Теночтитланан гуо лацар
Теночтитланан гуо лацар — 1521 шарахь коьртехь испанин конкистадор Кортес Эрнан волу эскаро Ацтекийн империн коьрта шахьар тӀехьа схьайаккхарца а, йохайарца а гуо лацар. Бухара бахархойн а, конкистадорийн а шортта тӀемаш хиллашехь, нисса Теночтитлан йожар Ацтекийн импери йохаран йуьхьиг хилира. Мексика йаккхар Испанин Америкин колонизацин дакъа дара было частью. Кхоъ тӀелатаран могӀанан коьртехь бара Педро де Альварадо, Кристобаль де Олида, Гонсало де Сандоваль.
Теночтитланан гуо лацар | |||
---|---|---|---|
Коьрта конфликт: Кортеса Ацтекийн импери йаккхар | |||
Терахь | 1521 шеран 26 май — 13 август | ||
Меттиг | Теночтитлан, хӀинцалера Мехико, Мексика | ||
ЖамӀ | испанхойн конкистадорийн толам | ||
МостагӀий | |||
|
|||
БӀаьччаш | |||
|
|||
Массон ницкъаш | |||
|
|||
Белларш | |||
|
|||
Викиларми чохь медиафайлаш |
XVI бӀешарахь Америке кхаьчна испанхой, цецбевлла бара ацтекийн гӀаланийн бахамах, церан хозаллех. Кортес Эрнан шен салташца а, бартхой-индахошца а гӀалин чувахара 1519 шеран 8 ноябрехь, амма 1520 шеран 1 июлехь вада дийзира. Испанхой йуха а тӀелетира 1521 шеран 4 июнехь. Гуо лацар чекхделира Теночтитлан 13 августехь йожарца.
Гуо лацаран йуьхьиг
бӀаьра нисйан1521 шеран Ӏай а, бӀаьста а ацтекийн Тескоко Ӏоман гуонахьара йерриг ладаме гӀаланаш схьайаьхна, Кортеса 10 майхь (кхечу хьосташца 26 майхь) тӀелетира Теночтитланан. Кортесан планаца, кхо тоба хьаьдира коьрта шахьран тӀелата. Хила безачу тӀеман коьрта хало Теночтитланан тӀекхача безара тӀемца дамбанаш тӀехула, цигахь говраш ца лелалора. ЧӀингаш тӀера индахоша европахошна, цӀеношна а, кегийрачу гӀопашна а, дуьхьалонашна а тӀехьа лечкъаш, пхенаш кхуьйсура. Хьалхарчу деношкахь испанхойн цхьан а кхиам бацара. ТӀаккха Кортеса омар дира коьрта шахьран хи латтош йолу хинан биргӀа йохайе аьлла. Иза йолалуш йара Чапультепекехь. Кхуза хьажийна дара Альварадон а, Олидин а тобанийн хьалхара тӀелатар. Ацтекаша дера дуьхьало йора, амма онда тӀелеттачу мостагӀчун ницкъан дуьхьало ца йан йелла, йуха бевлира. Испанхоша дохийра биргӀин дакъа — хи сецира. Бахархойн хинан хьаст хилира. Теночтитланехь масех гӀу йара, амма, цара ло хи ца тоара, иза гӀала кеманаш тӀехь кхехьа дезаш хуьлура.
Хьалхара тӀемаш
бӀаьра нисйанИспанхойн хьалхара дамбаш йаха гӀортаран дера дуьхьало йира, церан дийзира сихабелла йухабовла. Эзарнаш болу тӀемлойн тобанаша коьрта шахьран тӀевогӀийлаш ларйора латтан тӀехула а, Ӏоман агӀора а. Пирога-кеманашна детта герзо пайда ца бора, индахоша церан агӀонаш чӀагбинера стаммий турсашца. Дуьххьарлера хин тӀера ладаме тӀамо Теночтитлан схьайаккхарехь флотилин доккха маьӀна гайтира. ХӀинца дамба къуьйсу эскарийн тешаме дуьхьало йара. Цул сов, флотилис таро лора йерриг луьста гӀала къовла, цунна оьшура гуттаренна йуург, мерг тӀекхехьа. Бахархошна дахаран ладаме оьшу мохь сацор Кортеса шен хӀордахошна тӀейиллина шолгӀа Ӏалашо хилира. Кхин дӀа ацтекашна цӀеххьана долуш Кортес тӀелетира Холокна — коьрта шахьран пенашна уллехь лаьтта ши некъ цхьаьнакхета ладаме меттиг. Испанхой йаккхий тоьпаш а хӀиттийна гӀопан чу хевшира. ГӀалин турслой тӀетаьӀӀина тӀелетташехь дӀалаьцна чӀагӀонаш конкистадораш царна чуьра лахка ца белира.
