Украина (ракетийн крейсер-кема)
Ракетийн крейсер-кема «Украина» (йуьхьанцара цӀе «Комсомолец», 1985 шеран 23 мартера 1993 шеран 20 март кхаччалц «Флотан адмирал Лобов») — советийн, тӀаьхьуо украинин тӀеман ракетийн крейсер-кема, доьалгӀа а, уггаре керла а 1164 «Атлант» проектан кема Украинин ТӀеман-хӀордан ницкъийн йерриг исторехь уггаре доккха кема.
«Украина» | |
---|---|
«Комсомолец», «Флотан адмирал Лобов» | |
Коьрта амалш | |
Длина |
|
Ширина | 20,8 метр |
Герз | |
Викиларми чохь медиафайлаш | |
1990 шарахь дуьйна, хин чу хецначул тӀаьхьа, хӀурдкема лаьттина Николаевн хӀурдкеманашдаран заводан кертахь дина даланза.
Конструкци
бӀаьра нисйанСерина коьртера хӀурдкеманах «Москох» крейсер-кеманаш къаьсташ, цуьнан хила безара хийцина радиоэлектронан гӀирс, туьнкалган конструкци, киранан а, шлюпан а гӀирс латтар.
Герз
бӀаьра нисйанХӀурдкеманна тӀехӀоттийна йуккъера радиусаехь болх бен зенитан ракетийн комплекс C-300Ф «Форт», иза латтан тӀехь лелочу С-300П системин хӀордан вариант йу. Цул сов, борт тӀехӀиттийна 16 дӀахоьцу хӀурдкеманашна туху «ТӀаплам» ракеташ (шеш ракеташ кеманна тӀехь дац), йалх гӀад долу 30-мм АК-630 ПУС «Вымпелца» йоккха тоьпийн 3 батарей йу, 2 пхи биргӀа йолу торпедин аппарат, 130-мм йолу коьрта калибран артиллерин системаш, кхин дуккха а. Талла а, туху герз нисдан а ду беркема[1].
Дар
бӀаьра нисйан«Флотан адмирал Лобов» ракетийн крейсер-кеманан проект кечйира Къилбаседа конструкторийн бюрос Ленинградехь.
1984 шеран аьхка кема дан долийра Николаевн кеманаш даран 61 коммунаран цӀарахь йолчу заводехь Николаевхь ССРС ТӀеман-хӀордан флото заказ дарца.
1990 шеран 11 августехь крейсер-кема хин чухийцира.
1993 шеран 1 октябрехь 75 % крейсер-кема даьлла а долуш РФ ТӀХӀФ йукъара ара а даьккхина Украинина доладелира.
1994 шарахь кеманна экипаж кхоьллира, амма ахча ца хиларна крейсер-кема дар сацийра.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Ракетный крейсер «Украина» готов принять туристов(ТӀе цакхочу хьажорг) // Киевский ТелеграфЪ