Украина (автонекъ)
Федералан автомобилан некъ М-3 «Украина» (бевза Киевн шоссе цӀарца а) — федералан маьӀнийн автомобилан некъ Москох — Калуга — Брянск — Украиница долу пачхьалкхан доза (МАПП «Троебортни»)[1]. Европин маршрутан хӀоттаман дакъа E 101. Бохалла — 509 километр. Некъ баран план хӀоттийна 1934 шеран ССРС совхалкоман сацамца Советийн Союзера хьалхара автомагистралех цхьаъ санна. Чаккхенца бина баьлла 1976 шарахь.
Автонекъ | ||
Киевн шоссе, Киевка, Украинка | ||
---|---|---|
| ||
| ||
Коьрта хаам | ||
Мохк | Росси | |
Регион |
Москох Москохан область Калугин область Брянскан область Курскан область |
|
Новкъан дакъа | Кеп:Европин жима маршрут | |
Статус | федералан | |
Долахо | Российн Федераци | |
урхалла до | ПК «Автодор» | |
Бохалла | 509,4 | |
Йуьхьиг | Москох | |
Йуккъехула |
Калугин Брянскан |
|
Чаккхе | Украиница долу пачхьалкхан доза | |
Некъ къовлар | силам, бетон | |
ДӀабиллина терахь | 1976 шо | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Маршрут
бӀаьра нисйанФедералан автонекъ М-3 болало Ленинан проспект а, МХӀАН а вовшахкхетачура, кхин дӀабоьду къилба-малхбузен агӀор Москохан Новомосковскан административан гуонан латтан тӀехула, чекхболу Москох гӀалин Солнцево кӀоштан а, Внуково аэропортан а къилбехьахула, кхин дӀа Москохан Троицкан административан гуонан Крёкшинон латтан тӀехула, цул тӀаьхьа Москохан областера Наро-Фоминскан кӀоштахула (Крёкшино — Селятино дакъа), кхин дӀа йуха а Москох гӀалахула (Селятино — Киевн дакъа), йуха а Москохан областан Наро-Фоминскан кӀоштан латта тӀехула, Наро-Фоминск гӀалин къилба йистехула. А107. тӀехваллалц бу хӀокху заманан шеддаш долу шера некъ, некъан тӀехула гӀашлойн дехьадовлийлаш йолуш, некъ боькъу асанаш йолуш, боламан 4-5 аса хӀора агӀор йолуш. 33-гӀа километрал тӀаьхьа некъ гатло кхаа асане кхаччалц хӀора агӀор а. Селятинехь некъ гатло шина асане кхаччалц хӀора агӀор.
Цул тӀаьхьа некъ боьду Калугин областан махкахула, чекхболу Балабановохь А108. автонекъах, Обнинск дӀайолушехь чекхболу А130., Калугин уллехула болу гӀалин малхбузехьахула 16 километр йукъаметтиг йолуш, шорло 2 асане кхаччалц хӀора агӀор масех километр Р93. чекхьбаьллачул тӀаьхьа, кхин дӀабоьду Брянскан областехула къилба агӀор, Брянскан 10 километр малхбалехьахула чекхболу автонекъ Р120., масех километр Курскан областехула боьду, Москох — Орёл — Киев шира некъах кхеташ боьрзу къилба-малхбузехьа, тӀекхочу Украиница долчу пачхьалкхан дозанна.
Кхин дӀа некъ Украинин махкахула бу: автострада М-02 Киевн агӀорхьа.
Некъан башхаллаш
бӀаьра нисйанНекъан маьхаза декъашкахь хӀоттийна магийна 90 км/сахьт сихалла, нах беха меттигаш йоцург а, кхин бехкамаш боцург а, механ декъашкахь магийна сихалла 110 км/сахьт[2]. МХӀАН тӀера араволуш хӀоттийна цӀе йоцу билгало «Нах бехачу меттиган чаккхе», ткъа 2013 шеран январехь Керла Москохара араволучехь, 66-гӀа км., дӀавоьрзийла йу Бекасово-2, билгало «Нах беха меттиган «Москохан» чаккхе» хийцина кӀайниг сийначуьнца. Иштта, тӀетоьхна меттигера сихаллин барам бу 60 км/сахьт, лелаш йац Рассудово а, Киевн поселкехь бен.
