Флоресийн адам
Флоресийн адам (лат. Homo floresiensis) — адамийн гипотетийн маьӀданан (ископаеми) кегий васташ ю. Флоресийн адаман жима дегӀ долу дера цунах иштта «хоббит» а олу. Homo floresiensis дакъа карийна 2003 шарахь Индонезехь (Флорес остров, Лианг-Буа хьех), цигахь карийна 13—95 эзар шерашкахь дийна йисина цхьайолу даьӀахкаш.
ДӀаделлар а, цӀе а
бӀаьра нисйанФлоресийн адаман дакъа карийна хилла дуьххьара 2003 шарахь, Индонезехь. Майк Морвуд австралиеца а, Панджит Суджоно индонезиеца а куьйгалла деш экспедици Лианг-Буа хьех чохь болх беш яра, 2001 шарахь малхбузехьарчу гӀайренаца.