ТӀалут

жуьгтийн дуьххьарлера паччахь

ТӀа́лут (Ӏаьр. طالوت‎‎), йа Ша́ул (ӏебар. שָׁאוּל‎; Ӏаьр. شاؤول‎‎) — иза жуьгтийн дуьххьарлера паччахь а, Исраилан пачхьалкх йиллинарг а ву. ЯӀкъуб пайхамаран ﷺ кӀентан Биньяминан тӀаьхьенах ву иза. И паччахь хаьржинера Шамвиль пайхамаро ﷺ Делан омраца, шега исраилхоша шайн цхьаъ паччахь хӀоттаве аьлла даьхначу хенахь, тӀам тӀехь шайн куьйгалла деш. Исраилхоша емалдира Шамвила ТӀалут паччахь харжар, и хьал долуш ца хилла дела. Шамвила бехкбаьккхира исраилхошка, тӀаккха ТӀалута царна тӀехь куьйгалла дира Джалутан эскарна тӀехь толам баккхалц, Давуд пайхамаран ﷺ куьйгахула ша вийна хилла волу. ТӀалут пайхамар ца хилла, цо урхалла дира вайн эра хилале 1020—1000 шерашкахь гергга[1].

ТӀалут
Ӏаьр. طالوت‎‎
Говзалла
ДӀавоьллина меттиг Цела
Пачхьалкх Исраилан пачхьалкх
Къам исраилхой, жуьгтий
Динлелор ислам
Лоруш волу динаш ислам, жуьгталла, керсталла
ТӀеман гӀуллакх
ТӀетоьхна хаамаш

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Талют. ru.quranacademy.org. ТӀекхочу дата: 2023 шеран 31 май.