ТӀаьххьарчу денойн Эвлаяийн Ӏийса Масихьан килс

ТӀаьххьарчу денойн Эвлаяийн Ӏийса Масихьан килс (ингалсан маттахь The Church of Jesus Christ of Latter-day Saints; иштта кест-кеста царах тӀаьххьарчу денойн Эвлаяаш а, «мормонаш» а олу)- реставрационизм боламан динан кхоллам бу. Мормоналлин уггаре доккха га ду. Смит Джозеф ву организацин бухбиллинарг.

Сийлахь меттиг
ТӀаьххьарчу денойн Эвлаяийн Ӏийса Масихьан килс
The Church of Jesus Christ of Latter-day Saints

Пачхьалкх
Йиллинарг Cмит Джозеф
Йиллина терахь 1830 шеран 6 апрель
Сайт churchofjesuschrist.org
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Солт-Лейк-Ситехь (АЦШ, Юта штат) ю килсан коьрта урхалла. Цуьнан конгрегацеш (килсе оьхурш/кегий тобанаш) а, килсаш а дукхачу пачхьалкхашкахь схьайиллина ю. 2012-чу шарахь гӀуран-беттан (декабран) 31-чохь цуьнан динан хьехамийн гӀуллакхехь дакъалоцуш шовзткъе берхӀийтта эзар (58000) стаг вара. Ткъа оьрсийн революцил хьалхарчу а, советийн а, кхузаманан кхечу меттан динан жайнашкахь а оцу килсах «секта» («тоба») олу.

ТӀаьххьарчу дийнан Эвлаяийн килсан ша Ӏийса Масихьо кхоьллина юхаметтахӀоттина а, юьххьера керстанан а килс ю аьлла хета. Цара схьадийцарехь, Ӏийсас кхоьллина дуьххьарлера килс йоцуш ю, хӀунда аьлча, Цуьнан мурдаш (апостолш) Ӏожалле бирзича, наха шайн дин дӀатесира. Ӏийсах тешаро а, къинойх цӀандалар дезаро а коьрта меттиг дӀалоцу «тӀаххьарчу денойн эвлаяаш» кхолламан декъашхойн дахарехь.

Цхьайолчу меттехь организацин хьехам кхийолу керстанийн Ӏаморехь тера бу. Амма Делан амал а, адаман кхиаран гӀирсаш а бийцарехь церан ойланаш йекъало. Кхолламан канонна юккъедогӀуш ду диъ деза йоза: Библи (Шира а, Керла а Весеташ) а, Мормонан Жайна а,  Ӏамор а, весеташ а, Мах боцу ЖовхӀар а.

Библи йоцург, организацин каноне юкъабогӀу:

  • Джозеф Смито бина беза хаамаш а;
  • Библин маьӀна дар (комментареш) а;
  • Библин керла тӀетоьхна йозанаш а;
  • мормоншна Библин яйъина хеташ йолу тексташ а;
  • кхидолу ширачу пайхамарийн йозанаш а.

Килсан лархой тешаш бу, Везачу Делан куьйгаллица Ӏийсас кхолламан Ӏуналла деш хиларехь. Ӏийсас шен лаам буьйцу организацин президенте. Ткъа иза декъашхоша пайхамар а, хиндерг хуург а, Делан къайле лелорг а санна къобалвеш ву. Кхузаманахь и дарж ду Рассел М. Нельсонехь. Кхолламан декъашхошна шай дахарехь лаьцна къайленаш йосса тарло. Президент иерархин дӀахӀоттаман коьртехь ву. Структуран бухахь тобанаш ю. Царна Ӏуналла дан килсе оьхурш юккъахь епископ хоржу.

Шийтта шо кхаьчча хьакъ долу стеган бакъо ю мозгӀаралла леладан (12-чу шарера- дьякон даржехь, 14-чу шарера- хьехархочун даржехь, 16-чу шарера- мозгӀаран даржехь). Зударийн бакъо йац мозгӀаралла лело. Амма уьш куьйгаллин белхахой хила магош ду. Ткъа божарий а, зударий а динан хьехамийн гӀуллакххой хила йиш ю.

ТӀаьххьарчу денойн Эвлаяийн Килсо кхочушйо шуьйра миссионерийн программа- хьехамш боцург, программица доллу дуьненахь гуманитаран гӀо-накъосталла а до. Кхолламан декъашхошна тӀедиллина бехке меттигийн цӀеналла ларъяр а, шайн могушаллин гӀайгӀа бар а, марханаш кхабар а, Шот-де лардар а, иштта организацин хазне шай ахчан тӀера итт процент (10 %) дӀаяла еза. Мормонаш сийлахь-деза Ӏадаташ леладо, масала хих чекхваккхар а, конфирмаци а, кхетар а (причастие), Целестиалан зуда ялор (стаго а, зудчо а шаьш даллалц шайн цхьаьнаӀар килс чохь тӀечӀагӀдар).

CTR — (ингалсан маттахь Choose the Right, нохчийн матте гочдича иза «бакъдерг харжа» бохург ду)- Ӏийса Масихьан килсанан лозунган аббревиатура ю. И элпаш цара билгалонашна (эмблемашна) а, чӀагаршна а, хӀазаршна а тӀехь язйо. Дуьххьара мормонаш «Бакъдерг харжа» дешнаш лелийра цӀарахчу организацин гимнехь. И дешнаш дара берийн гимнийн гуламехь, церан автор Джозеф Л. Таунсенд вара.