Тарпетывайн эрал I эзаршо хьалха[1] Азовн хӀордан малхбален а, къилба-малхбален а бердашца даьхна меотийн тайпанашах (хила тарло, хӀиндоарийн[2]) цхьаъ ду. Антикан историкаш меотийн пачхьалкхах олуш хилла — Меотида — Азов-хӀордан тӀиера Ӏаьржа хӀорд тӀекхаччалц болу мохк, ткъа Азов-хӀордах олуш хилла Меотийн Ӏам.

Страбона йаздина[3]:

Меотех бу, царех шеш шайха болу синдаш а, дандареш а, тореаташ а, аграш а, аррехаш а, ткъа иштта «тарпеташ», обидиакенаш, ситтакенаш, досхаш, кхин цхьаберш а.

«Тарпетийн» исторех тешалла до тӀулга йозанаш — боспоран паччахьан Перисадан I-чун (вайн эрал 348—309 шераш хьалхара) титулараш, оцу тӀехь дуьйцу шен Ӏедалан кӀелахь долу къаьмнаш, царна йукъахь тарпеташ а. амма цхьайолчу титураларашкахь (оццу паччахьан) тарпеташ ца хьехабо, цуо гойту, цуьнан Ӏедал оцу меотийн тайпанан тӀехь цхьаьна эшшара ца хилар[4].

Кхин дӀа тарпетех хилларг хууш дац. Хила тарло уьш меотийн йукъараллех ийна.

ГӀарабевлла чӀагӀамаш

бӀаьра нисйан

ГӀалагӀазкхийн дошама-исправочнико дийцарехь, вайн эрал 893 шо хьалха тарпеташ, Азов гуонаха дехачу кхечу тайпанашца, гӀолецира гӀалагӀазкхашна печенегаш лохкуш, цул тӀаьхьа шеш дӀалецира церан Лакхара Донан а Ийдалан а йукъара цхьа дакъа латта [5].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Меотская археологическая культура // БРЭ. Т.20. М.,2012.
  2. Трубачёв О.Н. Indoarica в Северном Причерноморье: Реконструкция реликтов языка. Этимологический словарь. М., 1999.
  3. Страбон. География. Книга 11
  4. История Древней Греции. Причерноморье в V—IV вв. до н. э.
  5. Казачий словарь–справочник