Фаддеев, Дмитрий Константинович

Фадде́ев Дми́трий Константи́нович (вина 1907 шеран 17 [30] июнехь, Юхновхь, Смоленскан губерни — велла 1989 шеран 20 октябрехь, Ленинградехь) — советийн математик, ССРС Ӏилманийн академин корреспондент-декъахо (1964), профессор. ССРС Пачхьалкхан совгӀатан лауреат.

Фаддеев Дмитрий Константинович
оьрс. Дмитрий Константинович Фаддеев
Файл:Фаддеев Дмитрий Константинович.jpg
Бакъ цӀе оьрс. Дмитрий Константинович Фаддеев
Вина терахь 1907 шеран 17 (30) июнь[1]
Йина меттиг
Кхелхина терахь 1989 шеран 30 октябрь({{padleft:1989|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:30|2|0}})[2][3] (82 шо)
Кхелхина меттиг
Пачхьалкх
ГӀуллакхан тайпа математик, профессор
Ӏилманан кхоче математика
Белхан меттиг ССРС ӀА математикин В. А. Стекловн цӀарах институтан Ленинградан дакъа
Альма-матер Ленинградан университет
Ӏилманан дарж Ӏилманийн доктор
Ӏилманан цӀе ССРС ӀА корреспондент-декъашхо
Ӏилманан куьйгалхо Б. Н. Делоне
Дешархой С. А. Степанов
СовгӀаташ а, премеш а
Ленинан Орден — 1967 Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден — 1951 Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден — 1957 Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден — 1975
ССРС Пачхьалкхан совгӀат — 1981

1928 шарахь чекхйаьккхина Ленинградан университет (ЛПУ), 1944 шарахь дуьйна — ЛПУ профессор. 1920-гӀа шерашна йукъахь ЛПУ дешарца цхьаьна дийшира Ленинградан консерваторин композиторийн декъехь (курс чекх ца йаьккхира). 1934 шарахь дуьйна болх бира ССРС ӀА математикин институтехь, 1940 шарахь дуьйна — ССРС ӀА математикин В. А. Стекловн цӀарах институтан Ленинградан декъехь, куьйгалла дина алгебрин лабораторехь. 1952—1954 шерашкахь ЛПУ математикин-механикин факультет декан хилла. Йехачу заманахь алгебрин кафедрин куьйгалла дина, цул тӀаьхьа куьйгалла дина ЛПУ математикин-механикин факультетан математикин декъан.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан
  1. http://www.mi-ras.ru/index.php?c=inmemoriapage&id=21745
  2. Архив по истории математики Мактьютор — 1994.
  3. http://www.mathnet.ru/php/archive.phtml?wshow=paper&jrnid=vmj&paperid=49 — С. 4.
  4. Фаддеев Дмитрий Константинович // Большая советская энциклопедия: [в 30 т.] / под ред. А. М. Прохоров — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.