Та́ча — готта хьешна баьккхина некъ.

Юргорденера тача

Тачанаш доца а хила тарло, масех бӀе метр, цул тӀаьхьа цуо кхачаво боккхочу новкъа. ТӀаккха а йукъарадахарш а хуьлу, Аппалачин тача дахделла масех эзар километр.

Къилбаседа Америкехь и термин леладо хишца охьа, наггахь автомагистралашка оьху маршруташна. АЦШ и термин историн агӀора лелийна акха меттигехула йоьду маршрут билгалйоккхуш, лелайора мухажираш (масала, Орегонан тача).

A walker silhouetted by a cabin on mountain slope
новкъахо кечлуш французийн Альпашкара Refuge de Bel Lachat, Шамонин GR5 тачанан маршрут йита.

Цхьацца маршруташ цкъа бен ца лелош хуьлу, лело таро йац гӀаш, вилспет тӀехь, говрахь, ходьбы на лыжаш тӀехь лелаш бен. Йоккха Британехь уьш универсалан хила тарло, лело таро йу гӀашлоша, вилспетхоша, говр береша. Кхин а, тӀехула вилспеташ а, джипаш а лелаш ламанан тачанаш ду, ткъа цхьацца меттигашкахь, масала Альпашкара ламана даккъаш, иштта тачанаш леладо даьний лохкуш.

Туризман меттигашкахь дохку экологин тачанаш — хӀума довза луучарна буьйлабала маршруташ. Байкалан Доккха тачин, 1800 км йеха, дакъошкахь йина йаьлла проект йу.

Цхацца туристийн тачаний шайн долара цӀераш йу: ГӀирмера Гринан тача, Бутанера Лайн Стеган тача. Хо Ши Минан тача олу Лаосера а, Камбоджера а партизанийн коммуникацийн системех, уьш Вьетнамера тӀом болуш леладора Демократин Республика Вьетнамо Къилба Вьетнаме тӀеман гӀирс а, эскар а дехьакхуссуш.

Цхацца туристийн тачаний шайн долара цӀераш йу: ГӀирмера Гринан тача, Бутанера Лайн Стеган тача. Хо Ши Минан тача олу Лаосера а, Камбоджера а партизанийн коммуникацийн системех, уьш Вьетнамера тӀом болуш леладора Демократин Республика Вьетнамо Къилба Вьетнаме тӀеман гӀирс а, эскар а дехьакхуссуш.

Австралехь термин «трек» леладо «тача» дешан синоним санна, хила тарло хӀуъа а, грунтан новкха тӀера грунтан гӀашлойн тачане кхаччалц[1]

 
KLIA Аэропорт чуьра джунглийн тача

Вилиспетан тачанаш

бӀаьра нисйан
 
Новкъахой а, маунтинбайкерш Драхенфельс (Саьрмикан тарх) боьххьехь Пфальцан хьуьнхахь, Германи

Вилиспетан тачанашна йукъадоьду тайп-тайпана некъаш, царна йукъахь йукъара некъаш а, уьш леладо балха боьлхуш, некъан доцу лыжийн трассаш, ламанан вилиспеташна тӀехь чехка охьабахкаран маршруташ. Маунтинбайкаш гӀарайовларца дикка тӀекхетта вилиспетийн маршруташ.[2][3] Маунтинбайкан некъаш, дукхаха дерг, функцех дозу, билгалдоху маршрут тӀехь къаьстина. Церан хила тарло шеш долу тачанийн кеп йа йевзаш йолу маршрутийн йоккхо́чу системийн да́къа хила тарло. Некъаш доцу маршруташа дукха хьолехь чулоцу чолхе меттиг, Singletrack, шера fireroads, силаман некъаш тӀехь. Атта йа йуккъера барам техникин чолхалла йолу некъаш лору уьду лыжийн некъаш, ткъа зиеделла хахкархошна а хала долу некъех, дукха хьолехь олу all-mountain, freeride. Лам тӀера чухахкавалар леладо ламанан лыжийн курорташкахь, масала, Калифорнера Mammoth Mountain[4] йа Британин Колумбера Whistler Blackcomb, цигахь ламанан лыжеш хьалайохурш лелайо вилиспеташ хьалайохуш а, райдераш ламанан боьххье хьалабохуш а.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Australia's Top Hiking Trails. Australia.com. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 14 январь. Архивйина 2020 шеран 27 октябрехь
  2. "New off-road cycle route links England and Scotland". BBC News. 2019-09-01. Архивировано 2019 ш. 03 декабрехь. ТӀекхачаран де: 2021 ш. 14 январехь. {{cite news}}: Указан более чем один параметр |accessdate= and |access-date= (справка); Указан более чем один параметр |archivedate= and |archive-date= (справка); Указан более чем один параметр |archiveurl= and |archive-url= (справка)
  3. Starr, Stephen A new way to travel across the US. BBC.com (2020 шеран 14 декабрь). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 14 январь. Архивйина 2021 шеран 9 январехь
  4. Mammoth Bike Park. Mammoth Mountain Ski Area. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 13 январь. Архивйина 2021 шеран 14 январехь

Литература

бӀаьра нисйан
  • Тропа // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.