Фасикъ
Фа́сикъ (Ӏаьр. فاسق) я джа́хIир я песакъ — исламан парзаш ца лелош къинош дийриг а, боьханиг а. Фасикъаш исламах дIахаьдда ца лору, амма цара лелориг мегаш дац бусалбанийн гIиллакхца. Фасикъех дуьйцу Къуръанан масех аятехь[1].
- Хьал
Фасикъа гуттаренна а къинош летадо, амма иза кхеташ хуьлу ша лелориг Делан законан дуьхьала дуй, иза харц а ца до цуо. Суннийш лору иштта нах бусалба, цара шеш динара арадевлла нахана юкъахь аллалц. Хариджийш лорура уьш дин дитиначех (кафир), беллачул тIаьхьа жоьжахате (джахIаннам) кхочур хилар а. Мутазилийш лору, фасикъаш иманан дозанехь лаьтташ хилар (аль-манзиляту байн аль-манзилятайн)[2].
Сий ма дайа вовшен вон луьйш, ма ала вовшешна вон, халахетийтур долу цIераш. Мел чIогIа вон ду стаган цIена вац алар, иза иман чу веана а волуш. Ткъа АллахIа шен дихкинарг дуьтуш воцург, шеца а, кхечаьрца а харцо лелош ву. Цуо шена а, кхечарна а ма до зулам.
وَلَا تَلْمِزُوا أَنْفُسَكُمْ وَلَا تَنَابَزُوا بِالْأَلْقَابِ ۖ بِئْسَ الِاسْمُ الْفُسُوقُ بَعْدَ الْإِيمَانِ ۚ وَمَنْ لَمْ يَتُبْ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ
- Бакъонаш
Фасикъан бакъо йац шен бахаман бен. Цунна бакъо ю зуда яло, барт бан, амма цуьнан бартхойн бакъо ю барт чIагIбеш шахIадат даладайта. Фасикъаш ца хIиттабо административан а, харжаман а даржашка. Иза хила тарло верас, нагахь весет деш волчунна (василь)[3] лаам белахь. Исламан бакъонехь (фикх) фасикъийн тешалла тIеоьцуш дац[2].
- Дохковалар
Фасикъ фасикъ ца ларийта, цуо товба дан деза, каффарат дала деза, дегIан цIано ян еза (тахьарат), ша дика бусалба хила а веза[3]. Нагахь АллахIа фасикъашна геч ца дахь уьш жоьжахате гIур бу, амма церан Iазап лан атта хир ду АллахIах ца тешаш болчерачул[2].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 49:6 </noinclude>Къуръан
- ↑ 1 2 3 Али-заде, 2007.
- ↑ 1 2 Ислам: ЭС, 1991, с. 252.
Литература
бӀаьра нисйан- Боголюбов А. С. Фасик // Ислам: энциклопедический словарь / отв. ред. С. М. Прозоров. — М. : Наука, ГРВЛ, 1991. — С. 252.
- Али-заде А. А. Фасикъ : [арх. 1 октябрехь 2011] // Исламский энциклопедический словарь. — М. : Ансар, 2007. — 400 с. — (Золотой фонд исламской мысли). — ISBN 5-98443-025-8.
ХӀара исламах лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |