Насаралла

дуьненан динех цхьаъ
(Керсталла тӀера хьажжина кхуза)

Ке́рсталла, Наса́ралла, Эрмало́йн дин (Ӏаьр. المَسِيحِيَّة‎‎ Аль-Маси́хьийя; Ӏаьр. النَّصرَانِيّة‎‎ Ан-Насра́нийя) — иза дуьненан а, Ибрахӏиман динех а цхьа доккха дин ду, 33-чу шарахь гергга Палестинехь Ӏийса пайхамаран ﷺ дахарна а, цуьнан шариӏатна а, цуьнга доссийначу Инжилна а гонаха кхолладелла. Цуьнан агӏончийн дукхалла 2,5 млрд гергга ю, ткъа географин даржаран агӏора — хӏор махкахь цхьаъ хилла а керстанан юкъаралла йу.

Керсталла
Ӏаьр. المسيحية‎‎
Кхин цӀераш: Насаралла, Эрмалойн дин
Динан доьзал: Ибрахӏиман динаш
Жайна: Библи (Товрат а, Инжил а)
Диллинарг: ӏийса
Тешар: монотеизм (Дела цхьаъвар)
Декъашхойн дукхалла: 2,5 млрд
Кхоьллина терахь: 33 шо

Юьхьанца Дела цхьаъ веш хилла дин ду. Керстанаш тешаш бу ӏиса пайхамар Масихь а ву, Делан кӏант а ву, адамаш кӏелхьалдаьккхинарг а ву аьлла. Ткъа Аллахӏа цара Шена тӏехь кхоьллина йолу харцонаш а, церан нийса доцу тешар (ӏакъидат) а Сийлахьчу Къуръан чохь билгалдина массийта сураташ чохь, царна инкарло еш[1][2][3].

Керсталлахь коьрта йолу тобанаш ю: католицизм — 1,3 млрд гергга адам; протестанталла — 800 млн гергга; православи — 280 млн гергга; Малхбалехьара православин килсаш (миафизитство) а, Малхбалехьара Ассирийн килс (несторианство) а 70—80 млн[4][5].

Кхолладалар а, даржар а нисйе бӀаьра

 
«Жӏарах дӏатохар», Эммануил Лампардос, XVII бӏешо

Керсталла кхолладелла I-чу бӏешарахь Пиластӏинехь, йуьцхьанца жуьгташна а, Товратан жуьгталлин мессианистийн боламийн контекстехь арамийн мотт буьйцучу бахархошна а юкъахь. Ша кхолладеллачу дуьххьара итт шарахь и гӏараделира Шема махкахь а, кхийолчу провинцешкахь а, тӏаьхьо — кхийолчу этнически тобанаш юкъахь а. Риман императоран Неронан заман чохь керсталла гӏарадаьлла девзаш дар Риман империн дукхаха йолчу провинцешкахь[4].

Пачхьалкхан дин ду аьлла керсталла дуьххьара тӏелаьцна хилла Йоккхачу Эрмалойчохь 301-чу шарахь[6][7][8][9].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Мчедлов М. П. Христианство — йаззам бу «Большой советской энциклопедии» (3-е издание)
  2. BBC—Religion & Ethics—566, Christianity // BBC
  3. Briggs, Charles A. The fundamental Christian faith: the origin, history and interpretation of the Apostles' and Nicene creeds. C. Scribner’s sons, 1913.
  4. 1 2 Кузенков, Аверинцев, 2017, с. 194.
  5. Пучков, 1999, с. 859—860.
  6. The Oxford Dictionary of the Christian Church / Ed. by F. L. Cross, E. A. Livingstone. — Oxford University Press, 2005. — P. 107.
  7. Энциклопедия Британника. Статья: Armenian Apostolic Church;

    Armenia became the first country to adopt Christianity about 300 ce, when St. Gregory the Illuminator converted the Arsacid king Tiridates III.

  8. Энциклопедия Британника. Статья: Saint Gregory the Illuminator;

    He returned to Armenia in the midst of a Christian persecution pressed by King Tiridates III (who was a zealot for the regional idols) and was imprisoned in a burial pit. After being rescued, Gregory reputedly converted the king about 300, and Tiridates then became the first monarch in history to impose Christianity on his people. He did so about 20 years before Constantine I.

  9. Большая советская энциклопедия. Статья Аршакиды армянские;

    При Тиридате III Великом [287—332] христианство стало около 301 государственной религией в Армении.