Джон Фастольф (инг. John Fastolf; 1378 гергга — 1459 шеран 5 ноябрехь) — БӀешеран тӀеман заманара ингалсан полкан баьчча, Шекспир Уильяман пьесехь Фальстафан сурт ловзош волу.

Джон Фастольф
инг. John Fastolf
ГӀуллакхан тайпа эскархо
Вина терахь 1380 шеран 6 ноябрь[1]
Вина меттиг Норфолк, Малхбален Ингалс, Ингалс
Кхелхина терахь 1459 шеран 5 ноябрь({{padleft:1459|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (78 шо)
Кхелхина меттиг Ингалс пачхьалкхалла
Викилармин логотип Джон Фастольф Викилармехь
 
Джон Фастольфан хӀаст

Джон Фастольф вара Норфолкан джентрин Джон Фастольфан кӀант. 14051406 шерашкахь Ирландехь эскаран гӀуллакхехь вара граф Ланкастеран Томасца. Цуо дийцарехь, къуона волуш зиярте хӀотта вахана Къудс-ГӀала. Аьттонца зуда йалийна 1408 шарахь, боккхачу бахаман да хилира.

1413 шарахь иза гӀуллакхехь вара Гасконехь, 1415—1439 шерашкахь — Къилбаседа Францехь паччахьан Генриха V-гӀачун а, цуьнан вешин герцоган Бедфордан а байракх кӀелахь.

1415 шарахь цуо дакъалецира Арфлёр гуолацарехь, амма човйинчул тӀаьхьа цӀавирзира, иза бахьнехь дакъа лоцийла ца хилира ингалсаш толам боккхучу Азенкур йоккхачу тӀамехь. 1415—1416 шерашкарчу Ӏай иза йухавирзира Арфлёре, гӀала французех ларйархьама. 1415 шеран ноябрехь Фастольф куьйгалле хӀоттийра ингалсан тобана Руан гуонаха рейд йеш. Вернелерчу тӀамехь гӀараваьлла тутмакх лацарна йелира рыцаран титул а, Францехь лаьттан дакъа а.

Джон Фастольф герцоган Бедфордан кертан гофмейстеран гӀуллакхехь а вара, Мэн а, Анжу а провинцешкахь урхалча а вара. 1426 шеран февралехь иза хилира оцу хенахь чӀогӀа сийлахь йолчу Хьалаолларан орденан кавалер. 1428 шарахь иза Ингалсе цӀавахара, амма йуха шолгӀачу шарахь йухавеира тӀаме, 1429 шеран 12 февралехь «Селёдкийн тӀамехь» хӀаллакбира французаш а, церан шотландин бартхой а.

Орлеанан гуо лаьцначу хенахь иза сийлаллийна а, гӀараваларна а айбина вара. Даккхий тӀеман хьуьнарш бахьнехь иза кховдийра Дешийн Кхекхан ордене, амма кандидатура дӀайаьккхира 1429 шарахь, дукхах дерг иза доьзна дара ингалсаш Орлеанехь иэшарца. 18 июнехь ингалсан эскар бӀаьччий Фастольф а, Тальбот а волуш хӀаллакбира французаша Патэн тӀамехь. Цул тӀаьхьа иза йукъараваьккхира Хьалаолларан орденан йукъара, амма масех шо даьлчи йуха меттахӀоттийра, кхин дӀа гӀуллакх дира ингалсан тажан. Францехь волчу хенахь цунна барон титул йелира.

Фастольф кхааннах цхьа бӀаьччи вара, шен берриг ницкъ, ингалсашна аьттонза болу тӀом сийца чекхбаккха гӀиртинчех. 1440 шарахь Фастольф даймахка цӀехьавирзира, амма цунах болу къийсамаш совцуш бацара, тӀаккха 1451 шарахь Джек Кэдан гӀаттам болучу хенахь Фастольф халкъо бехке вира Францехь ингалсан эскаран ца хиллачу аьттонна. Джон Фастольф велира 1459 шеран 5 ноябрехь Кэйстер-он-Си гӀалахь.

Фастольф баьчча санна гӀараваьлла цаӀара, гӀарайелира дешаран гӀуллакххо санна а: цуо белира дукха бахам Кембриджан университетехь философин ишколаш яхкийта.

Литература

бӀаьра нисйан
  1. John Fastolf // (unspecified title) (инг.)