ТӀавап
(ТӀаваф тӀера хьажжина кхуза)
ТӀавап, ТӀаваф (Ӏаьр. طواف) — хьаьж доьхкучу хенахь, сахьтан цхьамзанна дуьхьал, Ӏадатан го баккхар ду. Хьалхара тӀавап до, Макка схьакхаьчча.
Даран къепе
бӀаьра нисйанЗияртхоша ворхӀазза сахьтан цхьамзанна дуьхьал го боккху. КаӀбатан го боккхучу хенахь, цуьнан «Ӏиракъан» а, «йеменан» а маьӀигаш йоллучохь, доӀанаш до. И чекхдаьлча, цара КаӀбатан уллохь АллахӀ-деле шайн къиношна гечдар а доьхуш, Къуръанан ши сурат доьшу: «Цатешарш» а, «ЦӀоналла» а.