Кортесан майра сацам
бӀаьра нисйанБахбеллачу къовсамо испанхойн а, церан бартхойн а ницкъаш кхачош бара. Мехкашдахархой гӀелбеллера, тӀемал сов бала хьоьгура ца боьллачу климатах — догӀанийн зама йара оцу хенахь. Йахйелла кампанешка Ӏемина боцу, Конкистадорийн бартхойн собар кхачийнера. Луучу агӀора гӀуллакх чекхдаккха, Кортес ойла йан волавелира алсама пайден хӀуманех лаьцна. Сацам бира гӀалин чохь тӀелата. ГӀашлошца цхьаьна, хӀордахоша тӀетуьйхира, дамбаш ӀетӀначохь йина, тӀулгийн бруствераш ларйечу ацтекийн тобанашна. Масийттаза цара десант йоссийра иэтӀаршна дехьа агӀора, доьзуьйтура тӀехь-тӀехьа гена бовла. Кортесан хьалхарчу дакъошна тӀаьхьайогӀура тлашкаланхойн башха тобанаш, цара дӀакъовлура иэтӀна меттигаш чу тӀулгаш, гӀишлошйаран нехаш, кхин хӀуманаш кхуьйсуш. Масех сахьтахь тӀом бина хьалхара дакъош кхечира хьалха испанхой Теночтитлан чубаьхкинчу коьртачу новкъан тӀе. И урам чекхдолура коьрта шахьран къилбаседехьара къилбехьа кхаччалц, доьдура Уицилопочтли олучу йоккхачу динан гӀишлон майдане. Кхин дӀа Кортесан тобанаш йахар лагделира: бригантина-кеманаш татолийн гомха хин чухула ца дахаделира. Цу тӀе йерриг гӀишлойн тхевнаш тӀехь тӀемлой бара испанхошна а, церан бартхошна а лакхара герз детташ. Кортеса омар делира дерриг цӀенош хӀума ца дуьтуш ахка аьлла, Кортесан эскар кхин дӀа а тӀелетира.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ George Edwin Mueller . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 4 май. Архивйина 2021 шеран 8 мартехь
Литература
бӀаьра нисйан- Хьостийн Ацтекийн тоба
- Пресвитер Хуан; Антонио Перес; фрай Педро де лос Риос (глоссы). Кодекс Теллериано-Ременсис . www.kuprienko.info. — Украина, Киев, 2010. Перевод с испанского - А.Скромницкий, В.Талах. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 16 август. Архивйина 2011 шеран 22 августехь
- Анонимный автор. Кодекс Мендоса. www.kuprienko.info (2010 шеран 1 декабрь). — Украина, Киев, 2010. Перевод с испанского - А.Скромницкий, В.Талах. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 1 декабрь. Архивйина 2011 шеран 24 августехь
- Испанин хьосташ
- Альва Иштлильшочитль, Фернандо де. История народа чичимеков, его поселения и обоснования в стране Анауак. www.kuprienko.info (2010 шеран 22 март). — пер. с исп. - В. Талах, Украина, Киев, 2010. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 29 июнь.
- Нора Молони. Археология. Оксфорд. — Москва, 1996.
- Hernán Cortés. Five Letters of Cortés to the Emperor(бил-боцу.). — 1969.
- Díaz del Castillo, Bernal. The Conquest of New Spain(испан.). — 6th printing (1973). — Harmondsworth, England: Penguin Books, 1963. — (Penguin Classics). — ISBN 0-14-044123-9.
- Smith, Michael E. City Size in Late Post-Classic Mesoamerica (en) // Journal of Urban History : journal. — Beverley Hills, CA: SAGE Publications, 2005. — May (vol. 31, no. 4). — P. 403—434. — DOI:10.1177/0096144204274396.
- Soustelle, Jacques. La vida cotidiana de los aztecas en visperas de la conquista(испан.). — Mexico City: Fondo de Cultura Economica , 1984.(испан.)
- Stannard, David E. American Holocaust: Columbus and the conquest of the New World(ингалс.). — 1992.
- Walker, Charles. Wonders of the Ancient World(бил-боцу.). — 1980.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Теночтитлан — столица ацтеков
- Гуляев В. И. «По следам конкистадоров», «Наука», 1976, — 160 с.
- «Штурм пирамиды смерти» Губский В. И.
- Правдивая история завоевания Новой Испании. Берналь Диас дель Кастильо
Кхечу Википедехь кхин йуьззина агӀо йу Fall of Tenochtitlan(ингалс.) |