- Москохара Обнинске кхачале некъ доьазза йарташкахула чекхболу сихалла 60 км/сахьт охьайолу.
- Калуге дӀавоьрзийлера Брянскан областан Погребаш поселке кхачале хуьлу меттигашкахь 70 км/сахьт сихаллин бехкамаш, кхераме дӀавоьрзийлаш а йолуш.
- Погребаш посёлок йукъахула волуш сихаллин бехкам бу 60 км/сахьт. Кхин дӀа Российн Украиница долчу дозане кхаччалц меттигашкахь хаало 70 км/сахьт бехкамаш кхераме дӀавоьрзийлашна хьалха.
Калугера Российн а, Украинин а дозане кхаччалц новкъаца дуккха а охьенаш а, ирхенаш а йу, цигахь хьалхавала ца мега. Некъа тӀера билгалонаш, некъа йистошкара билгалонашца дубль йина йу.
Таханлера хьал
бӀаьра нисйан2014 – 2017 шерашкахь тобира Калугин областера некъ мах баккхаран бух тӀе а боккхуш. Тобеш бу 51-ра км тӀера 65-гӀа км кхаччалц 6 асане кхаччалц шорбеш, 65-гӀа тӀера 124-гӀа км мехах лелоран бухца богӀу шеддаш беш.
МХӀАН тӀера Внукове (31-гӀа км) кхаччалц некъ 8 асанца бекъна, кхин дӀа А108/А113 (51-ра км) кхаччалц 6 аса йу, кхин дӀа Рассудове (67-гӀа км) кхаччалц 4 аса йу дӀасакъастор а йолуш, цул тӀаьхьа А-108 км кхаччалц 4 аса йу боькъург йоцуш, кхин дӀа 124-гӀа км кхаччалц 4 аса йу йоькъургца а, гӀашлойн дехьаволийлашца а, аьрру агӀор дӀавоьрзийлашца а. 124-га км тӀера 194-гӀа км кхаччалц 4 аса, некъ мехах бу, сихаллин доза тоьхна 110 км/сахьт. 194-гӀа км Украиница дозане кхаччалц 2 аса йу.
Некъ боькъу керт чекхйолу Рассудовехь (58-гӀа км). Некъ буса серлабаьккхина бу МХӀАН тӀера Рассудове кхаччалц, кхин дӀа Киевн поселок тӀера Зосимовн ГӀум-аре экъане дӀавоьрзийле кхаччалц , ткъа кхин а 124-гӀа км 194-гӀа км кхаччалц а. Обнинскера, 124-гӀа км 194-гӀа км кхаччалц, «Бошмаш — Спорни» кхаччалц некъ тобина дика къовламца, некъа йисташкахула керташ хӀиттош, некъ боькъу керташ хӀиттош, серладохуш,светофораш йоцуш, светофор Головтеевехь механ декъехь йу, бина цхьаьнатӀегӀанан шеддаш а, Россера дуьххьарлера экодук[3][4][5] а йолуш. Кхин дӀа Брянскан областан дозане кхаччалц некъан цхьацца аса йу шине агӀор, дикачу хьолехь а бу, тобина 2015 ш.. Брянскан областан дозанера Р120. автонекъах валлалц некъ иштта тобина бу. Дика къовлам а бу, дика некъан билгалонаш а йу.
Брянскан дехьа хьалха кхераме дакъош Синезерки посёлке дӀавоьрзийлера Навле кхаччалц, Брянск — Льгов цӀерпоштнекъан тӀай тӀера Локоть поселке дӀавоьрзийле кхаччалц. Цхьаццанхьа лилхина бара 20 см кхаччалц, 15-20 см кӀорга дара дара. Севске дӀавоьрзийлера дуккха агӀора дозанал дехьаволу пункте «Троебортни» кхаччалц некъ дика хьолехь бу.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Трасса М3 «Украина» на карте . www.rudorogi.ru. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 20 март. Архивйина 2017 шеран 21 мартехь
- ↑ "Скорость на платном участке М-3 «Украина» в Калужской области разрешат до 110 км/час"(оьр.). Архивировано 2017 ш. 09 ноябрехь. ТӀекхачаран де: 2017 ш. 08 ноябрехь.
- ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуавтоссылка1
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуавтоссылка2
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуавтоссылка3
тIетовжаран текст йазйина йац