Тимошенко Юлия
Тимошенко Юлия Владимировна (украинийн маттахь Юлія Володимирівна Тимошенко, йина 1960-чу шарахь лахьанан-беттан (ноябран) 27-чу дийнахь Днепропетровскехь, УССР, ССРБ) — украинийн пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакхо йу. Украинин халкъан депутат (1997—2000, 2002—2005, 2006—2007, 2007, 2014—2019, 2019 шарера схьа дуьйна) йу.
Тимошенко Юлия | |
---|---|
укр. Ю́лія Володи́мирівна Тимошенко | |
Бакъ цӀе | укр. Юлія Володимирівна Грігян |
ГӀуллакхан тайпа | политик |
Йина терахь | 1960 шеран 27 ноябрь[1] (64 шо) |
Йина меттиг | |
Да | Владимир Абрамович Григян |
Нана | Людмила Николаевна Телегина |
Тимошенко Юлия Викилармехь |
2005-чу шеран чиллин-беттан (февралан) 4-чу дийнан схьа дуьйна товбецан-беттан 8-чу кхаччалц, 2007-чу шеран гӀуран-беттан (декабран) 18-чу дийнан дуьйна 2010-чу шеран бекарг-беттан 3-чу кхаччалц Украинин премьер-министр йара. 1999-2001-чу шерашкахь Украинин ягорган-энергетикан комплексан вице-премьер-министр йара.
Хьалхара а, цкъачунна Украинин исторехь цхьаъ бен йоцу зуда премьер-министр йу. Лааме Пачхьалкхийн ДоттагӀаллехь оцу даржехь хьалхара зуда йу. «Батькивщина» йерригукраинийн цхьаьнакхетаралла цӀе йолчу партин хьалханча йу. 2004-чу шарахь Тимошенко (Ющенко Викторца цхьана) ЦӀехо-можа карчаман вовшахтохархо а, хьалханча а йара. Форбс журналан рейтингехь — 2005-чу шеран дуьненахь кхоалгӀа Ӏаткъам болу зуда йара[2].