Мануэль Агустин Флейтас Солич (испан. Manuel Agustin Fleitas Solich; 1900 30 декабрь [2], Асунсьон 1984 24 март, Рио-де-Жанейро) — парагвайн футболист, ахтурсло. Карьера чекхйаьккхинчул тӀаьхьа аьттонца тренер болх бира. Солич — дозанал арахьа левзина дуьххьарлера парагвайн футболист ву.

Футбол
Солич Мануэль
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Мануэль Агустин Флейтас Солич
Вина терахь 1900 шеран 30 декабрь({{padleft:1900|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:30|2|0}})[1]
Вина меттиг Асунсьон, Парагвай
Кхелхина терахь 1984 шеран 24 март({{padleft:1984|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:24|2|0}}) (83 шо)
Кхелхина меттиг Рио-де-Жанейро, Бразили
Гражданалла Парагвайн байракх Парагвай
Локхалла 193 см
Позици ахтурсло
Клубан карьера[* 1]
1918—1926 Парагвайн байракх (1842—1954) Насьональ (Асунсьон)
1927—1931 Аргентинин байракх (1812—1985) Бока Хуниорс 99 (15)
1931 Аргентинин байракх (1812—1985) Расинг (Авельянеда) 3 (0)
1932—1933 Аргентинин байракх (1812—1985) Платенсе 10 (2)
1933 Аргентинин байракх (1812—1985) Тальерес (Кордова)
1936 Аргентинин байракх (1812—1985) Бока Хуниорс 17 (2)
1936 Аргентинин байракх (1812—1985) Архентинос Хуниорс 1 (0)
Тренеран карьера
1922—1929 Парагвайн байракх (1842—1954) Парагвай ловза тренер
1932—1933 Аргентинин байракх (1812—1985) Ланус
1933—1935 Аргентинин байракх (1812—1985) Кильмес
1935 Аргентинин байракх (1812—1985) Ньюэллс Олд Бойз
1936 Аргентинин байракх (1812—1985) Тальерес (Кордова)
1937 Аргентинин байракх (1812—1985) Ланус
1937—1938 Парагвайн байракх (1842—1954) Насьональ (Асунсьон)
1939 Парагвайн байракх (1842—1954) Парагвай
1940—1941 Парагвайн байракх (1842—1954) Ривер Плейт (Асунсьон)
1942 Парагвайн байракх (1842—1954) Олимпия (Асунсьон)
1942 Парагвайн байракх (1842—1954) Парагвай
1943—1944 Парагвайн байракх (1842—1954) Либертад
1944—1945 Аргентинин байракх (1812—1985) Ньюэллс Олд Бойз
1945—1946 Парагвайн байракх (1842—1954) Парагвай
1946 Аргентинин байракх (1812—1985) Ланус
1947 Аргентинин байракх (1812—1985) Кильмес
1949—1953 Парагвайн байракх (1842—1954) Парагвай
1953—1957 Бразилин байракх (1889—1960) Фламенго
1958—1959 Бразилин байракх (1889—1960) Фламенго
1959—1960 Байракх Испанин (1945—1977) Реал Мадрид
1960—1962 Бразилин байракх (1960—1968) Фламенго
1962 Бразилин байракх (1960—1968) Коринтианс
1963—1964 Бразилин байракх (1960—1968) Флуминенсе
1964 Перун байракх Перу
1966 Бразилин байракх (1960—1968) Палмейрас
1967—1968 Бразилин байракх (1968—1992) Атлетико Минейро
1970—1971 Бразилин байракх (1968—1992) Баия
1971 Бразилин байракх (1968—1992) Фламенго
1983—1984 Перун байракх Перу
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Футболистан карьера нисйе бӀаьра

Мануэль Солич вина гӀараваьллачу парагвайн журналистан доьзалехь. Цуо йолийра шен карьера 17 шо долуш Асунсьонера «Насьональ» клубехь. Оцу клубехь Флейтаса йаьккхира шиъ Парагвайн чемпионат, 1924 а, 1926 а шерашкахь.

1927 шарахь Солич дехьавелира аргентинин клубе «Бока Хуниорсе», цунах хилира Парагвайн дозанал арахьа левзина дуьххьарлера парагвайхо. Солич левзира «Бокехь» 99 матч, чутуьйхира 15 буьрка. «Бокас» шен хьалхара Аргентинин профессионалан чемпионат йаьккхинчу 1930 шарахь, Мануэль чӀогӀа лазийра (каггийра ког), цунна дарба лелийра йехачу хенахь.

1931 шарахь Солич йитира «Бока Хуниорс» (лазийначул тӀаьхьа клубехь цхьан а матч ца ловзуш), дехьавелира кхечу аргентинан клубе «Расинге», цигахь кхузза бен ца левзира. Цигара Солич дехьавелира «Платенсе» клубе, цигахь левзира 10 матчехь, 2 буьрка а туьйхира.

Солича карьера чекхйаьккхира 1936 шарахь «Бокехь», цига йухавеира масех аргентинин командан тренер хиллачул тӀаьхьа, «Бокин» йукъахь шен тӀаьххьарчу футболан шарахь Солич левзира 17 матчехь, туьйхира 2 гол.

Парагвайн гулйина командехь Соличан дебют хилира 1919 шарахь, Парагвайн коьрта командехь левзира 8 шарахь, 32 матчехь, туьйхира 3 гол[3]. Масех матчехь Солича Парагвай арен йукъайаьккхира капитанан бехчалгца. 1926 шеран Америкин чемпионатехь Солич вара ловзуш волу къоман командин тренер.

Тренеран карьера нисйе бӀаьра

Футболан карьера чекхйаьллачул тӀаьхьа Солича тренер болх бира. Уггаре аьтту болуш цуьнан тренеран постера гӀуллакх дӀадахара 1947 шарахь Парагвайн гулйина команда Къилба Америкин чемпионатан финале йаьлчи а, изза турнир 1953 шарахь йаьккхича а, иза хилира парагвайн къоман командин дуьххьарлера толам оцу турнирехь.

Солич дукха болх бира Бразилехь мехкан коьртачу командашца, масала, цуьнан куьйгаллица, «Фламенгос» кхузза йаьккхира Рион чемпионат.

Билгалвелира Солич Европехь а, мадридан «Реалан» тренер волуш.

Тренер хилира Солич аргентинин командашкахь а, ткъа иштта Перун гулйина командехь а, шен хьомен клубехь — «Насьоналехь» а.

Кхиамаш нисйе бӀаьра

Ловзархочун нисйе бӀаьра

Тренеран нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Manuel Fleitas Solich † // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  2. Кхечу хаамашца 1901
  3. Paraguay - Record International Players

Хьажоргаш нисйе бӀаьра