Франкофони (кхоллам)

ХӀокху версин 7 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2022, 2 январь).

Франкофо́ни (фр. La Francophonie) — дуьненан мехкийн франкометтан цхьаьна гӀуллакхдаран дуьненайукъара кхоллам. Цхьаьнатуху дуьненан тайп-тайпана пачхьалкхийн я пачхьалкхийн дакъойн векал волу 58 декъахо, ткъа иштта 26 тергонча[2]. Кхолламан юкъавахаран коьрта хьесап оцу я кхечу пачхьалкхан бахархошна французийн мотт хааран тӀегӀа ца лору (делахь а иза дика лору), ткъа лору Францица йолу иттаннаш шерашкахь а, бӀешерашкахь а хӀиттина оьздангаллин уьйранаш. Иштта, масала, Эрмалойчоь оцу кхолламан декъахо ю, ткъа Украина а, Балтикайист а ю Франкофонин декъахо. ХӀинцалерачу кепехь Франкофони ю 1970 шарахь дуьйна. Кхолламан девиз ю французийн сийлахь-баккхийчу наха аьлларг «Нийсалла, вовшен тӀедузар, дакъа кхачар» (фр. «égalité, complémentarité, solidarité»)[3].

Франкофони
Франкофони (2018)
Дакъалла 58 пачхьалкх-декъахо
3 ассоци йина декъахо
26 тергонча (ерриг: 84)
Штаб-квартира Париж, Франци
Организацин тайпа дуьненайукъара правительствошна йукъара кхоллам
Официалан мотт французийн
Куьйгалхой
Кхочушдаран секретарь Луиз Мушикивабо
Кхоьллар
1970 шо 1970 шеран 20 март[1]
francophonie.org(франц.)
francophonie.org/…(ингалс.)
francophonie.org/…(испан.)
francophonie.org/…(Ӏаьр.)
francophonie.org/…(порт.)
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Французийн хилла колонеш, хӀордал дехьара мехкаш, доминионаш
Французийн мотт дуьненахь
ТаьӀна-сийна: ненан мотт;
Сийна: администрацин мотт;
Айсина: оьздангаллин мотт;
баьццара: франкометтан кӀезигбарш

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Idrissa A. Historical Dictionary of Niger (инг.)Rowman & Littlefield, 2020. — P. 379. — ISBN 978-1-5381-2014-9
  2. 80 États et gouverneents (фр.). Organisation international de francofonie. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 27 март.
  3. Посол Франции в Украине прочел лекцию студентам Одесского университета Архивйина 2014-03-16 — Wayback Machine Пресс-служба ОНУ имени И. И. Мечникова

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Кеп:Францин хӀордал дехьара экспанси