Аль-КаӀбатуль Мушаррафат (Ӏаьр. الكعبة المشرفة‎‎); иштта КаӀбат, ХьаьжцӀа (Ӏаьр. الحج البيت‎‎) — СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан Макка-гӀалин чохь йолу бусалбанийн къилбе ю, исламан хьалхара деза лоруш долу хьалхара доккха цӀа ду иза. АллахӀ делан дуьххьарлера цӀа ду иза. И динарг а, доьттинарг а ИбраьхӀим пайхамар وصلة= а, цуьнан кӀант ИсмаьӀил وصلة= а ву. ХӀора шарахь, дукха къаьмнашкара нах боьду цига Зиярт дан, оцарех «Зияртхой» я «Хьаьжой» олу.

Маьждиг
КаӀбат
Ӏаьр. الكعبة‎‎
Пачхьалкх  СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
Регион Макка
Координаташ 21°25′21″ къ. ш. 39°49′34″ м. д.HGЯO
Маьждиган тайпа ЖамӀат маьждиг
Архитектурин хатӀ Исламан архитектура
ГӀишлошъярхо Маликаш
Адам
Шис
Нохь
ИбраьхӀим
605 — Къурайшийташа КаIбатан реконструкци яр
638 — Iабдулла ибн аз-Зубайран реконструкци
693 — Iабдул-Малик ибн Марванан реконструкци
1629 Мурад Хан султанан заманера реконструкци
1996КаIбатан реставраци
Ерриг майда
  • 119 квадратан метр
Чоьнан майда м²
Локхалла 13,1 м
Хьал хӀинца а лелаш
Таравих ХlаъY
Ифтар а, сухур а ++
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Истори Нисйе

ХьаьжцӀа — иза АллахӀ дала шен хьалхара цӀа ду аьлла билгалдина ду Къуръанехь. АллахӀ-дала сийлахь дина иза. Дуьххьара иза динарг маликаш а, Адам пайхамар   а хилла. Цул тӀехь цуьнан кӀант Шис-пайхамара юха дина хилла иза. Цул тӀехьа Нохь пайхамара   дина хилла. ТӀаьххьаре, ИбраьхӀим пайхамара   шен кӀантаца ИсмаьӀилца   юха дина иза. ИбраьхӀим деле дийхира иза даима ларде аьлла. ИбраьхӀим-пайхамаран заманахь дуьйна, АллаӀ-дала иза лардеш долу маьждиг ду. Цигахь садолу хӀума ен а, цӀий Ӏано а, къа латадан а цамега.

АллахӀ-дала боху къуръанехь:

Баккъалла, дуьххьара нахана дуьйгӀина долу цӀа, оцу Баккахь (Маккахь) дерг ду. Иза дуьйгӀина декъала хилийта а, дуьненахь куьйгалла дайта а.

Этимологи Нисйе

Дош «الكعبة‎»Ӏаьрбийн маттахь цуьнан маьӀна «Квадратин цӀа» бохург ду. Кхин а «بيت الله» (БайтуллахӀ) «Делан цӀа» олу цунах.

 
 

КаӀбатан дакъош Нисйе

Ислам ·Маьждиг ·Хьаьж

 

Вовшахтосу дакъош:

1.Ӏаьржа тӀулг 2.НеӀ 3.Апари 4.Цоколь 5.ИсмаьӀилан хьиджр 6.Мультазам 7.ИбраьхӀиман макъам 8.Ӏаьржа тӀулган маьӀиг 9.Йеменан маьӀиг 10.Шаман маьӀиг 11.Ӏиракъан маьӀиг 12.Кисват 13.ШагатӀулган аса 14.ИбраьхӀим лаьттина меттиг

Хьажа иштта

аль-ХьарамЗамзамКиблаТӀаваф Бани ШайбаУмрат

Викиларма

КаӀбатан 14 дакъа ду:

  1. Ӏаьржа тӀулг (Ӏаьрб. الحجر الأسود — аль-хьаджар аль-асвад) — тӀулг, малх-балехьара КаӀбатан углехь берг.
  2. НеӀ (Ӏаьрб. باب الكعبة) — КаӀбатан неӀарш.
  3. Мизаб (Ӏаьрб. ميزاب) — къинхетаман хи дӀадохуьйту апари
  4. Цоколь (Ӏаьрб. الشاذروان) — КаӀбатан пенаш лардеш ерг.
  5. ИсмаьӀилан хьиджр (Ӏаьрб. حجر إسماعيل) — буьткъа горга пен, цу чохь дӀадоьллина ИсмаьӀил, ХӀаджар ду.
  6. Мультазам (Ӏаьрб. ملتزم) — Ӏаьржа тӀулган а, неӀаран а юккъахь долу дакъа, 2-метр ду.
  7. ИбраьхӀиман макъам (Ӏаьрб. مقام إبراهيم) — ангалин а, эчиган а меттиг, ИбраьхӀим-пайхамар тӀаьхьа лаьттина тӀулг бу цигахь.
  8. Ӏаьржа тӀулган угол (Ӏаьрб. زاوية الحجر الأسود)
  9. Йеменан угол (Ӏаьрб. الركن اليماني)
  10. Шаман угол (Ӏаьрб. الركن الشامي)
  11. Ӏиракъин угол (Ӏаьрб. الركن العراقي)
  12. Кисват (Ӏаьрб. كسوة الكعبة — кисват аль-каӀбат) — аяташ тӀехь долу шаршу.
  13. ШагатӀулган аса — хьалха баьццара яра, а хӀинца кӀайн ю.
  14. ИбраьхӀим лаьттина меттиг — ИбраьхӀима цӀа дуттучу хенахь, лаьттина меттиг..

Билгалдахарш Нисйе