечне — 03/07/2009
- ↑ 1 2 3 ИЗ ФОНДОВ РОССИЙСКОЙ ГОСУДАРСТВЕННОЙ БИБЛИОТЕКИ 1. Литературно-публицистическая деятельность ингушской диаспоры 6 Турции 1.1. Российская государственная Библиотека diss .rsl. ги 2003. Ялкароева, Марем Акметовна